Нохчийчохь 8 етт лачкъийна стаг къарвала тIевеана полице
Ша 8 етт лачкъорна бехкалвахана стаг тIевеана Хьалха-МартантIерчу полицин белхахошна. Иза ву 21 шо долу меттигера вахархо.
Оцу жимачу стага даре дарехь, кху шеран Оханан-баттахь Хьалха-Мартан йистехь бежаш хилла 8 етт лачкъийна дIабигина цо, шен долабаккха дагахь. Оцу бежнех кхин дIа хилларг дуьйцуш дац.
Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Нохчийчуьрчу урхаллан зорбан сервисо бинчу хаамца, оцу стага динарг зулам лоруш ду Оьрсийчоьнан криминалан кодексо.
Полицо болийна таллам.