123ru.net
World News in Chechen
Апрель
2019

Новости за 04.04.2019

Умаров: Нью-Йоркел а оьшуш-м яц Хоси-Юрт?

Radiomarsho.com 

Хаамийн гIирсашкахь Кадыров Рамзан вехачу Хоси-Юьртахь цIенош дIахьокхуш ду парк шоръян аьлла, Iораяьккхинчу информацех комментари йитина Нохчийчуьрчу зорбан министро Умаров Джамбулата. "Сан хаттар кхоллало: Кадыров Рамзанан юьртахь хила бакъо яц парк, бакъо яц ораматаш ден?- аьлла Умаровс. - ЦIенош дехьадохуш ду, документаш а кечдеш, тIейогIучу хенахь компенсаци а луш. Цецвала хIуммаъ дац кхузахь, оха магийна ишта гIуллакх". "Схьаэца Бостон, Нью-Йорк. Паркаш, "диснейлендаш" хьалаярхьама бIеннаш... Читать дальше...

ГIалгIайн муфтийн гIоьнчана гIуда тоьхна митингехь хиларна

Radiomarsho.com 

Iедалхошкара бакъо а йоцуш хIоттийначу митингехь дакъалацарна ГIалгIайчоьнан муфтийн гIовсах Мейриев Мусах 20 эзар сом гIуда хьарчийна Магасан кхело, дIахьедина суьдхойн векало. Кхааридийнахь цIийнах а хьуьйсуш, цхьа могIа гIалгIайн жигархой дIа а лоьцуш, чохь даккха итт дей, буьйсий хенаш йиттира  протестхойн хьалханчашна: Барахоев Ахьмадна а, Ужахов Малсагна а. 150 эзар сом гIуда тоьхна Ужахов Малсагна. Саутиева Зарифан а, Нальгиев Исмаилан а охьадилла деза ткъа-ткъа эзар сом Магасан кхелан векало "Интерфакс" агенталле дийцарехь... Читать дальше...

Оьрсийчуьра хIора пхоьалгIа вахархо эмиграци йийр йолуш вара шайн аьтто хилча

Radiomarsho.com 

Шайн аьтто баьлча Оьрсийчуьра эмиграци йийр йолуш ву хIора пхоьалгIа вахархо. Кхечу пачхьалкхе дIабаха луучу 49 шаре бевллачу нехан терахь 44 проценте хьаладьалла. Адамийн дог-ойла толлучу Iамеркарчу Gallup университето дахначу шеран бинчу талламийн жамI ду ишта. "Шайн таро хилча, гуттаренна а даха кхечу пачхьалкхе дIагIур дарий шу?" аьллачу хаттарца зийна респонденеташ талламчаша. Къаьсттина пачхьалкхера дIабаха лууш бу 15 шарера 49 шаре бовллалц болу бахархой. Царлахь 44 процент ву эмиграци ян луурш. Читать дальше...



Нохчийн 21 миллион ахча даьхьна зуда лоьху Москвахь

Radiomarsho.com 

Москварчу цхьана отелехь хиллачу криминале хиламех яздо "Московский комсомолец" газетано. Хьешан цIенна уллохь лаьттачу наха терго йина, цу хIусаман корах ара тIоьрмиг кхусуш. Дийцарехь, 21 миллион сом ахча хилла цу чохь. Baza телеграм-канало шен агIонехь а яздо кхунах лаьцна. Церан информацица, Нохчийчуьрчу Хьалха-Мартанарчу бахархоша Iабдул-Iела цIе йолчу курьерца Москва кхачийна хилла и ахча. Стенна вовшахтоьхна хилла ахча, дуьйцуш дац цкъачунна. Отеле тIоьрмиг бахьаш веанчу Iабдул-Iелина дуьхьадаьлла зуда а, стаг а. Читать дальше...

ГIалгIайчохь лоьцуш бу митинг хIоттийнарш

Radiomarsho.com 

Протестхойн боламан хьалханчийн цIийнех хьовса баьхкинера полисхой. Жигархошкара а, церан гергарчу нахера а дIаяьхна телефонаш а, техника а. Талламаш бинчул тIаьхьа пхи стаг лаьцна витина.

Мализаев: "Со шайга къар ца велча, сан гергарчийн кочабахна уьш…"

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу Iедалхоша махкахь лелочу харцонех интернетехь даржочу, Германехь вехачу Мализаев Минкаилца къийсам латто дикка хан ю. Даймахкахь бехачу цуьнан гергарчу наха иза сийсазвохуш, долара вохуш видеош яржийра стохка. Кху деношкахь социалан машанашкахь йийцарейо, Мализаевн вашас а, хIусамнанас а дIаязйина рогIера видео. Лаамехь дина дIахьедар ду-те и, йа даим санна, Iедалхоша бертаза дайтина хIума ду? Мализаев Минкаила дуьйцу цунах ма-дарра.

