Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Март
2019

Новости за 06.03.2019

Арашуков Рауфе бехкаш кховдийна

Radiomarsho.com 

"Газпром межрегионгаз" компанин куьйгалхочун хьехамча волчу, Кхарачойн - Чергазийчоьнан цIарах сенатор лаьттинчу Арашуков Раулан дега Арашуков Рауфе бехкаш кховдийна, 3- миллиард соьмана газ лачкъорна а, зуламхойн тоба кхолларна а. "ХIинццалц шеконаш лаьттинчу бехкашца дов кховдийна цуьнга", - хаамбо ТАСС агенталло. 60 миллион соьмах нах байинчу гIуллакхна ша бехкевеш,  доцург кхоьллина шена аьлла, дIахьединера хьалхо лаьцначу Арашуков Рауфа. Федерацин Кхеташонан хIусамехь Дечкен-беттан 30-чохь дIалецира сенатор Арашуков Рауль а. Читать дальше...

ОвхIанистанехь Iожалхой и лилхина, 16 стаг вийна

Radiomarsho.com 

Нангархар провинцерчу Джелалабадан аэропортна гергарчу гIишлошъяран организацина тIемалоша динчу тIелатарехь мел лахара а вийна 16 стаг, хаамбо меттигерчу Iедалхоша. Провинцин губернаторан пресс-секретаро Хогьяни Атауллас дийцарехь, ши Iожалхо иккхинчул тIаьхьа гIишлоъяран компанин дозан тIе масех тIемало хьаьддера. Ишта пресс-секретаро бахарехь, полисхошна а, гIаттамхошна а юкъахь герзашца тасадаларш хилла эккхийтар хиллачул а тIаьхьа. Вийна 16 стаг, чевнаш йина 10-нна. Царех дукхахберш гIишлошъяран компанин белхахой хилла. Читать дальше...

Титиевн гIуллакх бух боцуш хиларан тоьшаллаш далийна адвокаташа

Radiomarsho.com 

Соьлжа-ГIаларчу "Мемориалан" куьйгалхочун Титиев Аюбан гIуллакхан коьрта тешах Басханов Сулиманах шеконаш ю адвокатийн, ткъа цо дуьйцучух цатешам кхоллало аьлла, дIахьедина Москвахь йоьдучу пресс-конференцехь адвокато Новиков Ильяс.  Титиевн машенчуьра яьккхина бохучу пакетах тера тIоьрмиг гайтира Новиковн коллегас Дубровина Маринас. Цуьнан месаш тIехь хилла боху скотч муха хилла гайтира цо. Эксперимент гайтина, тIечIагIдина Дубровинас, пакет тIе хьарчийна скотч иза ятIа а ца еш схьадоккхийла яцара аьлла. Читать дальше...



"Нохачашна хала ду немцойн юкъараллан дакъа хила"

Radiomarsho.com 

Германин Бранденбург лаьттан чоьхьарчу гIуллакхийн министро Шретер Карл-ХIайнца дийцарехь, нохчаша низамаш лардечу органашка гIо деха деза шаьш цхьана проблемана хьалха нисделча, низам тидаме ца оьцуш, иза шаьш къасто гIертачул а.

Германин Iедало бехк кховдийна Оьрсийчуьрчу вахархочуьнга

Radiomarsho.com 

Мохьмад-Iела цIе йолчу Оьрсийчоьнан вахархочуьнга бехк кховдийна Германин Федералан прокуратурано аьлла, хаамбина урхалло шайн сайтехь. Шайн пачхьалкхана кхерам латтабо цо аьлла ду дина дIахьедар. Талламчийн версица, 2011-чу шарахь, ша Германи а кхачале дуьйна экстремистийн идеологин агIонча хилла ву иза. Кху аьхка Марсхьокху-баттахь дIалецира Мохьмад-Iела. Лоьлхуьйтуршца зуламаш дан кечам беш хилла бохуш, бехкево иза Германин Iедалша. Толлуш ду, Марселехь 2017-чу шарахь дIалаьцначу тобанца уьйрашкахь иза хилар а. Читать дальше...

