Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Март
2019

Новости за 12.03.2019

Колонехь вийна карийна Кадыров Ахьмад-Хьаьжин хилла гIаролхо

Radiomarsho.com 

Владимиран номер 6 йолчу колонехь вийна карийна Кадыров Ахьмад-Хьаьжин хилла гIаролхо Тунтуев Аюб. Иза чувоьллина вара 24 шо хан а тоьхна, террорхо хилла аьлла. Болчу хаамца, цо ша шена тIе куьг даьхьина. Хьалхо Тунтуев леткъамаш беш вара, ша оцу колонехь хьийзош хиларх.

"Бусалба волчу суна эхь хета шуна хьалхара"

Radiomarsho.com 

Кхело шена деллачу "тIаьххьарчу дашехь" бакъоларъярхочо Титиев Оюба цIерш яьхна ша бехказа хьийзавойтучийн Нохчийчохь дирзина "Мемориалан" Соьлжа-ГIаларчу декъан куьйгалхочунна Титиев Оюбна тIехь ечу кхелан ладегIарш. Бакъоларъярхо бехкево 228-чу артиклан 2-гIа декъо къастийначу зуламна. Прокурораша цуьнга набахтин юкъарчу хьелашкахь 4 шо даккхийтар а, 100 эзар сом гIуда такхийтар а доьху. Кхело ша сацам кхайкхор бу аьлла кху беттан 18-чохь. Дов доьрзуш шена еллачу бакъонца "тIаьххьара дош" аьлла Титиевс. Читать дальше...

Гацаев СаьIид. Мох бели...

Radiomarsho.com 

Гацаев СаьIид **** Мох бели – гІа ца лести. Ло дуьйжи коьрта тІе. Со винчу лаьмнех къаьсти, Сахьийзо къемате. Некъ хаьдда хьалха боьду, Мел везнарг геннахь вов. ГондІа бу шийла бода, ГондІа ю шийла ткъов. Хьо къаьхьа хьаьдда болар! Іаьржъелла маьркІаже! Хаза а ер ас ойла Цкъа тІаьхьа меллашехь. ЛадоьгІча хІинца кесттехь, ДІайовш и гІовгІа-гІар, Дагахь ю цІера бІаьсте, Со сецош новкъара. Делахь а…Хьадий чехка ДІагІо хьо хьалха, некъ. Ма-луъу уьш схьалехка – Чекхвер со халонех!



Уггар дукха миллиардераш бехачу гIалийн рейтинг хIоттийна Forbes-о

Radiomarsho.com 

Forbes журнало рейтинг хIоттийна уггар дукха миллиардераш бехачу 10 гIалан. Хьалхара меттиг пхоьзлагIа а дIалаьцна 84 миллиардер вехачу Iамеркерчу Нью-Йорко. Цигахь бехачу миллиардерийн хьал ду 470 миллиард доллар. Уггар хьал долу стаг ву цу гIалахь 50,5 миллиард доллар долу Майкл Блумберг. ШолгIачу меттехь ю ХIонконг. Цигахь вехаш ву 79 миллиардер, 350 миллиард доллар барамехь хаьл а долуш. КхоалгIачу меттехь ю Москох. Оьрсийчоьнан коьртачу гIалахь вехаш ву 71 миллиардер. Царах 3 ву дуьненаюкъарчу санкцешна кIеллахь. Читать дальше...

Алиев ГIапур. Дено-денца даг тIе язлуш...

Radiomarsho.com 

Алиев ГӀапур *** Дено-денца даг тIе язлуш, ГIайгIано со хьийзаво. Ерриге марзонаш хедош, Яхна зама кхаьрдаш го. Тоххарехьа, кхин ца Iехош, Сатийсамаш севцина. Дерриге а деккъа оьхьуш, Шерийн кхетам базбелла. Бен а доцург бен а доцуш Iаддадита Iемина, Дог ду сецна, кхин ца хьоьгуш Хьега луъчух, ша дисна. Суна гина хаза гIенаш ГIенаш хилла дIадайна. Ас ладегIна зевне эшарш, Къар а елла, севцина. Иза-м мацца хир ду бохуш, Ас мацненна дитина, Эццахь хилла ирсан дакъош Мацне йоцуш дисина. Читать дальше...

Алиев ГIапур. Хала а, атта а...

