Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Апрель
2019

Новости за 06.04.2019

ГIебарта-Балкхаройчохь карийна Нохчийчохь лачкъийна машен

Radiomarsho.com 

Хьалхо Нохчийчохь лачкъийна машен хааелла ГIебарта-Балкхаройчохь. Республикан Зольскан кIоштарчу "Малка" олучу постехь кехаташка хьовса полисхоша сацийнера 29 шо долчу Соьлжа-ГIаларчу вахархочо урхалла ден автомобиль. Машен лехамашкахь хилар гучудаьлла ницкъахошна. Полисхойн талламашца, кху шеран Зазадоккху-баттахь лачкъийна аьлла, бехкзуламан гIуллакх а диллина, лехамашка елла хилла и машен Нохчийчохь. Карарчу хенахь машенан урхалхо дIалаьцна. Талламаш болийна оцу гIуллакхна гонах, яздо гIебартойн "Регион Онлайн" хьостано.

ГIиргIазойчоьнан муфтиято шайн бахархошна дихкина пластикан операцеш яр

Radiomarsho.com 

ГIиргIазойчоьнан муфтиято кхо фетва тIеэцна шоьтадийнахь веб-машин маркетингех а, платикан операцех а, вакцинацех а. Динан урхаллан сайтехь Iорадаккхарца, лоьмар 5 йолчу фетвано доьхку ГIиргIазойчоьнан бахархошна веб-машин маркетинг лелор: шарIан барамашца йогIуш яц и бизнес. Лоьмар 6 йолчу фетвано магор дац бусулбачунна могушаллица йоьзна йоцу пластикан операци яйта. "ШарIо могуьйту дуьненчу волуш дегIаца хилла сакхт дIанисдархьама операцеш яйтар. Нагахь бух болу бахьана доцуш, хазаллина аьлла... Читать дальше...

ГIалгIайн 8 жигархо Нальчикерчу изоляторчохь вуьтуш ву

Radiomarsho.com 

Нальчик гIалин кхелан сацамца таламан изолятор чохь (СИЗО) вуьтуш ву ГIалгIайчуьра 8 жигархо, хаамбо "Медиазона" хьостано, адвоката Абубакаров Мохьмада динчу дIахьедар тIехь. Зуламан Кодексан 318-чу артиклца протесташкахь "Iедалхошна дуьхьалоярна" бехкебина уьш. Лецна буьтурш бу: кегийрхойн организацин куьйгалхо Хаутиев Багаудин а, протестхой Добриев Абу а, Хамхоев Гелани а, Хамхоев Мохьмад а, Мужахоев ИбрехIим а, Ажигов Адам а, Барахоев Ваха а, Осканов Iамир а. 9-гIа Дзауров Хаваж кхи а 72 сахьтана чохь вуьтуш, дIаяхйина хан.



Хьиджаб лелочу зудаберех информаци гулъяр тIедожийна гIезалойн чоьхьарчу гIуллакхийн министралло

Radiomarsho.com 

ГIезалойчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан кхиазхойн гIуллакхашкахула йолчу декъо документ Iорадаьккхина, "тIех сов динна чубоьллачу, хьиджабаш лелочу доьзалех материалаш кхачае" шайга аьлла. Чоьхьарчу гIуллакхийн декъан куьйгалхочо Сабирзянова Венерас яздо, балхаца доьзна и информаци оьшуш хиларх. Ишта цо доьху, шайга кхачочу материлашкахь билгалдаккхар "маца дуьйна динехь лела буьйлабелла уьш, мича хенара схьа дуьйна лелош ю хьиджаб а" аьлла. Мордоверчу гIажарой бехачу эвлахь зудаберашка... Читать дальше...

