123ru.net
World News in Chechen
Апрель
2019

Новости за 08.04.2019

Магасерчу митинган кхин а цхьа декъашхо лаьцна ГIалгIайчохь

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчохь лаьцна Зазадоккху-беттан 26-хь Магасехь хиллачу митинган кхин а цхьа декъашхо. Иза ву Плиев Мусса. Цунна бехке дуьллуш ду, дуккха а адамаша дакъа а лоцуш, къепедацарш вовшахтохар. ДIадаханчу кIиранах Нальчикан гIалин кхело талламан изоляторе хьажийра ГIалгIайчуьра 8 жигархо. Царна дуьхьал бехктакхаман гIуллакхаш долийна, низамаш лардечу органийн белхахошна ницкъ барна.

Нефтекумск - йовш лаьтта гIала

Radiomarsho.com 

Емельянов Павел Ставрополна 300 километр юьстах ю Нефтекумск. Бахархоша ишта олу шайн гIалех: "Елла яц, амма эхартан хьожа-м лаьтта" ТIекхIелдинчу цIенна хьалха доккха сийна четар лаьтта. Чохь – стаг дIаволла кечдина барма. Гонах – гергарнаш, лулахой, доттагIий. Жима ю гIала, хилларг хIуъа а юкъахь луьсту. Четар меттигерчу администрацера деана – чIагIделла ламаст ду иза. Декъеш ханна чудохку меттиг а ю гIалахь. Амма шело ца тоьу чоьнашна, шабийриг йоьхна тоххара. Тоян а гIиртина нах, амма севцца – кIордийна и тишбелла гIирс. Читать дальше...

Шемахь тIеман операци дIаяхьа кечлуш ву ЭрдохIан

Radiomarsho.com 

Туркойчоьнан президент ЭрдохIан Реджепа дIахьедар дина, шайн эскарш Шемахь тIеман операци дIаяхьа кечлуш ду аьлла. Москох визитца веача Оьрсийчоьнан президентца Путин Владимирца и хаттар дийцаре дан дагахь ву туркойн куьйгалхо. ЭрдохIана хьалхо дIахьедар динера, тIеман операци хир ю шайн малхбалерчу дозанца йолчу Шеман кIошташкахь а, такъа иштта Манбиджехь а дIатарйеллачу курдийн тобанашна дуьхьал, нагахь уьш Iамерко цигара ара ца яхахь аьлла. ТIаьхьо Туркойчоьно тIаьхьатеттира иза дIаяхьар,... Читать дальше...



Дагестанца доза билгалдоккхуш сагатдан хIума ца го Даудовна

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьно шен территорина юкъахь лаьррера КIизларан кIоштахь дозанца долу лаьттан дакъа, Дагестанан агIоно цхьа а жоп ца деллачул тIаьхьа. Цунах лаьцна хаам бина Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхочо Даудов Мохьмада, яздо "Кавказский узело". Нохчийчуьрчу куьйгаллан векало бинчу хаамца, маслаIат каро аьтто боцуш цхьа а хIума дац Дагестанца. Цо дийцарехь, хьалхо нохчийн агIоно Дагестанан Iедалшка кховдийнера 73 гектар латта хийцича дика хир дара аьлла. Цо билгалдаккхарехь, ГIизларан кIошт йоцург... Читать дальше...

Марафоно гIаттийнера ерриг Вена

Radiomarsho.com 

Vienna City Marathon 2019 – ишта цIе яра Австрехь хIора бIаьста дIахьочу 36-чу марафонан. Кху мукъаденошкахь Вене хьалхабовларх къовсабала баьхкинера 125 пачхьалкхера нах. Дакъалацархойн терахь дара 42000. Марафонхошка хьажа, уьш ир-кара хIитто аравелира миллион гергга вахархо. Бовдархошлахь вара Маршо Радиоца къамел дина венахо-нохчо а.

Дебаташ 19-хь хила еза, боху Зеленскийс

Radiomarsho.com 

Украинин президентан харжамашкахь дакъалоцучу кандидато Зеленский Владимира дIахьедар дина, карарчу хенахь президент волчу шен дуьхьалончица Порошенко Петроца дебаташ хила еза Киевехь "Олимпийский" стадионехь Оханан-беттан 19-чу дийнахь аьлла, Порошенкос дIахьедар динчу 14-хь а ца хуьлуш. Фейсбукехь араяьллачу видео тIехь Зеленскийс доьхе шен агIончашка, 19-хь Порошенкого ша дала деза хаттарш кечдар. Ша Порошенкос 14-хь стадионе кхайкхар комментари а йоцуш дитина цо. Украинин коьртачу харжамийн комиссино хаам бина... Читать дальше...

Зударий балор стенна лахделла Кавказехь?

