Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Март
2019

Новости за 07.03.2019

Наркотикаш лелийна нохчо кхеле хIоттийна Карелехь

Radiomarsho.com 

Карелехь наркотикаш юхкуш хилла аьлла, кхеле хIоттийна Нохчийчуьра вахархо. Кондопогерчу кхеле кхаьчна цуьнан хьокъехь резонансе бехкзуламан гIуллакх. 22 шо долу гIишлошъярхо бехкево боккхачу барамехь героин лелорна. Йолчу информацица, паспорт тIехь иза Нохчийчохь вехаш ву аьлла, яздина ду. Ткъа низамашка диллича, Кондопогехь вехаш ву аьлла, цхьана ханна йина я регистраци а яц жимчу стеган. Ша бехкехиларх мукIарло а дина цо. Бехк тIечIагIбинчул тIаьхьа 20 шо гергга хан кхачайо лаьцначунна. Дахначу... Читать дальше...

24 шо хьалха вайна нохчо Ростов-гIалахь карийна

Radiomarsho.com 

1995-чу шарахь вайна хилла Исмаилов Шарип дIавуллучу гулбеллера кху деношкахь Нохчийчохь бIеннашкахь махкахой. Грозненск кIоштарчу Девкар-Эвла схьакхачийна Исмаилов Шарипан чалх. "1995-чу шарахь дуьйна тIепаза вайна лоручу цуьнгара кост кхаьчна дацара цуьнан гергарчаьрга. Ростов гIаларчу кешнашкахь дIавоьллина хилла иза, генетикан паспорт бахьана долуш таро хилла цуьнан декъан чалхаш йовза. Девкар-Эвлахь юха дIавоьллина Исмаилов Шарип", - аьлла, дийцина "Кавказский узел" агенталле Нохчийчуьрчу зорбан министраллан белхахочо. Читать дальше...

Оьрсийчоьнан Чехерчу дипломатийн цIенош чохь хийра нах беха, мах а луш

Radiomarsho.com 

Вагнер Александра Оьрсийчоьнан президентан дозанал арахьарчу гIуллакхийн урхалло доладен Прагера цIенош мехах нахе дIало, ткъа царна чохь Iан бакъо дипломатийн бен а яц. Иштта яздо оцу цIенош чохь бехачу нахаца къамел динчу Чехерчу Deník N газетан корреспонденташа. Прагехь тоьлла ларалучу маьIIера цIенош Чехин долахь ду. Амма шина пачхьалкхо бинчу бертаца а догIуш, билгалъяккхаза йолчу ханна пайдаоьцу царех Оьрсийчоьно. Царна чохь меттигера доьзалш баьхна ца Iа, офисаш кхобу Оьрсийчуьрчу а,... Читать дальше...



8-чу Мартехь набахтешкахь зударшна мерза стол хIоттор ю

Radiomarsho.com 

Оьрсийчуьрчу набахтешкарчу зударшна лерина дуьненаюкъарчу зударийн дийнахь "конкурсаш дIахьур ю, шахматех ловзарш хир ду, киношка хьовса таро хир ю, марзолгаш яор ю" аьлла, хаамбина таIзар кхочушдаран федералан урхалло (ФСИН). Долчу зерашца, пачхьалкхерчу набахтешкахь хан йоккхуш ю ерриг а 35 эзар зуда. Массо а тутмакхийн мукъа хир ду пIераска. "Дан хIума доцуш, сингаттамехь цхьа а хир вац", - аьлла ФСИН-ехь. Хьалхо Чиллан-беттан 23-чохь Турслочун денца божаршна лерина барамаш хIиттийра массо а Оьрсийчуьрчу набахтешкахь.

Кхиазхошна тIехь къизаллаш лелорна бехкейина Иракъ

Radiomarsho.com 

Иракъан Iедалша а, пачхьалкхан къилбаседанерчу курдойн тобанаша а лецна латтош бу, "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхошца уьйрашкахь лаьттина бу бохуш, бехкебен цхьа эзар ах эзар гергга кхиазхой. Euronews хьостано бина и хаам, Human Rights Watch организацина тIе а тевжина. Бу царлахь 180 сов кхечу пачхьалкхашкара кегийрхой а. Бакъонашларъярхоша бахарехь, дукха хьолахь тIехь ницкъ а беш, тIелоьцуьйтуш ду кхиазхошка бехкаш. Human Rights Watch организацин белхахоша билгалдоккху, даIишхойх дIакхеттарш... Читать дальше...

Сталинан гергара нахах муха хьакхаелла репрессеш

Radiomarsho.com 

1953-чу шарахь Зазадоккху-беттан 5-чу дийнахь велира Советан Пачхьалкхана 30 шарахь куьйгалла деш хилла Сталин Иосиф. Цуьнан цIарца юзу Советан Пачхьалкхехь адамашна репрессеш яран истори: дIалецар, каторгехь къахьегийтар, доьзалех хадийна бахийтар, кхелан а, кхелан йоцу а органаша сацамаш беш байар. Тоьпаш тоха бинчу дуккха а сацамашна кIеллахь ду Сталинан куьг. "Настоящее Время" портало материал кечйина Сталина шен гергарчу нахана тIехь репрессеш ярх а, иза веллачул тIаьхьа церан кхоллам хийцабаларх а лаьцна. Читать дальше...

