Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Март
2019

Новости за 20.03.2019

Оьрсийчоь дакъошка йоькъуш ю юха а

Radiomarsho.com 

ТIех дукха латта шен долахь кхобу Оьрсийчоь кхион хала ду. Муьлха кеп тоьлу: административан цхьаалла я территорин-экономикан дакъош? 12 макрорегион йийр ю Оьрсийчоьнах.  Деношкахь премьер-министра Медведев Дмитрийс тIечIагIйина 2025 шаре кхаччалц йолу Йоккхаллехь Оьрсийчоь кхиоран Стратеги – иштта аьлла керлачу некъах. Ша документо бахарехь, Стратегин Iалашо ю бух онда, массанхьа а цхьабосса Оьрсийчоь хьалакхиор, массо а регионашкахь бехачу нехан дахар тодар, мехкашкахь экономикан болар сихдар... Читать дальше...

Ахча чохь долу банкомат яьхьна Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу Хьалха-Мартанан кIоштарчу дарбан цIийнера банкомат лачкъийна яьхьна вевзаш воцчу шина стага. Видеокамеро дIаязйинчу ролик тIехь гуш ду, жоммагIаца серий а хедийна, гIудалкх тIе а йиллина, арайоккху банкомат. Минот сов хан йойу цу шиммо и операци дIахьош. Дийцарехь, 6 миллион сов сом ахча даьхьна цу чуьра шина зуламхочо. Ширачу "Волга" машен тIехь гIалел ара а бевлла, банкомат чуьра ахча схьа а даьккхина, лараш яйархьама машенах цIе тесна цу шиммо. Полисхоша лоьхуш бу талорхой.

Муцураев Тимуран эшаршца бехарш

Radiomarsho.com 

Нохчийн бардо Муцураев Тимура эшарш лекхар дитинехь а, цуьнан «тIеман репертуар» тахана а яц йицйина. Оьрсийчоьнан «шолгIачу шахьарара» -Петарбухара - ю Къоьзан-Iома тIера туркомплексе Муцураевн а, нохчийн кхечу авторийн а эшарш лакха деношкахь еана хилла Супрунова Алиса. Тоъал цIеначу нохчийн маттахь хеза цуьнан аз.



ТIелатар дина аьлла, да а, кIант а лаьцна Тбилисехь

Radiomarsho.com 

Тбилисерчу микрофинансийн организацин офисна тIелатар дина аьлла, ши стаг дIалаьцна Гуьржийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан белхахоша. "Новости-Грузия" хьостано бина и хаам. Пекинан урамерчу Giro Credit компанин декъе туьтмIаьжгаш йоьхкина нах чулилхинера. Царех цхьаъ герз детта волавеллера. Бехке ву аьлла, полисхоша дIалаьцна 54 шо долу да а, цуьнан 30 шаре ваьлла воI а. Яхначу хенахь кеп-кепарчу зуламашна кхел йина ву и шиъ. Талламчаша дийцарехь, ахча дIадахьа аьтто а ца хилла церан, полисхой тIекхачале вада дезарна. Читать дальше...

Казахстанан парламенто тIечIагIдина Астанах Нурсултан алар

Radiomarsho.com 

Астанах Нурсултан гIала ян таро луш Конституцехь хийцамаш байта тIетайна кхааридийнахь Казахстанан парламент. Информацин агеталлаша бина и хаам. Президенто куьйгъяздичхьана кийча ду документ. Шинаридийнахь Казахстанан президенто дIакхайкхийра, ша пачхьалкхан урхалхочун декхарш охьадахкарх. Цуьнан метта ханна президент хIоьттина Сенатан куьйгалхо Токаев Касым-Жомарт. Цуьнан инициатива яра Астанан цIе Нурсултан аьлла, хийцар. Казахстанан коьрта шахьарх Нурсултан ала а догIу, Назарбаев "цхьаъ бен воцу... Читать дальше...