Юха а девне ваьлла Нурмагомедов а, МакГрегор а

Radiomarsho.com 

UFC-н чемпионо Нурмагомедов Хьабиба жоп делла ирландхочо МакГрегор Конора, шена зуда а, дин а сийсаздан а гIерташ, Твиттерерчу аккаунтехь хIоттийначу постна, яздо "Советский спорт" хьостано. "Хьо шалхо лелориг ву, хьайн дешнех а, хьайгара даьллачух а жоп ца луш. Амма хьо кхелах вер ву бохург, бакъ дац. Кхечун дин аьшнашдеш, хьо кхерамзаллехь ву моьттуш хьо велахь, галваьлла хьо", - яздина Нурмагомедовс Твиттерехь. ММА юкъара ша дIавоьдуш ву аьлла, МакГрегора байначу беттан 26-чохь хаамбича... Читать дальше...

ВИЧ-инфекцин лазар токхучийн терахь миллионе хьаладаьлла Оьрсийчохь

Radiomarsho.com 

Дахначу шарахь "Роспотребнадзоран" СПИД-ца къийсам латточу центро бинчу талламашца, Оьрсийчоьнан бахархошлахь иммунодефицитан цамгар (ВИЧ) кхеттачийн терахь миллионал тIехдаьлла. Документ ду РБК агенталлан долахь. "2018-чу шеран чакхенехь пачхьалкхехь верриг а ВИЧ-инфекцин диагнозца вара 1 007 369 стаг. Велла 318 870 вахархо а ца лерича а", аьлла, яздина ду документ тIехь. Динчу зерашца, алсам бу иммунодефицитан лазар токхурш Кемеровн, Иркутскан, Самаран, Оренбурган кIошташкахь.

Нохчийчуьра школаш кхаа рожера дIаяха ницкъ ца тоьа Iедалхойн

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь дешаран хьукматашкахь ира лаьтташ ду, школашкахь бераша кхаа рожехь доьшуш хиларца доьзна хьал. Дахначу шеран ГIура-баттахь Маршо Радионо яздира, Оьрсийчоьнан премьер-министрца Медведев Дмитрийца Москох хиллачу цхьанакхетарехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дийцаредарх, махкара школаш тIехъюьзна хиларх. Оьрсийчоьнан премьер-министро Медведев Дмитрийс дош деллера хIетахь, регионна оьшу гIо дан. Кху деношкахь юха а гIаттийна изза хаттар. Оьрсийчоьнан урхаллан аппаратан куьйгалхочун... Читать дальше...

Хоси-Юьртарчу бахархойн цIенош дIахьокхуш ду Iедалхоша

Radiomarsho.com 

Юьрта юккъера парк шоръян Iалашонца Хоси-Юьртарчу Кадыров Рамзанан дай баьхначу хIусамна гергара цIенош дIахьакха долийна меттигерчу Iедалхоша.  Ши кIира хан елла бахархошна шайна оьшург хIусамашкара схьаэца, цул тIаьхьа йохор йолуш ю гIишлош аьлла, хааме даьккхина "Кавказский узел" агенталло шайн хьосташна тIе а тевжина. Иттех цIа шаьш вовшахдаккха буьйлабелла хIусамдай. Юьрта юккъехь хIинцале а ян йолийна парк. Дукха хан йоццуш шаьш йолийна проект хийца а хийцина, территори кхи тIе а шоръян лаам хилла Iедалхойн, боху хьостано. Читать дальше...

Куьршалахь спортхойн турнирехь летарш хилла (Видео)

Radiomarsho.com 

Интернетан машанехь видео яржийна, Куьршала кIоштарчу спортан школехь 17- 15 шераш долчу спортхошлахь дIахьочу маьршачу латаран турнирехь иккхинчу инцидентех, яздо Lenta.ru хьостано. Лазийна стаг вац тасадаларшкахь, зулам эккхаран бахьанаш толлуш ду полисхоша аьлла, дуьйцу шен сайтехь "360" телеканало. Инстаграмерчу chechnya_life аккаунтехь зорбане яьккхина видео. Цу тIехь гуш ду, спортсменашна юкъахь конфликт иккхинчул тIаьхьа, хьовсархошлахь тасадаларш дуьйлалуш. Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн сайтехь хиллачух информаци яц.

Спорт в России и мире
Москва

Like FM – федеральный партнер релиза «Идеальная зависимость»


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
Андрей Рублёв

Теннисист Рублев разбил ракетку после поражения на турнире в Барселоне


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Эксперт Президентской академии в Санкт-Петербурге о сохранении экологии Севастополя





Путин в России и мире
Москва

Эксперт Президентской академии в Санкт-Петербурге о развитии отечественного судостроения   


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Очередные кадровые назначения объявлены в Минске




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Ru24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире
Киев

Захарова: Западу неинтересны планы Киева по атаке на Крымский мост


Навальный в России и мире
Москва

В Москве арестован на пять суток историк-публицист Сергеев за пост памяти Навального



Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Оркестр

Оркестр территориального управления Росгвардии приступил к репетициям парада победы в Челябинске



Москва

Страны «Большой семерки» продолжают ужесточать соблюдение ограничений цен на российскую нефть

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net