Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Апрель
2019

Новости за 22.04.2019

Украинехь маьршаваьккхина Оьрсийчоьно дIавоьхуш хилла нохчо

Radiomarsho.com 

Нохчийчйчуьра схьаваьлла Илаев Ахьмад маьршаваьккхина Харьковерчу талламан изоляторера. Цунах лаьцна хаам бина "Вайфонд" тобано, Украинерчу жигархочунна Кожушко Николайна тIе а тевжаш. Илаев дIавоьхуш яра Украинерчу Iедалшка Оьрсийчоьнан талламан комитет. Иза лецира Украинерчу Харков областан Лозовски кIоштахь криминалан полицино. Мичахь ву а къастийна, лаьцна Оьрсийчохь 5 стаг верна бехке лоруш волу 32 шо долу Нохчийчохь вина стаг, хаам бира цу пачхьалкхан къоман полицино шен сайтана тIехь. ... Читать дальше...

Мисара - Магас: Экстремисташ багар ца бало Евкуровга

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека бахарехь, Мисарахь лецна студенташ цига дай-наношна а ца хууш бахана, ткъа ницкъхойн тидаме эгна "экстремизм хьоьхучу маьждигашка деша леларна". Гергарчарна ца карош висина Дугиев Хизар тIаме бига нах лехьориг вара, аьлла Евкуровс. Оцу доллучу къамело дарбина вайначу а, лаьцна латточу веа кIентан а гергарнаш. 2018-чу шеран Марсхьокху-баттахь лийцира КъахIирехь Оьрсийчуьра деша бахана кегийнах. ДIахийцира царех цхьаберш, ткъа пхеа гIалгIачух хилларг къайленехь лаьттира дехха. Читать дальше...

Ненан меттан де даздан кечлуш ю Нохчийчоь

Radiomarsho.com 

Оханан-беттан 25-чу дийнахь нохчийн меттан де даздан кечлуш ю Нохчийчоь. "Нохчийчоь тахана" агенталло хаам барехь, цуьнца доьзна цхьамогIа мероприятеш хир ю республикерчу гIаланашкахь а, ярташкахь а.  Соьлж-ГIалахь коьрта даздарш хир ду Шахбулатовн цIарх йолхчу пачхьалкхан филармонехь. Цуьнан гIиршлонна хьалха дIахур бу цхьацца нохчийн халкъан дахарца боьзна гайтамаш.   Сарахь Х. Нурадиловн цIарх йолчу нохчийн пачхьалкхан драмийн театро гойтур ю «Нохчийн маттахь, нохчийн махкахь – III дакъа» спектакль.



ГIуданаш такха ахча гулдеш бу ГIалгIайчуьра жигархой

Radiomarsho.com 

Зазадоккху-беттан 26-чу а, 27-чу а деношкахь Магасехь хиллачу дуьхьалонан акцешкахь низам дохорна тоьхна гIуданаш такха а, адвокаташна дала а ахча гулдан йолаелла ГIалгIайчохь жигархойн тоба. Цунах лаьцна хаама бо "Кавказ.Реалиино", гIалгIайн жигархочун Матиева Анжелина тIе а тевжаш. Матиевас дийцарехь, митинган жигархойн дукхахаболу адвокаташ болх беш бу мехаза, амма гIалгIайн юкъаралла дагахь ю кхелан кхеташонашка Москох беха адвокаташ кхайкха. Цундела царна дала ахча оьшур ду шайна, боху цо. Читать дальше...

5 шо долу бер хи чу дахана Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Бохам хилла Нохчийчуьрчу Теркйистехь ЧIуьлга-Юьртана гергахь, яздо "Нохчийчоь тахана" агенталло. 5 шо долу кIант Iома йистехь ловзуш хилла шен нийсархо волчу шичица. Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Нохчийчуьрчу урхаллан зорбан сервисо бинчу хаамца, цIеххьана иза хи чувахана бердан йисте еана гIаж схьаэца дагахь чукховдар бахьана долуш. Хилларг толлуш бу Нохчийчуьрчу Талламан комитетан урхаллан белхахой.

КIезиг хан тухург - 320 эзар сом

Radiomarsho.com 

Ша наркотикаш йоьхкина яц, шеца харцо лелайо, чIагIдо набахте хьажийначу нохчочо Волгоградна гергахь веха Исмаилов Рустам, 10 шо хан а тоьхна, Карелерчу набахте дIавигина. Бехк тIеоьцуьйтуш ницкъ бина шена, ша бехке вац, бехира цо кхелехь… Дац цуьнан 23 шо бен. Рустаман доьзалехь видео ю – уллехь тешаш а боцуш хьаьвсина полисхой церан цIийнах. Лулахойн хIусам ларъечу видеокамеро гайтина лелларг. Амма хьалхарчу кхеланна резабоцучийн арз талла гулъеллачу кхело тIе ца эцна видео, ца лиина цуьнга хьажа. Читать дальше...

ПIаьнгазахь полисхошна тIелатар талла долийна Гуьржийчохь

Radiomarsho.com 

Гуьржийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло таллам болийна ПIаьнгаза чIожехь полицин белхахошна тIелатар дар а, тасадаларш дIадоьлхуш леррина техника йохор а хьокъехь, яздо Маршо Радион  "Эхо Кавказа" редакцино. Министралло динча дIахьедарца, цу чIожехь тоькан станци яр юхадIадолош хиларца доьзна цига хьажийна хилла Кахетин регионера 35 полисхо. Дийцарехь, меттигера бахархой тIелетта полисхошна, тIулгаш а детташ, ткъа цул тIаьхьа цига хьажийна хилла кхин а полицин ницкъаш. ПIаьнгазехь хиллачу тасадаларшкахь лазийна ву 55 стаг ... Читать дальше...