ГIалгIайчуьрчу хьаькаминй могIарш цIиндан Iалашо ю Евкуровн

Radiomarsho.com 

Хьаькамийн могIарш карладаха лаам хиларх дIахаийтина парламенте хIора шарахь ша бечу кхайкхамехь гIалгIайн куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека. Оцу некъаша жигара къийсам латтор бу коррупцица аьллачу куьйгалхочун дешнаш далийна REGNUM агенталло. "Пачхьалкхан урхаллашка балха оьцу нах лаккхара Iилма а, хаарш долуш, кхечу интересашца боьзна а боцуш нах хила беза. Аьлча а, пачхьалкхан белхахойн хьаькамийн могIанаш цIиндан деза", - дIахьедина Евкуровс. Иштта цо хаамбина, кху шарахь регионехь кегийрхошлахь "Движение вверх" аьлла... Читать дальше...

Басаевн тобанехь хилла бохучу Яндиевс кхелехь бехкаш тIе ца лаьцна

Radiomarsho.com 

БуьритIехь резонансе теракташ дина ву аьлла, Словакино Оьрсийчоьне дIавеллачу Яндиев Аслана бехк тIе ца лаьцна, яздо "Новости" агенталло. Къилбаседа-Кавказан тIеман кхелехь кхааридийнахь довхаттар долийна Яндиевн. Иза бехкево ишта Басаев Шемалан тобанехь хилла ву аьлла а. "Ас мукIарло дийр дац сайгара ца даьллачунна а, айса дина доцчунна а. Со хIуманна а бехке вац", - аьлла Яндиевс йоьдучу кхелехь. Талламчийн версица, 2005-чу шарера 2006-чу шаре кхаччалц кхечу тобанхошца цхьаьна "Владикавказ-2" подстанцина герзаш диттина хилла цо... Читать дальше...

Эзарнашкахь Мозамбикерчу нахана зенаш хилла токхамаш бахьана долуш

Radiomarsho.com 

Мозамбикехь циклон бахьана долуш хIаллакхила тарлора эзар сов стаг. Паччхьалкхан президенто Ньюси Филипеса дина ишта дIахьедар. Дахначу кIиранах кхаьчна Идай циклон Африкан къилба-малхбале. Саццаза оьхучу догIанаша токхамаш хилийтира регионехь. ЦIечу жIарано хаамбарехь, Бейра порт, йоккхахйолу Мозамбика гIала а 90 процентна йоьхна. Дуккхаъчу ярташкахь адамаш дисина арахьарчу дуьненах хаьдда, ярташна тIе хи а даьлла. ТховкIело йоцуш бисина иттанашкахь эзарнаш нах. Луларчу Малавехь а, Зимбабвехь а Iаламан ницкъ бахьанехь велла 200 стаг. Читать дальше...



Астанах Нурсултан алар хьехна керлачу президенто

Radiomarsho.com 

Казахстанан коьртачу шахьаран цIе Нурсултан аьлла, хьалхарчу президентан цIарах хийцар хьехна, президентан декхарш кхочушдан хьалхаттетинчу Токаев Касым-Жомарта. "Казахстанан Республикан дуьххьара хиллачу президентан Назарбаев Нурсултанан цIе дагахь йисийтархьама, коьрта Астана шахьар хийца еза вай Нурсултан аьлла", - дIахьедина Токаевс. Маршо Радион казахийн сервисо хаамбарехь, президентан декхарш кхочушдийр ду Токаевс 2020-гIа шо тIекхаччалц. Цул тIаьхьа хинболчу президентан харжамашкахь дакъалоцур ду масех кандидато. Читать дальше...

