Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Март
2019

Новости за 11.03.2019

"Кадыровцаш къам доьхкина кIиллой бу"

Radiomarsho.com 

Блогеро Абдурахманов Тумсос дуьйцу шена "Лордо" чIир кхайкхорах а, ша Кадыровс сийсазварх а лаьцна Вевзаш волчу блогеро Абдурахманов Тумсос хьалхо онлайн-дебаташкахь эшийначу Нохчийчоьнан парламентан спикеро Даудов Мохьмада ("Лорд") кхерамаш туьйсу шен оппонентна. Шоьтан сарахь Инстаграмехула цо дIахьедира, Польшехь къайлаваьлла веха Абдурахманов хIинцачул тIаьхьа шех кхера веза, ша вуьжучу заманахь цо терго ян еза, къевлина ю я яц шен неI, аьлла. "Ас а, сан вежарша а чIир кхайкхайо хьоьга, нах теш а болуш"... Читать дальше...

Нохчийчохь тIом бина сешлелорхо вийна тундрехь

Radiomarsho.com 

Ямало-Ненцойн автономан гонехь Ямалан кIоштахь вийна 40 шо долу сешлелорхо Нохчийчохь тIом бина Хоротетто Николай, яздо "ЦIен Къилбаседа" газето. Цуьнан дакъа карийна Сабетта эвлана 120 километр генахь. Полисхоша таллам бича гучудаьлларг ду Хоротетто тундре вахана хилар. Цуьнан дакъа карийна дIакъевлинчу буру тоьхначу меттигана уллехь моторан салазна тIехь. Сешлелорхо вийна хиларан тоьшаллаш ду юьхь цIех юьзна а, йохийна а хилар а, дегIа тIехь чевнаш хилар а. Болчу хаамца, лерринчу суьдан-медицинан... Читать дальше...

Даудовс чIир хьехор нийса ца хета Нохчийчуьрчу бахархошна - Кавказский узел

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан парламентан гIандаc Даудов Мохьмада блогерна Абдурахманов Тумсона, чIир а хьехош, кхерамаш тийсарна реза бац Нохчийчуьра бахархой, хаам бо "Кавказский узело". YouTube-хь ша арахецначу видеоан тIехь Даудовс кху беттан 9-чу дийнахь дIахьедар дира, Абдурахманов шен мостагI ву аьлла, цо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа емал веш аьлларг бахьана долуш. Амма цо билгалдаьккхира, ша дуьйцург, Абдурахманов вуьйр ву бохуш, кхерамаш тийсар дац аьлла. Нохчийчуьрчу бахархошна хетарехь, Даудовс Абдурахмановга чIир хьехор догIуш дац нохчийн ламасташца. Читать дальше...



ДАIИШ-ан тIаьххьара гIала юьтуш бу нах

Radiomarsho.com 

Шемара Багуз гIалара уьдуш бу нах. "Шемин демократин ницкъаша" операци йолийна цигахь: "ДАIИШ-ах бисинчу тIемалойн тIаьххьара гIала" олу цунах кху муьрехь.

Колонехь даккха 18 шо хан тоьхна Хашагульгов Якъубана

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчуьрчу вахархочун Хашагульгов Якъубана хан тоха сацам бина Къилбаседа Кавказерчу тIеман гонан суьдо. Иза бехке вина ГIалгIайчоьнан а, Къилбаседа ХIирийчоьнан а лаккхарчу кхелан суьдхой а, ницкъаллин структурийн белхахой а байа гIортарна. Цунах лаьцна хаам бо "Интерфаксо". Суьдхочо бинчу хаамца, 18 шо луьрчу хьолехь колонехь даккха хан тоьхна Хашагульговна. Шен агIор цуьнан адвокато Барбар Натальяс дIахьедар дина, шаьш латкъам бийр бу Къилбаседа Кавказерчу тIеман гонан суьдо бинчу сацамна аьлла. Читать дальше...

Харцонца сацийна 750 эзар сом лоьрашна дIаделла Соьлж-ГIалахь

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу берийн цергийн лоьрийн поликлиникерчу белхахоша латкъам бинера Iедалшка, балхара дIадохуш, низамо ма бохху, компенсаци ца елла шайна аьлла, хаам бо Интерфаксо. Оьрсийчоьнан Роструд федералан сервисо декхарелахь йина поликлиника цу нахана 750 сов эзар сом ахча дIадала. Цунах лаьцна хаам бина цу урхаллан зорбанан сервисо. Цу хаамехь билгалдоккхуш ду ахча хIинцале а дIаделла хилар а, цунна бехке волу поликлиникан куьйгалхо административан жоьпе озийна хилар а. Соьлж-ГIаларчу "Республикан... Читать дальше...