Radiomarsho.com 

Алиев ГIапур *** Хала а, атта а цхьа къуьда латийна, Цхьа кехат карийна, карийна къолам, ДIайижа кечъелла ойла а гIаттийна, Дехачу дийно мел гайтинарг кегийна, Дерриге дуьне шен долалле далийна, Цхьа миска миска ву наб яйна Iаш. Ша воцург, массо а барамца нисвина, Шен доцург, массеран карийна гIалат, Массо а хаттаршна жоьпаш а кечдина, Шен йоцург кхечеран харцо а иэшийна, Шегахь ю моьттучу бакъоно Iехийна, Цхьа йоккха харцо ю наб яйна Iаш. ХIаваэ хIаваан тIемаша айина, Дицделла мел лайнарг... Читать дальше...

Яндарбиев Зеламха. Ка ягош, шедан кхаж къевлина...

Radiomarsho.com 

Яндарбиев Зеламха *** Ка ягош, шедан кхаж къевлина, Урх хецна, човхийна дин, Зама ахь, хьаьнца-хIун къевсина, Кхолламах сан иэмалк йин. Ойланийн ковранаш, са меца, Ахь мича кхачаян лоьру – Схьаэккхал, гатделла дог сецча, Кхачалуш хилча вайн оьмар?..

Яндарбиев Зеламха. Нанина

Radiomarsho.com 

Яндарбиев Зеламха. Нанина Нана а дIаяха, дIаяха... яц кхин… Цо кIентан амалийн дуьрста а яцйин, Цо кIентан Iуьйренаш, суьйренаш макхйин, Дог-ойла дахаран дезаршна якхйин. Малх кхолий стигалахь, мархашла хьарчош, Бутт леци, кхиале гIушлакхе кхача, Дохк даржош кхетаме, бодане карчош, Ойланийн бос бахьий, бIаьрг кхолий, лаца ТIам боцуш, йист йоцчу тIурненен пана ДIакарчий кхоллам а, эрначу ара – Да воцуш хьаста, я гIолаца воцуш Ваша а, догъэца йиша а йоцуш, ТIетовжа доттагI а, езар а йоцуш... Читать дальше...



Раиса Ахматова. Хуур дац кхолламо хIун кечдо вайна...

Radiomarsho.com 

Раиса Ахматова *** Хуур дац кхолламо хIун кечдо вайна: Забарна санна цкъа совгIат до цо. Ткъа, юха, ахь хIинццалц гулдинарг дерриг Лаххьадой дIадоккхий, дог дохадо. Сан мел дерг дIаэца – эшац и суна: Беха некъ бу хьалха – и ду сан хьал! Амма хьоь, хIай кхоллам, ду сан цхьа дехар: Адамийн харцонах ларъелахь со!

Гацаев СаьIид. Уьш вайна ца лаьтта...

Radiomarsho.com 

Гацаев СаьIид Уьш вайна ца лаьтта, Уьш вайна ца лаьтта, Вайн дай а ца лаьтта, Наной а ца лаьтта, ДIабоьлху лаьттах, Мохь аьлла вай хьовзарх, Мохь аьлла вай ластарх, Вайн дай а дIабоьлху, Наной а дIабоьлху, ДIабоьлху лаьттах, Вайн дай а ца совцу, – ДIабоьлху лаьттах. Уьш вайна ца лаьтта, Уьш вайна ца лаьтта, Вежарий ца лаьтта, Йижарий ца лаьтта, ДIабоьлху лаьттах, Мохь аьлла вай хьовзарх, Мохь аьлла вай ластарх, Вежарий дIабоьлху, Йижарий дIабоьлху ДIабоьлху лаьттах, Вежарий ца совцу... Читать дальше...

Яндарбиев Зеламха. Сан пачхье

Radiomarsho.com 

Яндарбиев Зеламха *** Сан пачхье ю – нана еха хIусам, Дай баьхначу юртахь жима цIа. Дуьненах со къастахь къаьста со цунах, ДегIах къастахь цунах къаьста са.. Сан пачхьенан малх бу ненан хьажар, БIаьра хьаьжна сирла елакъажар. Сан пачхьене боьдург цхьа некъ бу,  Цунах кхеташ – бIе эзар кхин, Цаьрца хIоранца со лелла ву, ХIоранца а бу сан ирсан цинц. Сан пачхье ю – нана еха хIусам, Ирсе боьду некъ а цу тIе бу..