Фейк хаамаш баржор, Iедална лер дитийта гIерта Оьрсийчоьнан депутаташ

Radiomarsho.com 

Ларам боцуш Iедалх а, пачхьалкхан символех а, юкъараллех а къамелаш дечарна а, харц информаци яржочарна а тIе жоьпалла дожош, низаман проект чекхъяьлла еаридийнахь пачхьалкхан Думехь кхоалгIачу йоьшийлехь. Парламенте проект кховдийнера низамаш юкъадохучу федерацин Кхеташонан комитетан куьйгалхочо Клишас Андрейс а, депутаташа Бокова Людмилас а, Вяткин Дмитрийс а. Iедал сийсаздеш, социалан машанашкахь посташ зорбане яхар кега-мерса хулиганалла лелор санна лорур ду. Цкъа публикаци йича 30-100 эзар сом гIуда тухур ду... Читать дальше...

Кадыров Ахьмадан биографи дагахь Iамо декхаребина полисхой

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь цхьайолчу кIоштийн полисхойн дакъошкахь белхахошна тIедожийна Кадыров Ахьмадан биографи дагахь Iамор, яздо "Кавказ.Реалиис". Ницкъахой декхаре бина Кадыровн дахарера коьрта терахьаш дагахь латто. Порталан каракхаьчна цхьана агIонах лаьтта президент хиллачу Кадыров Ахьмадан биографи тIехь йолу кехат. Регионерчу цхьахйолчу полицин куьпахь дIасадаржийна хилла иза. Карладоккху, 2009-чу шарахь Кадыров Хожа-Ахьмада яздинчу дешнаш тIехь, Бексултанов Iумара мукъаме ерзийна "Шатлакхан илли" гимн... Читать дальше...



Протестех бала пайда бац

Radiomarsho.com 

Ягочун мехаш бестар бу, боху эксперто Шайн махкахь духкучу бензинан мехашна резабоцчу хIираша протестан акци дIаяьхьна кIирандийнахь. БуьрийтIерачу а, цунна гонахарчу а ягориг юхкучу станцешкахула, машенашца сигналаш а етташ, чекхбевлира протестхой. Иштта яьккхира цара станцийн тергоне Къилбаседа ХIирийчуьра проблема. ХIираша дусту гонахарчу республикашкара бензинан а, машенашна юттучу газан а мехаш шайн махкахь лелачаьрца – башхалла йоккха ю. Масала, дизелан ягочун мехаш БуьрийтIехь Несарахьчул совбовлу 5-6 соьманна (БуьрийтIехь ... Читать дальше...

БIаьрса дайначу нахана лерина Iаса йина Нохчийчуьрчу кхиазхочо

Radiomarsho.com 

Соьлжа-ГIаларчу кхиазхочо Альтемиров Абубакара схьаэца герга болчу гIирсах аьзнийн Iаса кхоьллина бIаьрзечу нахана аьлла. Муьлххачу а стеган локхаллица нисъян таро ю Iаса. Карарчу заманчохь, ша йина Iаса кхи тIе а тоеш, цу тIехь болх беш ву Абубакар ша лелачу кегийрхойн инновацин кхоллараллан "Инноразум" цIе йолу Центрехь. Ша Iаса муха йина Абубакара шуьйрра дуьйцуш дац, индустрин шпионаж юкъахь лелаш ма ю боху цо. БIаьрса доцчу нахана лерина йина Iаса гергарчу масех баттахь йохка йолор йолуш ю. Читать дальше...

"Хийрачу корашках серлонаш"

Radiomarsho.com 

Венерчу Биргит Лауда Фондейшн цIе йолчу исбаьхьаллин галереяхь дIаяхьира нохчийн журналистан, яздархочун Курбанова Майнатин кхоллараллин суьйре. «Хийрачу корашкахь серлонаш» яьлла цIе яра цу цхьаьнакхетараллин. Масех кIира хьалха араяьллачу Курбановин йозанаш а, немцойн цIеяхханчу исбаьхьалхочун Рупрехт фон Кауфманнин сарташ тIехь долчу киншки тIера кийсикаш йийшира авторо. Суьйре дIахьош хиллачу евзаш йолчу австрихойн юкъараллин жигархочо, доктор Эдит Шлафферс дийцира гулбеллачарна Курбанова Майнатин дахарх а... Читать дальше...

