123ru.net
World News in Chechen
Апрель
2019

Новости за 02.04.2019

Петарбухахь эккхийтар шаьш дина дац боху лецначара

Radiomarsho.com 

2017-чу шарахь Санкт-Петербургерчу метро чохь эккхийтар дина аьлла, бехкевинчу цхьайттанах иттамо бехк тIе ца лоцу. ТАСС агенталло бина и хаам, 11-гIа бехкала воьллинчун цIе а, цуьнан позици а ца юьйцуш. Кхеле хIоттийначарлахь ву теракт дина ву аьлла, шеконашца латтош волу Азимов Аброр а, зуламна юкъахь хилла лору кхи а 10 стаг а. Уьш бехкебо терроризмна а, бакъо йоцуш герз лелорна а. Оьрсийчохь йихкинчу "Катиба Таухид валь-Джихад" террорхойн организаци юкъахь хилар а ду царна ишта стохка аьхка дуьхьал даьккхина. Читать дальше...

Наьсарена гергахь протесташкахь хилла виъ жигархо дIалаьцна

Radiomarsho.com 

Чохь даккха итт дей, буьйсий хан кхачийна Магасан кхело Наьсаре чувуллучохь акци хIотторна бехкевинчу виъ жигархочунна. Кхин а шинна гIуданаш диттина. Маршо Радионо яздира, Iедалхошкара пурба а доцуш, Магасан майданахь Евкуров Юнус-Беке дарж охьадиллар тIедожийначу меттигерчу бахархоша митинг дIаяхъярх. Протестхой дIасабохо гIоьртинчу шолгIачу Iуьйранна тасадаларш хиллера гулбеллачийн полисхошца. ТIаьхьо оццу дийнахь бIе гергга стага Наьсаре богIу  "Кавказ" трасса дIалаьцнера. Некъ маьршабаьккхира... Читать дальше...

Да Винчи Леонардан "Спаситель мира" сурт дайна

Radiomarsho.com 

Исторехь уггар а деза лоручех, доларчу коллекцехь латтош хилла "Спаситель мира" да Винчи Леонардан сурт тидамера даьлла музейн а, исбаьхьалчийн а. The New York Times хьостано хаамбина дайначу суртах. Ишта яьккхина хьостано, хIинццалц къайленехь латтийна хилла, и сурт долчун цIе а.



"Ас дуккха диканаш дина пачхьалкханна, ткъа цо суна - хIумма а"

Radiomarsho.com 

Саламова Елена Нохчийчуьрчу бахархошна ца карабо белхаш, ткъа цхьаболучарна шайна а ца лаьа Iедална болх бан Официалехь дIаязбалаза белхаш бечийн процент уггаре дукха ю Нохчийчохь. Росстато (пачхьалкхан статистикан урхалло) гойту махкахь къинхьегамхойх 64% Iедална болх беш бацар. Базаршна, доларчу фирмашна вацар лоруш а дац Буьйцу болх бац Iедалан хьукматашкарниг, бу, луш алапа а долуш, иза къайла а ца хьош, наха шайн гергарчу, бевзачу нехан доларчу фирманашкахь бийриг. Ишта болх бечех "формалехь боцу къинхьегамхой" олу Iедало. Читать дальше...

Аутизм йолчу нехан терахь лакхадаьлла Оьрсийчохь

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу масех шерашкахь аутизм лазар долу нах шозза совбоьвлла Оьрсийчохь. Пачхьалкхан могушаллин министраллан зерашна тIе а тевжаш, "Новости" агенталло Iорадаккхарца, 2014-чу шарахь 13 897 стаг вара аутизм ю аьлла, чоьте эцна. Ткъа дахначу шеран терахьашца – 31 415 стаг хаавелла. Аутизман проблемех информаци яржош дуьненаюкъара де хилла дIахIоьттина Охан-беттан 2-гIа де.

Допинг лелорна дисквалификаци йина ММА-н латархочунна Магомедов Русланна

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан ийначу кепехь (ММА) латархочунна Магомедов Русланна гуттаренна а дисквалификаци йина Iамеркан антидопинган агенталлан низамаш хьешарна, хаамбина ТАСС агенталле спортхочун командан векалша. Кхаа допинг-тестех чекх ца ваьлла латархо. ТIаьххьара 2015-чу шарахь латархойн чемпионатехь дакъалаьцна ву Магомедов. Шен спортан карьерехь хиллачу кхаа чемпионатехь толамаш бехира цо.

Терроризман артиклашца 500 стагна таIзар дина Оьрсийчохь

Radiomarsho.com 

Терроризман кхайкхамаш барна а, террорхойн организацешкахь Iаморашкахь хиларна а, зуламан тобанашлахь дакъалацарна а, закъалтхой лецарна а Оьрсийчохь тIаьххьарчу эхашерачохь бехкевина 551 вахархо, яздо "Новости" агенталло, Лакхарчу кхелерчу Суьдхойн департаментан статистикех пайда а эцна. Департаментан зерашца, 2017-чу шарахь а, 2018-чу шеран хьалхарчу декъехь а "теракт" аьллачу артиклца кхел йина 39 стагна. Террорхой къастийначу набахтехь кхобучу омрана куьйгъяздира дахначу шарахь президенто Путин Владимира. Читать дальше...

Оьрсийн эпсарна 19 шо хан тоьхна Шемарчу даIишца хиларна

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан тIеман министраллан хиллачу эпсарна Хисамов Денисна набахтехь даккха 19 шо хан кхайкхийна Къилбаседа Кавказан тIеман кхело. Иза бехкево, Шемарчу тIемалойн куьпахь Iаморашкахь дакъалацарна а, "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхойн могIарехь хиларна а. ТIаьххьара шена дош делча, Хисамовс дехар дина, шега кхийдочу бехкашна ша гунахь цахиларна, бехказаваккхахьара аьлла. Кхелахойн сацамна латкъамбан Iалашо ю цуьнан адвокатийн.