Бана Гайтукаева. Теша со...

Radiomarsho.com 

Бана Гайтукаева Теша со... Теша со, хьо кхочур ву,  Сайн логехь совцийна бIаьрхиш,  Ас хьоьга дIахьовсур ду  Къастаро делхийна бIаьргаш... Теша со, хьо кхочур ву,  Ирсо вайн къагор ду дегнаш,  Ас хьоьга туьдуьйтур ду  Сайн безам хьагбина гIенаш... Теша со, хьо кхочур ву,  Дитина мел долу дезарш,  Ас хьуна дIайоьшур ю  Хьан цIарца кхоьллина байташ... Теша со, со хьоьжуш ю,  Дицдина мел долу вонаш,  Хьан белшаш тIе дохкур ду  Хьо воцуш шелделла куьйгаш.....

Къола дина аьлла, дIалаьцна Макгрегор Конор

Radiomarsho.com 

Iедалшца юха а проблемаш ю латархочун МакГрегор Коноран. Шеца селфи ян гIоьртинчу фанатан мобилан телефон кагйина, цуьнан гаджет дIаяхьарна бехкево ирландхо хIинца.

ДАIИШ-ера цIайирзинчу зудчун истори

Radiomarsho.com 

Бибулаева Залина Дагестанера ю. Тамаше ду цуьнан ДАIИШ-ера яда аьтто балар. ХIинца иза ю шен даймахкахь. 2014-гIа шо тIедаллалц Залина шен берашца цхьаьна яьхна Туркойчохь. Цо ша дийцарехь, иза тешна нах тIаме кхойкхучех, керла дахар кхоллархьама яхана Шема.

Путин "дIавоьллина" жигархо чувоьллина 28 денна

Radiomarsho.com 

Набережные Челны гIалан суьдо, 28 де хан а тоьхна, чувоьллина меттигерчу Талламан комитетан гIишлонна хьалха Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран каш ду аьлла сурт хIоттийна волу юкъараллан жигархо Ямадаев Карим. Иза бехке вина шозлагIа а дуьхьалонан акци дIаяхьаран кеп йохорна. Зазадоккху-беттан 10-чу дийнахь Ямадаев дIалецира полисхоша дуьхьалонан акци дIаяхьарна. Аьчкан керт а, Путинан сурт а, иза вина а, велла а хан (1952-2019 ) тIехь йолу чурт а хIоттийнера цо дIадаханчу кIирандийнахь. Читать дальше...

Лераса юхадало Iемина Дагестанера лоьраш

Radiomarsho.com 

ХIинжа-ГIаларчу номер 1 йолчу дарбанан хIусамехь лераса юхадалийна маситта дархочун. Цунах лаьцна хаам бина цигарчу зорбанан сервисо. ДIадаханчу кIиранах 3 зудчун операци йина лоьро Ахмедов Ясудара, 100 процент лераса юха а далош. Царах цхьаъ къора хилла 30 шарахь. Операци йинчул тIаьхьа операцин стоьла тIехь а йолуш хаза йолаелла иза. Ахмедовс дийцарехь, хIинццалц хезна йоцу цу тайпа операцеш цара еш ю стохка Гезгмашин-баттахь дуьйна. Хирурго дийцарехь, цхьана операцина оьшу 40 минот, ткъа лоьрийн гIо кхин ца оьшуш... Читать дальше...

Даудовс йийраш забарш яц, боху Абдурахмановс

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан парламентан гIантдас Даудов Мохьмада шена кхерамаш тийсар забар йоций хууш тIеоьцу ша аьлла, дIахьедар дина нохчийн блогеро Абдурахманов Тумсос, ББС-на ша еллачу интервьюхь. Ша кхеравелла вац, амма ша кхеташ ву, и дерриг а баккъалла а, кхераме а хилар, билгалдаьккхина цо. "Блогеро чIагIдарехь, цуьнга хаам кхаьчна, нохчийн Iедалш Европехь "чалтачаш" лоьхуш хиларх лаьцна",- яздо ББС-но. Абдурахмановс дийцарехь, иза дагахь ву ша ларвар Iалашонца сема хила. Абдурахманов карарчу хенахь Польшехь ву. Читать дальше...