ПIаьнказара нохчо кхелхина Шемахь

Radiomarsho.com 

Гуьржийчуьра 35 шо долу Тохосашвили Руслан вийна Шемахь аьлла, хаамбина гуьржийн Rustavi2 телеканало. Иза кхалхарх тоьшалла дина цуьнан ПIаьнказарчу гергарчара а. ПIаьнказан чIожерчу Ахметан муниципалитетерчу Омало олучу эвлахь вехаш хилла велларг. Масех бутт хьалха вийна Тохосашвили Шемахь, цуьнан гергарчара даредарца, амма кхаьрга хаам дукха хан йоццуш бина. 2014-чу шарахь Шема дIа а вахна, "Исламан пачхьалкх" шех олчу тобанах дIакхеттера Руслан. ТIаьххьарчу информацица, ПIаьнказара верриг... Читать дальше...

Шевченко Максиме Тумсоца къинхетаме хилар дехна нохчийн министро

Radiomarsho.com 

Инстаграмерчу эфирехь дискусси хилла политологан Шевченко Максиман а, Нохчийчуьрчу зорбан министран Умаров Джамбулатан а. Къамел долош Умаровс хьахийна хилла, де хьалха Шевченкоца дебаташ дIаяьхьна блогер Абдурахманов Тумсо. Министран блогере тIех сов интерес хилар ца тайна хилла журналистна. "Тумсон гергара стаг санна со гайта ца лаьа суна: школе а веана, цуьнан хьехархоша цунна дечу аьрзнашка ладоьгIуш санна", - аьлла Шевченкос. Блогерца кIоршаме воцуш, къинхетаме хилар дехна Умаровс Шевченко Максиме. Читать дальше...

Экстремизме кхайкхамаш бина аьлла, жимстаг дIалаьцна Дагестанехь

Radiomarsho.com 

Дагестанера Исрапилов Ахьмад дIалаьцна, экстремизме кхайкхамаш барна. Республикехь концерташ вовшахтухучарна кхерамаш туьйсуш хилла цо. ТАСС агенталло яздо цунах, мехкан чоьхьарчу гIуллакхийн урхаллерчу шайн хьостанна тIе а тевжина. Дицарехь, Исрапилов лацар доьзна ду, ХIинжа-ГIалахь Крид Егоран концерт ца хилийтарца. Инстаграмерчу "Имамат Дагестана" агIонан автор ву Исрапилов. ТАСС агенталлан хьостано чIагIдарца, Исрапиловна дуьхьал айдина гIуллакх, цо даим а шен пена тIехь республикехь концерташ... Читать дальше...

Росгвардина тIелатар кечдеш хилла аьлла, кегийрхой дIалецна Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь Росгвардина тIелата кечлуш хилла "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобан кхо агIонча лаьцна аьлла, шен агIон техь Mash телеграм-канало хаамбина. Дийцарехь, шеца школехь цхьаьна дешначу шина накъостаца даIишхойн видеошка а хьуьйсуш, тоба вовшахтоьхна хилла царех цхьаммо – 21 шо долчу Исламов Хьасана. Mash телеграм-каналан информацица, хьуьнхахь гранаташ карийна хилла кегийрхошна. Цул тIаьхьа, Соьлжа-ГIалахь петар а лаьцна, цу чохь кечамаш дIахьош хилла цара. Уьш гуллучу хIусамах хьоьвсича полисхошна карийна герз а... Читать дальше...

Шемахь лачкъийна кIант карийна

Radiomarsho.com 

Еаридийнахь Нохчийчоьнан куьйгалхочун Гергарчу Малхбалехь а, Къилба Африкехь волу векал Сабсаби Зияд цхьаьна а волуш, Соьлжа-ГIала кема догIуш ду Иракъера Ибрагимов Хьадис цIа валош. Хьалхо Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане дехар динера кIентан нанас, Дагестанерчу яхархочо Ибрагимова Нурьяна. Гергарчу Малхбалехь бевзаш боцчу наха шен кIант лачкъийна вигина, иза цIа верзош шена гIо дахьара аьлла. "Хьадис карийна, кеста шен ненах дIакхетар ву иза", - аьлла, хаамбина Кадыровс "ВКонтактерчу" шен агIон тIехь. Читать дальше...

Спорт в России и мире
Москва

Хоккейный клуб из Балашихи выиграл Кубок Регионов


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
WTA

Потапова и Павлюченкова вышли в полуфинал турнира WTA в Мадриде в парном разряде


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Ключевой аспект успеха: как построить долгие и хорошие отношения с клиентом





Путин в России и мире
Москва

Собянин: к 2030 году на долю Москвы придется 35–40% туристов в России


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

«Набей им морду, покажи им, что ты настоящий белорус». Лукашенко о поездке спортсменов на Олимпиаду




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире
Киев

Генсек НАТО прибыл в Киев: главные заявления Столтенберга и Зеленского


Навальный в России и мире


Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Анастасия Волочкова

Шпагаты, но уже без нижнего белья: хакеры взломали аккаунт Волочковой



Москва

Девушка сбила 13-летнего ребенка на улице Фестивальной

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net