Нохчийчохь дерзийна Титиевн гIуллакх таллар

Radiomarsho.com 

Соьлжа-ГIаларчу "Мемориалан" куьйгалхочун Титиев Аюбан гIуллакхан хьокъехь талламбар дирзи. Иза бехкевора наркотикаш латторна. Набахтехь яккха итт шо хан йогIу бакъонашларъярхочунна. Шина а агIоно дийцарш дийр ду тIедогIучу оршотдийнахь. Болчу хаамашца, карара бутт бовш кхело бовзуьйтур бу шен сацам. Дахначу шеран Дечкен-баттахь лецира Титиев. Талламчийн версица, цуьнан машенах хьоьвсича, марихуана карийнера. Титиевс бехк тIе ца лоцу, наркотикаш полисхоша шена кхийсина ю бохуш, чIагIдо цо. Изза верси ю Титиевн белхан накъостийн а. Читать дальше...

Францерчу набахтехь дина тIелатар теракт лерина

Radiomarsho.com 

Францерчу Конде-сюр-Сарт набахтехь полицино тIелатар дина тутмакхна а, цунна тIаьхьа еанчу цуьнан хIусамнанна а. Твиттерерчу шен пена тIехь бина хIара хаам Францин чоьхьарчу гIуллакхийн министро Кастанер Кристофа. Полисхоша тIелатар даран бахьана дара, "АллахIу акбар" бохуш, мохь а бетташ, шина хадархочунна оцу тутмакхо уьрсаца чевнаш яр. BFM телеканалан информацица, цхьана сахьтехь а сов дIаяьхьна ницкъахоша лерина операци. ТIечIагIбазчу хаамца, тIелеттачо дIахьедина хилла, шен дегIах оьккхуьйтург ю аьлла. Читать дальше...

Тумгоев Донбассехь тIом бина вац аьлла къайлахчу сервисаша

Radiomarsho.com 

Украинера экстрадици йина Къилба-ХIирийчуьра вахархо Тумгоев Тимур Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисаша бехке ца во, Донбассехь оьрсашна дуьхьал тIом барна. "Кавказ.Реалии" портале бина и хаам, Тумгоевн гIуллакх толлучу хьостано. "Талламчийн материалашкахь Украина хьехош яц, я хир а яц аьлла хета суна", - дийцина цо портале. Ишта дуьйцучо билгалдаьккхина, Тумгоевн гIуллакх теллина долуш хилар а, цунна дуьхьал кховдийна бехк кхаа артиклца хилар а. Дийцарехь, 15 шарера 20 шаре кхаччалц хан кхачайо цунна набахтехь яккха. Читать дальше...



Туркменистанерчу маьршачу кепехь латархойн клубан куьйгаллехь ву нохчо

Radiomarsho.com 

Байначу баттахь дуьйнна Туркменистанерчу маьршачу кепехь латархойн тобан куьйгаллехь ву олимпикан чемпион, нохчо Ирбайханов Рамазан, яздо "Грозный-информ" хьостано. Хасав-юьртарчу латархойн школехь кхиина ву Ирбайханов. Шахин цIарца тасадаларшкахь хилла ву иза Туркойчоьнехьа а. Цигахь толам баьккхина Ирбайхановс 2008-чу шеран Олимпикан ловзаршкахь, дуьненан а, Европан а чемпион а волуш. Истанбулерчу клубехь болх беш вара гоьваьлла спортхо хIинццалц, яздо Дагестанан латархойн Федерацино  шен сайтехь.

