Нохчийн грамматика 3 минотехь (иссалгIа дарс, цIердешан меттигниг дожар)
БархI дожарх ворхIалгIаниг ду Меттигниг дожар
БархI дожарх ворхIалгIаниг ду Меттигниг дожар
Францерчу полисхой каро аьтто баьлла хIара бутт болалуш лачкъийна хилла 1 миллион доллар мах болу дашо чIург. 40 карат бриллиантца кечйина йолу иза дакъа ду Наполеон Бонапартан доьзалан тIаьхьенийн. Наполеон КхоалгIачун хIусамненан Евгениян паччахьан хIазарна чухIоттийна хилла и бриллиант. Наполеон КхалгIачуьнан тIаьхьенех волчу Наполеон Жан-Кристофа шен тIехьийзачу йоIанна фон Арко-Зиннеберг Олимпина иза яло дагахь мах бечу дийнахь елла хилла и чIург. Иза хилла цу шинан къовлаза йисинчу машена чохь болчу тIоьрмигчохь. Читать дальше...
Ахчанах дарба до ша, бохуш нах лебеш лелаш йолу Волшина Наталья цIе йолу зуда лаьцна Нохчийчохь. Цо зударийн Iехош хилла, шегахь тамашийна хьунарш ду бохуш. Волошинас дийцарехь, цу хьуьнарех пайда оьцуш цуьнга дархочун маре яха стаг а билгалваккхалуш хилла, массо а цамгарна дарба далуш а хилла. Дарбане сатуьйсучу наха ца кхоош ахча луш хилла цунна. «Грозный ТВ» телевизионо дийцарехь, харц дарбанча ехаш а, болх беш а ю Стааврополехь а, ГIалахь а. Ша дечун мехаш тIехь болуш хIоттийна кехат (прайслист) а хилла цо лелош. Читать дальше...
Нохчийчуьру ММА латархочун Имадаев Зелимна шакаш йиттина Iамеркерчу Атлантехь UFC 236 турнирехь. Цунах лаьцна яздо "Спорт Экспресс". Хьовсархоша реза боцуш гӀугӀ дарца тIеийцира цо шеца леташ волчу Iамеркахочунна хьалхара раунд дIайирзича оьзда йоцу ишар яр. Латар дIадирзинчул тIаьхьа Нурмагомедов Хьабибан а, Имадаев Зелиман а менеджер Iабдел-Iаьзиз Iела куьйге вахийта гIоьртира и шиъ. Амма цунах гIуллакх ца хилира. Имадаев дуьххьара дакъалоцуш вара UFC чемпионатехь. Иза дуьххьара шен каръерехь иийшира Атлантехь. Читать дальше...
Спецприемник олучу набахтехь хан а яьккхина, араволуш волу гIалгIайн дуьхьалонан боламан кхо жигархо юха а дIалаьцна Нальчикехь. Уьш бу кху беттан 3-чохь дуьйна набахтехь 10 де даьккхина Чемурзиев Барах а, Мальсагов Муса а, Барахоев Ахьмад а. ХIинца царна бехке дуьллуш ду ницкъаллин структурийн белхахошна ницкъ бар. ГIалгIайчоьнан коьртачу гIалахь Магасехь митинг хилира Нохчийчоьнца доза билгалдоккхуш шайн латта нохчашна дIаделла бохуш лелачу нехан. Иза шолгIачу дийнахь а дIаяхьа дагахь хилла... Читать дальше...
Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).
123ru.net — живые новости в прямом эфире!
В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.