Сомалихь динчу тIелатарехь вийна 15 стаг, чевнаш йина ву 20
Террорхойн Аль-Шабаб тобанхоша тIелатар дина Сомалерчу Могадишорчу къинхьегаман министраллан гIишлона шоьтадийнахь. Герзаш диттина вийна мел лахара а 15 стаг, ву цаьрца урхаллан министран гIовс а. 20 гергга стагна чевнаш йина. Reuters агенталло бина и хаам. Машенахь герга а веана, тIелатар дечо эккхийтина хилла автомобил, цул тIаьхьа герзашца министраллан гIишло чу чулилхина зуламхой. Шоьтаде-белхан де ду Сомалехь. Аль-Шабаб тоба йоцург а, тIелатар шена тIелаьцна дуьненаюкъарчу террорхойн Аль-Каидас а. Читать дальше...