ТIеман полицин батальон юхайирзина Шемара

Radiomarsho.com 

Кхилбаседан тIеман гонийн (ЮВО) полицин батальон Шемара юхаеана ша даим а куп тоьхначу Нохчийчу. ТАСС агенталле бина и хаам ЮВО-н пресс-гIуллакххойн куьйгалхочо Астафьев Вадима. "Нохчийчуьрчу полкан дозан тIехь йоккха митинг дIаяьхьира Шемара цIайирзинчу батальонан сийдеш", - аьлла Астафьевс. ТIеман полисхошна баркаллица дешнаш аьлла дуьхьалбаьхкинчу лакхарчу хьаькамаша а, буьйранчаша а, Шемахь цара къонахалла а, доьналла а гайтарца доьзна.

ГIалгIайчуьра вахархо саготта ву шен кIантана дуьхьал гIуллакх долорна

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан Инарла прокуроре Чайка Юрийга а, омбудсмене Москалькова Татьяне а, президентехула йолчу адамийн бакъонийн Кхеташонан куьйгалхочуьнга Федотов Михаиле а кехат дахьийтина ГIалгIайчуьрчу вахархочо Добриев Руслана, шен 30 шо долу кIант Добриев Абу дIалацар хоуьйтуш. Iуьйранна 6 сахьт даьллачу хенахь шен воI доьзалца вехачу хIусам чу а лилхина, гIоьмаш тоьхна, иза дIавигина боху дас. ЦIийнах хьоьвсинчул тIаьхьа цу чуьра документаш а, оргтехника а дIаяьхьна ницкъахоша, Добриевс чIагIдарехь. Читать дальше...

Кадыров: Косовон байракх стадионехь латтор политикаца доьзна дацара

Radiomarsho.com 

Соьлжа-ГIаларчу "Ахмат Арена" стадионехь дIаоьллина Косово пачхьалкхан байракх  хиларх комментари йитина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Командан тобанхошлахь цигахь вина футболист ву, цундела латтош яра шаьш аьлла цо байракх. Косовон символика стадионехь латтор оцу бахьанашца ду, политикаца доьзна дац аьлла, тIечIагIдина Кадыровс. Оьрсийчоьнан йоллу позици ю Нохчийчоьнан а Косовох аьлла, тIетоьхна республикан куьйгалхочо. Лоруш йоцчу Косово Республикан байракх Соьлжа-ГIаларчу "Ахмат"... Читать дальше...

ФСБ-н директор лаьттина Ковалев Николай кхелхина

Radiomarsho.com 

ФСБ-н директор лаьттина, Пачхьалкхан думан депутат Ковалев Николай кхелхина аьлла, хаамбина "Единая Россия" фракцин куьйгалхочо Неверов Сергейс. 69 шо дара Ковален. "Бакъволу къийсамхо вара иза, массо а хIуман бала кхочуш стаг а вара. Дуккха а дика дагалецамаш битина цо", - яздина Неверовс цунах лаьцна Фейсбукерчу шен пена тIехь. 1994-1996-чу а шерашкахь ФСБ-н директоран гIовс лаьттира иза, 1996-чу шеран аьхка дуьйна 1998-чу шаре кхаччалц къайлахчу сервисийн директор вара. 1999-чу шарахь хаьржира иза Пачхьалкхан думан депутат.

Спорт в России и мире
Москва

Чемпион СССР по футболу Аркадий Николаев умер в 87 лет в Москве


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
WTA

Кудерметова выиграла турнир WTA в Штутгарте в парном разряде


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Компания ICDMC стала победителем престижной премии в сфере ЗОЖ – Green Awards 2023/24





Путин в России и мире
Москва

Транспортный коридор «Север-Юг» станет катализатором социального и экономического развития стран Евразии и глобального Юга


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Лукашенко пообещал потенциальным агрессорам ответ всеми видами оружия




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Ru24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире
Киев

Захарова: встречи по продвижению "формулы Зеленского" дают Киеву чувство вседозволенности


Навальный в России и мире


Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Булат Окуджава

В МХТ имени Чехова 8 и 9 мая пройдет концерт с песнями Булата Окуджавы



Москва

Режиссер Владимир Грамматиков: Важно помнить своих предков

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net