Сталинна дуьхьал Путине яздина кехат

Radiomarsho.com 

Шинаридийнахь Сталин Иосиф валар дагалаца Кремлна гергахь, баьччан коша тIе зезагаш дахка гулвеллера масех бIе стаг, коьртехь коммунисташ а болуш. Сталинна хIоттийначу хIолламна гонах акци баьхкинера ишта, иза вазван дуьхьал болу нах а цхьана. "Декоммунизация" олучу проектан жигархочо Сталинан хIолламна тIе кагдина зезаг а кхусуш, мохь тухуш элира: "Жоьжахатехь вага, халкъан чалтач, зударий а, бераш а дайинарг!" Ткъа Сталина репрессеш йинчеран тIаьхьено Путине язбина кхайкхам дIабийшира гуламехь.

ГIуда а тохий, ша маьршаваккхар дехна Емельяненкос

Radiomarsho.com 

Некъан низамаш дохийна, Кисловодскехь къайлавала гIоьртича полисхоша дIалаьцначу ийначу кепехь латархочо Емельяненко Александра кхеле дехар дина, гIуда а тохий, ша маьршаваккха аьлла. Кху беттан 1-чу дийнахь хааме даьккхира, Кисловодскехь некъан полисхойх лачкъа гIоьртина хилла Емельяненко аьлла. Кхелехь мукIарло дина хилла спортхочо, къаьркъа а мелла, машенан урхалла дан хиънера ша аьлла. Амма тIе ца дуьту цо, ша полисхошна дуьхьало йина бохург. ШолгIапчу дийнахь итт дей, буьйсий хан а тоьхна... Читать дальше...

Трампа Кремлна тоьхначу санкцешна сагатдо Кадыровс

Radiomarsho.com 

Кремлна дуьхьал санкцеш дIаяхъян Iамеркан президентан Трамп Доналдан хиллачу сацамах комментари йитина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен Telegram-каналехь, "Оьрсийчоьнна дуьхьал интернационал" кхолла дагахь ю Вашингтон аьлла, дIа а хьедеш. "Ма-дарра аьлча, Вашингтон Оьрсийчоьнна дуьхьал интернационал кхолла гIерта, цхьайолу пачхьалкхаш шена тIеерзош, вукхарна кхерамаш туьйсуш, шантаж еш, Оьрсийчоьнехьа церан цабезам гIаттош", - яздина Кадыровс. Нохчийчоьнан куьйгалхочунна хетарехь... Читать дальше...

Энергетикан министраллан куьйгалхо хуьйцуш ву Кадыровс

Radiomarsho.com 

Индустрин а, энергетикан а министраллан урхалле хIотто кечвина керла кандидат вовзийтина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Парламентехь дагабийларш хиллачул тIаьхьа министраллан хьаькам хила тарло Шаптукаев Рустам. REGNUM агенталло бинчу хаамца, хьалхо премьер-министран гIоьнча лаьттина ву иза. Нохчийчоьнан Iедалхоша гергарчу заманчохь экономика кхиорехь, чIагIъярехь бан безаш дуккха а белхаш хилар билгалдоккхуш, Кадыровс ша тешна ву аьлла, министрийн кабинетца цхьаьна керла министр хIиттийначу Iалашонашца ларор ву аьлла. Читать дальше...

Спорт в России и мире
Москва

Эксперт Президентской академии в Санкт-Петербурге о Всероссийском конкурсе спортивных проектов «Ты в игре»


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
WTA

Соболенко вышла в ⅛ финала турнира WTA в Мадриде


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Москвичам рассказали, какие усадьбы столицы можно посетить для пикника





Путин в России и мире
Москва

Пашинян подготовил "подарок" Путину к его инаугурации. Запад будет доволен


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Лукашенко заявил о желании построить в Белоруссии вторую АЭС




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире
Киев

Мэр Киева Кличко рассказал о попытках встретиться с Зеленским лично


Навальный в России и мире


Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Баста

Баста: «Я ходил в компьютерные клубы в Ростове. Любимый боец в MK – Шан Цунг»



Москва

В Москве проходит Благотворительный фестиваль «Пасхальный дар»

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net