Бусалба нехан терахь десташ дуй Оьрсийчохь?

Radiomarsho.com 

Хенан йохалла мел дукха хир бу бусалбанаш Оьрсийчохь? Кеп-кепара ю экспертийн прогноз, делахь а цхьаъ ду билгалдолуш – алсамдер ду бусалба нехан терахь. 15 шо даьлча Оьрсийчоьнан бахархошлахь 30% хир бу бусалба нах, цундела тIеоьшу иттаннаш маьждигаш, дIахьедина Оьрсийчуьрчу бусалбанийн урхаллин куьйгалхочо Гайнутдин Равила "Оьрсийчуьрчу исламан истори: патриотизман ламасташ а, юкъахь дахар а" цIе йолчу Пачхьалкхан Думерчу конференцехь. "2050-гIа шо тIедале кхачор бу Оьрсийчоьнан бахархой" ... Читать дальше...

Кхел еш ю Буденновскехь хиллачу нохчийн тIемалочун

Radiomarsho.com 

1995-чу шарахь Буденновск гIалана тIелатарехь дакъалаьцна нохчийн тIемалочун кхел йийр ю, хаам бо Оьрсийчоьнан инарлин прокуратуро. Вуьйцург ву Исламов Руслан. Цунна бехке дуьллуш ду "низамаш лардон органийн белхахой а, ницкъаллин структурийн белхахой а байар а, могIарера бахархой "закъалтана лецар" а, "зуламан тобан декъашхо" хилар а, "терроран тIелатар дар" а, аьлла ду цу хаамехь. Талламан версица, 1995-чу шарахь Мангалан-беттан 14-чу дийнахь нохчийн тIемалойн буьйранчан Басаев Шемилан тобанна... Читать дальше...

Титиевна йина кхел йовзуьйтур ю кху беттан 18-чохь

Radiomarsho.com 

Титиев Оюбан гIуллакх листар дIадерзош пренеш хилла Шеларчу кIоштан кхелехь. Шинарин дийнахь боккхачу барамехь наркотикаш лелорна бехкевинчу "Мемориалан" Нохчийчуьрчу декъан куьйгалхочо элира шен тIаьххьара дош. Шена хаьа, хан а тоьхна, ша чувуллур хилар, цундела Далла тIе болх а биллина, цо динчунна реза ша, бохуш вара Титиев. Суьдхочо бинчу хаамца, бакъонашларъярхочунна йина кхел йовзуьйтур ю Марсхьокху-беттан 18-чу дийнахь. Пренешкахь прокурораша дийхира Титиевна 4 шо колонехь даккха хан а, 100 эзар сом гIуда а тохар. Читать дальше...

Къоначу байтанчийн къовсам кхайкхийна Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Нохчийн байтийн къовсам кхайкхийна Нохчийчохь, «ЛарбеМотт» проект кхочуш еш. Поэзи хила езаш ю Нохчийчуьрчу Iаламах лаьцна. И къовсам дIохьош бу, "Бенара бIаьсте" халкъан кхоллараллан фестивалана кечам беш, хаам бо "Нохчийчоь тахана" сайто. Цу юкъахь дакъалоцуш хир бу 30 шо кхачанза къона поэташ. Тоьллачу байтийн могIанаш яздина хир ду "Бенара бIаьсте" фестивалан поэзин гайтаман баннершна тIехь.

Спорт в России и мире
Москва

«Торпедо» объявило об уходе хоккеистов Кручинина, Бауи и Малова


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
Елена Рыбакина

Названы победительницы матчей Рыбакиной и Путинцевой за четвертьфинал турнира в Мадриде


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Столичный транспорт стал удобнее и экологичнее





Путин в России и мире
Москва

Пашинян подготовил "подарок" Путину к его инаугурации. Запад будет доволен


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

«Набей им морду, покажи им, что ты настоящий белорус». Лукашенко о поездке спортсменов на Олимпиаду




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире
Киев

Цинизм зашкалил: Елена Зеленская повеселилась в Киеве с герцогиней Эдинбургской


Навальный в России и мире


Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Бато Багдаев

Театр, искуство, Россия и дети: кукольная фотосессия в Бурятии



Москва

Шесть человек пострадали в результате ДТП с маршруткой в Москве

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net