Radiomarsho.com 

Юсупов Ашахан Оьрсийчоьнан статистикан урхалло (Росстат) бахарехь, зударий балор массанхьачул а лахара ду Къилбаседа Кавказехь 2018-чу шарахь статисташа даржийначу терахьашна тIехь рейтинг хIоттийна "Московский комсомолец в Пскове" ("Московский комсомолец Псковехь") газето. Оьрсийчоьнан регионашлахь уггаре кIезиг зударий балабийриг ГIалгIайчоь ю. Цигахь 1000 вахархочух кхоллабелла доьзал 3,8 бен бац (85-гIа меттиг). Рейтинган цул лакхарчу тIегIанехь ю Дагестанний, Къилбаседа ХIирийчоьй –4,9 доьзал. Читать дальше...

Илсхан-Юьртара вахархо къера хилла ша къола дарна

Radiomarsho.com 

Гуьмсан кIоштарчу полице латкъам бина хилла Энгель-Юьртарчу вахархочо, кху беттан 3-чу сарахь курхалчо шен кисанара 4 700 сом ахча даьккхина хиларх лаьцна. Цу стага хаам бина, иза динарг Илсхан-Юьртара 41 шо долу вахархо хила мега аьлла, шеко йолуш ву ша аьлла. Полисхоша левича, и стаг кIера хилла ша къола дарна. Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Нохчийчуьрчу урхаллан зорбан сервисо бинчу хаамца, хилларг къастош ду, бехкечунна таIзар дар Iалашонца.

Журналист Шевченко: ГIалгIай, нохчел а гергара къам дац шун

Radiomarsho.com 

ГIалгIашка питанех ца Ӏехадаларе кхайкхина вевзаш волчу журналисто Шевченко Максима, хаам бо "Нохчийчоь тахана". Цу хьокъехь леррина видео арахецна цо шен YouTube каналехь. "Нохчел а гергара халкъ дац шуна шу кху дуьнентIехь, гIалгIай. Цхьа а вац шуна нохчел а гергара. Муьлхха а хьо реза воцу нохчо, гIалгIа, иза хьан шеко йоцуш ваша ву. Хьуна иза дика хаьа. Цундела ас цкъа а къобул дийр дац нохчашца дов лелор", боху Шевченкос.

Шен дозанехь таллам бар дахдан дагахь ю Австри

Radiomarsho.com 

Венгрица а, Словакица а доза хадош талламаш бар 2019-чу шеран Лахьанан батте кхаччалц дахдан сацам бина шаьш аьлла, хаам бина Австрин чохьаррчу гIуллакхийн министро Кикль Херберта. Цу махкарчу Оe24.at зорбанан гIирсана интервью луш министро дIахьедар дира и раж латтор оьшуш ду шайна "каъйлаха миграцица эвсаре къийсам латто" аьлла. Еврокомиссе кехат хьажор ду шаьш тIедогIучу кIиранах, иза шайн бакъо ю, Австри ша яц иштта ойла йолуш, изза дийр ду кхечу пачхьалкхаша а, боху Кикла. Австрин чоьхьарчу гIуллакхийн министро дийцарехь... Читать дальше...

Некъахьовзамаш кIезиг хиларца 3-чу меттехь ю Нохчийчоь

Radiomarsho.com 

Оьрсийчуьрчу некъан полицино (ГИБДД) бинчу хаамца, 2018-чу шарахь цу пачхьалкхехь хилла 168 эзар некъахьовзам. И бахьана долуш вийна 18 эзар стаг, кхин а 215 эзар стаг лазийна ву. Уггар дукха некъахьовзамаш хилла Москох - 9157. ШолгIачу меттехь бу Краснодаран мохк (7 эзар сов некъахьовзам), кхоалгIачу меттехь – Петарбух (6463). Уггар кIезиг некъахьовзамаш хиларехула хьалхара меттиг дIалаьцна стохка Чукотко а, Ненцойн автономин гоно (32). Царна тIаьхьа йогIуш ю 206 некъахьовзам хилла ГIалгIайчоь. Читать дальше...

Спорт в России и мире
Москва

Легендарный вратарь Мануэль Нойер стал амбассадором Hisense на Чемпионате Европы по футболу – УЕФА ЕВРО 2024™


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
Мария Шарапова

Первая ракетка России рассказала об общении с Шараповой


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

LG ЗАНИМАЕТ ЦЕНТРАЛЬНОЕ МЕСТО НА 37-М МЕЖДУНАРОДНОМ СИМПОЗИУМЕ И ВЫСТАВКЕ ЭЛЕКТРОМОБИЛЕЙ





Путин в России и мире
Москва

Площадь трех вокзалов в Москве переименуют


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Сегодня президент Беларуси Александр Лукашенко встретился в Минске с губернатором Поморья Александром Цыбульским




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Ru24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире
Киев

Зеленский взял Залужного в заложники? В Киеве начинается новый скандал


Навальный в России и мире
Москва

Мосгорсуд оставил в СИЗО журналистку Фаворскую, обвиняемую в экстремизме за репортажи о Навальном



Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Сергей Шнуров

Певица Кормухина упрекнула Шнурова в цинизме и отсутствии интеллекта



Москва

Мужа актрисы Поплавской избили после ДТП в Москве

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net