Уггар а ирсечу пачхьалкхашлахь хьалхара ю Финлянди. Оьрсийчоь 59-чу меттигехь ю

Radiomarsho.com 

Ирсечу пачхьалкхийн ООН-о хIоттийначу рейтингехь хьалхарчу могIарехь ю Финлянди. Кхааридийнахь Дуьненаюкъарчу ирсан денна лерина Iораяьккхинчу рапортехь 7, 63 балл хIоттийна оцу пачхьалкхна. ШолгIачу меттигехь дIатаръелла Норвеги, цунна тIаьхьа Дани, Исланди, Швейцари ю. 59-чу меттигехь, Перуна а, Казахстанна а юккъехь дIатаръелла Оьрсийчоь. Ирсечу мехкийн тептаран тIаьхьарчу могIаре яьккхина ишта Бурунди (156-гIа меттиг). Талламаш бечу заманчохь эксперташа тидаме эцна хилла оцу пачхьалкхехь дахаран дохалла а... Читать дальше...

ГIалгIайчохь герзан чевнаш йина шина вахархочунна

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчуьрчу Сурхахехь меттигерчу 47, 40 шераш долчу шина стагна юкъахь дов иккхина, герзаш деттар нисделла, хаамбо чоьхьарчу гIуллакхийн министралло. Чевнаш хилла ший а республикан клиникан дарбан хIусаме валийна. Дийцарехь, шоьтан буса иккхина юьйцу конфликт. Шина тайпан векална юкъахь хьалха дуьйнна хьогIе юкъаметтигаш хилла, яздо "Интерфаксо", шайн хьостех пайда а эцна.

Набахтешкахь тутмакхашца кIеда хилар тIедожош ду ФСИН-ан белхахошна

Radiomarsho.com 

ТаIзарш кхочушдаран федералан урхалло (ФСИН) шен белхахой декхаребийр бу тутмакхашца кIеда хила а, нагахь бакъонна дуьхьалара дарш нислахь а, цаьрга шайна гечдар а доьхуьйтуш. "Интерфакс" агенталло бина и хаам, ФСИН-ан этикан Кодексехь бинчу хийцамашна тIе а тевжина. Ишта документ тIехь хаамбо, ФСИН-ан белхахой гIиллакхе, оьзда хила безар бахархошца а, даржехь болчу нахца а. "Нагахь ФСИН-ан белхахочо бакъо, маршо хьаьшна меттиг нислахь, цунна тIедожор ду шен лаамехь, йа кхелан сацамца, тутмакх шена къинтIера ваккха"... Читать дальше...

Шемарчу даIишхойн тIаьххьара чIагIо схьаяьккхина

Radiomarsho.com 

Шеман малхбалера Багхуз цIе йолу меттиг схьаяьккхина Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн гIоьнца Шемарчу оппозицино. "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхоша дIалаьцначух тIаьххьара чIагIо яра иза. БIеннашкахь тIемалой карабахна. Шемарчу демократин ницкъийн пресс-секретаро Бали Мустафас дийцарехь, Багхузера даIишхойн куп схьаяккхар йоккха гIулч ю, амма толам баьккхина ала хIинца а хьалхе ду. Евфрат олучу хинан йистера жима аса бен яц "Исламан пачхьалкхан" долахь йисинарг. Цул совнах, даIишхойх мукъаяьхначу... Читать дальше...

Спорт в России и мире
Москва

Личка — о самой дорогой покупке в Москве: два дня назад решил купить самокат за 60 тысяч рублей


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
WTA

WTA предвкушает дуэль Елена Рыбакина — Юлия Путинцева на турнире в Мадриде


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

6 городов России, где можно увидеть белые ночи кроме Санкт-Петербурга





Путин в России и мире
Москва

Собянин: к 2030 году на долю Москвы придется 35–40% туристов в России


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

«Набей им морду, покажи им, что ты настоящий белорус». Лукашенко о поездке спортсменов на Олимпиаду




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире
Киев

Генсек НАТО прибыл в Киев: главные заявления Столтенберга и Зеленского


Навальный в России и мире


Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Шапка

Шапки женские на Wildberries — скидки от 398 руб. (на новые оттенки)



Москва

Певца Майданова экстренно госпитализировали

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net