Титиевна 4 шо тохар доьху прокуроро

Radiomarsho.com 

Шелан кIоштан кхелехь Титиев Оюбан гIуллакхехь цунна бехк буьллуш къамелаш дина прокурораша Байтаева Миланас а, Ахматов Джабраила а.  Ахмадовс шен вистхиларехь билгалдаьккхина Титиев бехке хилар тIечIагIдина шаьш, цо дина зулам набахтехь яккха хан тоха оьшуш ду аьлла. Цо доьхург ду бакъонашларъярхочуьнга юккъерчу чIагIалла йолчу колонехь 4 шо даккхийтар а, ткъа иштта 100 эзар сом гIуда такхийтар а. Прокуроро дийцарехь, суьдо тидаме эца деза Титиев 2018-чу шарахь Дечкен-баттан 9-чу дийнахь дуьйна лаьцна талламан изоляторехь латтош хилар. Читать дальше...

ДАIИШ-ера цIакхелхаш бу зударий а, бераш а

Radiomarsho.com 

20I7-чу шарера схьа 200 сов зуда а, бер а Оьрсийчу юхакхалхийна Шемара а, Иракъера а. Уьш бу Москвара, Пензин махкара, Башкортостанера, Нохчийчуьра, Дагестанера Малхбале дIабахана хилларш. Цхьаберш ца кхиина цIехьаберзо – уьш Иракъан кхело, терроризмна бехке а беш, оьмар кхачаяллалц набахтешкахь кхаба совцийна.

Кавказан уггар тоьлла пондарча хаьржина Паскаев Рамзан

Radiomarsho.com 

Кавказан уггар тоьлла пондарча хаьржина Нохчийн Республикан халкъан артист Паскаев Рамзан, хаам бо "Нохчийчоь тахана" хаамийн агенталло. Нальчикехь хилла Кавказерчу тоьллачу пондарчашна "Дашо итт пондарча" музыкан совгIат даларан церемони. Паскаевс лаккхара говзалла гайтина кехатан пондар локхуш. ЮНЕСКО-ца цхьаьна и церемони вовшахтоьхнарг яра Оьрсийчоьнан културан а, дешаран а министраллаш а, ткъа иштта кхин а цхьамогIа култураца йоьзна юкъараллаш а.

Шереметьевон кхерамазалла зен гIоьртина Iамеркан дипломат - Кадыров

Radiomarsho.com 

Iамеркан дипломат Шереметьево аэропортера кхерамазаллан система зер Iалашонца чамдичохь мина Москохара Нью-Йорке доьдуч кемантIе яккха гIоьртина аьлла, хета Кадыров Рамзанна. Цунах лаьцна Нохчийчоьнан куьйгалхочо яздина социалан машанашкахь. Кадыровс дийцарехь, мина яьсса хиллла, амма оьккхуйту коьчалла хилла цунна тIехь. Цо билгалдаьккхина мина аэропорте еанарг дипломат хилар дуьсур дац жоп доцуш аьлла. Хьалхо бинчу хаамца, Зазадоккху-беттан 9-чу Iуьйранна Iамеркан Оьрсийчуьрчу векаллан белхахочуьнан... Читать дальше...

Нохчийчуьрчу лоьрийн говзалла лакхайоккхур ю Туркойчохь

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан могашаллан министралло барт бина Туркойчуьрчу Acibadem Hospitals Group медицинан центрца, нохчийн лоьрийн говзалла лакхайоккхуш гIо дан. Цунах лаьцна хаам бина меттигерчу могашаллан министро Сулейманов Эльхана, яздо "Нохчийчоь тахана" сайто.  Министро дийцарехь, оццу хенахь дуьненахь а бевзаш болу профессорш богIур бу Нохчийчу лоьраш Iамо а, царна дархошна дарба дан накъостала дан а.

Спорт в России и мире
Москва

Эксперт Президентской академии в Санкт-Петербурге о Всероссийском конкурсе спортивных проектов «Ты в игре»


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
Елена Рыбакина

Названы победительницы матчей Рыбакиной и Путинцевой за четвертьфинал турнира в Мадриде


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

"Экобас" не для Невы: стильные электросуда для Москвы делают в Ленобласти





Путин в России и мире
Москва

Пашинян подготовил "подарок" Путину к его инаугурации. Запад будет доволен


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Лукашенко заявил о желании построить в Белоруссии вторую АЭС




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире
Киев

Мэр Киева Кличко рассказал о попытках встретиться с Зеленским лично


Навальный в России и мире


Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Джиган

Рэпер Джиган вызвал Тимати на поединок из-за шуток в свой адрес и проиграл



Москва

В Москве проходит Благотворительный фестиваль «Пасхальный дар»

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net