Оьрсийчуьрчу демографин рейтингехь 3-чу меттехь ю Нохчийчоь

Radiomarsho.com 

Керлачу демографин рейтингехь Оьрсийчохь хьалхара кхо меттиг дIалаьцна Севастополь гIалано а (Оьрсийчоьно анннекси йинчу Украинин ГIирмера гIала. - Ред.), ГIалгIайчоьно а, Нохчийчоьно а, хаам бо РИА Новости агенталло. Иштта, Севастополехь тIаьхьарчу 3 шарахь бахархойн терахь алсамдаьлла 6,46%. ШолгIачу меттехь ю ГIалгIайчоь 5,2%. КхоалгIа меттиг дIалаьцна бахархойн терахь 4,5% тIекхеттачу Нохчийчоьно. Бахархой алсамбаларан рейтингехь цул сов лаккхара терахьаш гайтина Тюменан а (4,41%), Ленинградан а (3,88%), Москох а (3,84%) кIошташа. Читать дальше...



Украинин президентан харжамашкахь тоьлуш ву Зеленский

Radiomarsho.com 

Украинин коьртачу харжамийн комиссино бинчу хаамца, президентан харжамийн шолгIачу муьрехь 90 процент бюллетенаш дагардинчул тIаьхьа толам боккхуш ву 73 процент кхаьжнаш гулдина Зеленский Владимир. Цуьнан дуьхьалчана карарчу хенахь цу мехкан куьйгалхочунна Порошенко Петрона шайн кхьжнаш дIаделла 24,5 процент харжамхоша. И жамIаш догIуш ду кхажтасар дIадирзинчул тIаьхьа Къоман экзитполо далийначаьрца. Зеленскийс санна лакхара жамI гайтина Украинерчу президентан харжамашкахь и пачхьалкх йозуш йоцуш хиллачул тIаьхьа.

Ткъа сов стаг лазийна Паьнказарчу девнехь

Radiomarsho.com 

Гуьржийчоьнан Паьнказарчу Алазани хи тIехь гидростанци ца йиллийта гIевттина бахархой а, уьш дIасалахка еъначу полициний летта вовшех. Лазийна 15 полисхо а, 12 протестхо а, хаамбо гуьржийн прессехь.

Полицино лаьцна Магасехь Зазадоккху-беттан 26-хь хиллачу митинган декъашхо

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчуьрчу полицино лаьцна референдумех лаьцначу низамна тIехь хийцамаш барна дуьхьал цу республикан коьртачу гIалахь Магасехь хиллачу митинган декъашхо Хамхоев Зубейра. Цунна бехке дуьллуш ду Зазадоккху-беттан 27-чохь Iуьйранна полицица хиллачу тасадаларшкахь дакъалацар. Цунах лаьцна хаам бо "Кавказ.Реалиино", "Медиазона" сайтана тIе а тевжаш. Зазадоккху-беттан 26-чу дийнахь Магасехь, Iедалша бакъо а елла, митинг хилира референдумех лаьцначу низамна тIехь хийцамаш барна дуьхьал. Цу хийцамашца а догIуш... Читать дальше...

Зеленский декъалвина Кадыровс

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана декъалвина Зеленский Владимир, Украинин президентан харжамашкахь толам баккхарца. "Зеленский Владимиран аьтто хуьлийла лаьа Украина денъярна а, Украинин а, Оьрсийчоьнан а халкъаш цхьаьнакхетарна а тIехьажийначу дикачу гIуллакхашкахула", - яздина цо шен  Telegram-каналехь. ДIадаханчу кIиранан дийнахь, Оханан-беттан 21-хь, шолгIа мур хилла Украинин президентан харжамашкахь. Экзит-полаша гайтарехь, Зеленский тоьлла. Цо толам баккхарна къера хилла цуьнан дуьхьалонча... Читать дальше...

Iедал юхадаьлла - ПIаьнгазахь ГЭС йийр ю 90% бахархой реза хилахь

Radiomarsho.com 

Гуьржийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министро Гахария Георгийс кхайкхам бина ПIаьнгазарчу бахархошка, синтеме хилахьара аьлла. Цо дIахьедар дина, цигахь ток йоккху станци юьллур ю, нагахь цунна реза 90 процент бахархой хилахь аьлла, хаам бо "Грузия-онлайн" сайто. Биркиани эвлан йистехь жима электростанци йиллар дIадоло дезаш дара кIиранан дийнахь, Оханан-беттан 21-хь. Меттигера бахархой синтем байна бу ГЭС йилларо вочу агIор тIеIаткъам бийр бу чIожерчу Iаламна бохуш, ткъа и бахьана долуш шайн хIусамаш... Читать дальше...

Спорт в России и мире
Москва

Учитель из Бутово стала «Гуру физкультуры»


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
WTA

WTA озвучила Елене Рыбакиной условия для становления второй ракеткой мира


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Huawei представила IDS на 26-м Всемирном энергетическом конгрессе





Путин в России и мире
Москва

Путин поручил сократить время пути поездов от Москвы до Черноморья до 16 часов


Лукашенко в Беларуси и мире



123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире

Навальный в России и мире
Москва

Дух разделения в Святой Руси, или Можно ли лишиться сана за отпевание Навального*



Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



НОПРИЗ

В Москве наградили победителей Международного профессионального конкурса НОПРИЗ на лучший проект – 2023



Москва

Офицер Росгвардии рассказала о своем хобби, которое превратилось в образ жизни

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net