"Массарна а хаьа со бехке воцийла"

Radiomarsho.com 

​Низамо лучу бакъонах пайда а оьцуш, хенал хьалха набахтера аравала йиш хир ю бакъоларъярхочун Титиев Оюбан кестта "Мемориал" центран Соьлж-ГIаларчу декъан куьйгалхочо Титиев Оюба шена Шеларчу кхело ши кIира хьалха хан тохар орзе цадаккха сацийна. Баккхийчу барамашкахь наркотикаш лелорна аттачу хьелашкахь колонехь даккха диъ шо кхайкхийна цунна кхелахочо Зейнетдинова Мадинас. Сацам низаме бирзина кху беттан хьалхарчу дийнахь. Дина таIзар кIеда ду прокуратуро хьехначул – цо доьхура Титиевга набахтин луьрачу хьелашкахь 4 шо даккхийтар а... Читать дальше...

Вийначу Хашоггин доьзална компенсаци елла СаIуда Iаьрбийчоьнан Iедалша

Radiomarsho.com 

ГIадужу-баттахь вийначу журналистан Хашогги Джамалан доьзална СаIуда Iаьрбийчоьнан Iедалша беза мах болу ара-чу ца баккхалун бахам белла, хIора баттахь ахчан барамехь компенсаци далар тIе а лаьцна. Washington Post газетано бина и хаам, саIудийн Iедалехь хиллачийн а, болчийн а хьосташна тIе а тевжина. Иштта тIечIагIйина и информаци Хашоггин доьзална уллорчу наха а. Ишта газетан информацица, шайн вийначу дех дечу дIахьедаршца собаре хилар деха а гIерта Iедалхой. Компенсаци доьзална даларна тIетайна хьалхо "йоккха харцо ю йинарг"... Читать дальше...

Мализаев Минкаилан зудчо ша цуьнан долара яьлла боху

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна жигара критика ярца гоьваьллачу, Германехь вехачу Мализаев Минкаилан хIусамнанас видео дIаязйина, шен цIийнден долара йолуш.  "Кавказский узел" агенталло хаттам бинчу бахархошна хетарехь, Мализаев сийсазвархьама бертаза байтина кхайкхам бу иза. "Мализаев зудчо Минкаил витина" аьлла, видеоролик яьржина YouTube каналехь. Ша Исраилова Луиза ю, МализаевгIаьргахь марехь хилла а ю ша аьлла, доладо зудчо шен къамел. "Пхи-ялх шо хьалха Германи дIадахара тхо. Читать дальше...

ГIалгIайчуьра ницкъахой

Radiomarsho.com 

Магасехь хиллачу митингна тIехь терго латточу полисхойн кеп-кепара суьрташ. 2019 шо

Экстремизмца къийсам а латтош, бертахь даха сацам бира Исламан конференцино

Radiomarsho.com 

ДIабаханчу Зазадоккху-беттан 28-29 шина дийнахь Москох хилира Дуьненаюкъара исламан конференци. Цуьнан цIе яра "Ислам – къинхетам а, машар а баийтар". Цу мерорприятехь дакъалоцуш бара 43 пачхьалкхан векалш, шайна юкъахь СаIудийн Iаьрбийн пачхьалкхера а, Мисарара а, Урданера а, Иракъера а, ГIажарийчуьра а, Эмираташкара а, Пакистанера а, Туркойчуьра а, ткъа иштта кхечу мехкашкара а бевзаш болу дешна нах а, бусалба Iилманчаш а болуш. Конференцин Iалашо яра тайп-тайпана динаш маьрша цхьаьна дахарехула а... Читать дальше...

24 шо долу нохчийн кIант вийна Лондонехь

Radiomarsho.com 

Дахначу еаридийнахь Лондонехь, Риджентс-паркна гергахь урс диттина вийна 24 шо долу нохчийн кIант Висаитов Закир. Меттигерчу хаамийн гIирсаша бина цунах хаам. Daily Mail газетано яздарехь, музыкант, Нохчийчуьра бер долчу хенахь дас-нанас дIавигина Висаитов вийна, цуьнгара 60 эзар стерлингийн фунташ мах болу сахьт схьадаккхархьама. Йолчу информацица, шиъ хилла тIелатар динарг. Зулам динчул тIаьхьа,  луларчу маьждиг чохь тIера бедарш а хийцина, къайлавала ка яьлла цу шиннан. Цхьана а кепара информаци яц нохчийн диаспорера... Читать дальше...

Спорт в России и мире
Москва

Федерация бокса России на ВДНХ


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
WTA

Александрова обыграла первую ракетку мира на турнире WTA


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Энергетические поля компенсируют растущие потребности в электроэнергии





Путин в России и мире
Москва

Путин уточнил у Беглова причины снижения популярности Петербурга у туристов


Лукашенко в Беларуси и мире



123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Ru24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире
Киев

Киев признал стагнацию ВСУ по всей линии фронта


Навальный в России и мире
Москва

«С какой целью вы пришли почтить память? Он вам родственник?» В Москве осудили девушку, которая пришла возложить цветы в память о Навальном



Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



ГУАП

Финал всероссийского студенческого трека Олимпиады Кружкового движения НТО «Летающая робототехника» 2024



Москва

Спикер НС Армении: «Россия оставила нас в самый сложный момент»

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net