Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Март
2019

"Бусалба волчу суна эхь хета шуна хьалхара"

0

Кхело шена деллачу "тIаьххьарчу дашехь" бакъоларъярхочо Титиев Оюба цIерш яьхна ша бехказа хьийзавойтучийн

Нохчийчохь дирзина "Мемориалан" Соьлжа-ГIаларчу декъан куьйгалхочунна Титиев Оюбна тIехь ечу кхелан ладегIарш. Бакъоларъярхо бехкево 228-чу артиклан 2-гIа декъо къастийначу зуламна. Прокурораша цуьнга набахтин юкъарчу хьелашкахь 4 шо даккхийтар а, 100 эзар сом гIуда такхийтар а доьху. Кхело ша сацам кхайкхор бу аьлла кху беттан 18-чохь.

Дов доьрзуш шена еллачу бакъонца "тIаьххьара дош" аьлла Титиевс. "Кавказ.Реалиис" довзуьйту цуьнан къамелан коьрта дакъош.

- Суна баркалла ала лаьа сайн белхан накъосташка а, доттагIашка а цара кху 14 баттахь бинчу балханна. Сан вуно дика доттагIий а, белхан накъостий а бу. Баркалла ду адвокаташна – цара гайтира суна тIехьарчийначу бехкан, аьлча а, моттаргIанийн, мах кху кехатан боллучул бен боцийла.

Ас баркалла олу суна тIехьарчийна бехк моттаргIа хиларх лаьцна къамелаш динчу политикашна, Путине оцу хьокъехь вистхиллачу Францин Фрезидентна, Нохчийчу а лелаш, сан агIор къамелаш динчу Явлинский Григорийна, Собчак Ксенияна.  

Кхуза а богIуш, кхелера хьал довзьуйтуш хьийзинчу журналисташна, дов тергоне эцначу Европерчу институташна баркалла. Харц дов соьга кховдорна шайн резадацар даржош леллачу иттанашна, эзарнашна. Баркалла соьга кехаташ кхехьийтинчарна – уьш дагардина ца валлал дукха дара. БIеннашкахь кхочура уьш соьга.

Со бахьанехь балахьегначу гкргарчаьрга къинтIера бовлар доьху ас. Царна суначул а хала ду. Садеттарна, собаре хиларна баркалла боху ас цаьрга.

Адвоката Новиковс дийцира, вайн кху кхело рекорд яьккхина аьлла – цхьа рекорд а яцара иза. Тешна ву кху сан кхело харцонашца, адамах цаяшарца рекорд яьккхина хиларх.  Тхо кийча дара оцу хьоланна.

Со, Титиев Оюб Салманович, 2018-чу шеран Дечкен-беттан 9-чу дийнахь Делан лаамца нисвелла гура чу. Ас хастамбарца тIеоьцу со зер. Деа беран да ву со. Догдоху цара шайна Веза-Воккхачо тIедожийна дукъ ловриг хиларх.

Беран хенахь дуьйна веха со Курчалой-Эвлахь. 61 шо ду. Оцу хена юкъахь дукха хIума хийцаделла, хийцаделла Iедалш, социализм йирзина яхначу замане, иза хийцина демократино. Тамаше ю демократи вайн пачхьалкхехь – интернетехь цхьа пIелг тIетаIийна олий, стаг чу ца вуллу демократи лелачу мехкашкахь. Ма-хуьллу хьийза Пачхьалкхан Дума – дено-дено арадоху маршо хьошу низамаш.

2017-чу шеран ГIадужу-баттахь Молдавехь хилира тхо – бакъоларъярхойн, юристийн тобанца вара со, пачхьалкхан хьаькамашца, хьукматашца цхьаьнакхетарш дIадаьхьира оха. Юстицин министраллица а хилира цхьанакхетар. Махкахь веха 4 миллонал совъоьккхуш стаг - 8 эзар ву цигарчу набахтешкхахь. Доккха терахь а дац иза.

Цигахь низамаша къинхетам бо халкъах, амма луьра ду хьаькамашца. Цара набахте кхачийна шиъ-кхоъ премьер-министр а, ткъеиттех сов прокурор а, кхелахо а. Вайн пачхьалкхехь гойла дац иштаниг. Вайн миллионал сов стаг ву чохь воллуш, ткъа и "эскар" кхаба гIерташ, дукха ахча дойу пачхьалкхо – тIеман хьашташна хьажочул массийттаза дукха.

14 бутт бу со чохь воллу, сайна маьрша ваха елла бакъо караерзо аьтто ца болуш.2018-чу шеран Дечкен-беттан 12-чохь ас яздира пачхьалкхан президенте, жоп дац цкъачунна кхаьчна. Сан агIо лоцуш, шозза къамелдина Явлинский Григорийс, цо цул тIаьхьа президенте а дийцира суна тIехь лелочу харцонах лаьцна. Цхьа а реакци яц. Мила ву со ванне а? Харжамийн гIутакхан цхьа кхаж. Со саннарш миллионашкахь бу. Кхин мах ца го шайн миллионаш нахана. Ткъа ас зулам кхиош хилла, гарехь – харжаман кхоже санна ма хьежахьара адаме, бохуш, Iедале суо тидаме эцийта гIерташ.

Жоп суна Нохчийн Республикера деара – ши могIа бара цу тIехь. Бохура, сан дешнаш бакъ ца карийна, аьлча а, аьшпаш буьттуш хилла ас. Нийса олу, Керлачу шарца декъалдан бен дац оьшуш вайн махканна халкъ. Амма паччахь дика адам хиларх халкъ ду тешаш тахана а.

Анекдот дагаоьккху кхузахь. Воккха стаг-жуьгти хилла Белхаман Пена хьалха  хIуьттуш хIора денна. Журналисто хаьттина, стенна леладо ахь иза. 40 шо ду халкъанна ша беркат, токхе дахар, кхидолу дика доьху, аьлла къаночо. ТIаккха хIун хета хьуна, хьаттина цуьнга. Айса 40 шарахь пенаца къамелдеш санна хета,  жоп делла стага.

2001-чу шеран аьхка "зачистка" яра тхан юьртахь йоьдуш, 100 сов стагна гIело йира, сан пхи юьртахо эккхийтира. Ас эскархошкара юьйлучу къизаллах лаьцна яздира. Юьртахоша куьйгаш лехьийра цунна буха. Бераш санна хьийзара тхо, яздинчу куьйгийн бала кхочур бу моьттура тхуна, оха депуташка дIаделира кехат.

Депутатех цхьамма кхо могIа арабаьккхира газетехь – хетарехь шеггара мах беллера цо иза кепа тухург – "зачистка" дIаяьхьна, 5 стаг вийна, аьлла. Ас яздинарг шина агIонтIехь хиллехь а, яцара яьхна ур-атталла цIерш а.

Вуно сиха баьхкира сан таханлера "Мемориалера" коллегаш, царна юкъахь Эстемирова Наташа а яра. Ас уьш дарбан ценошкахула лелийра машенахь, кхачийра наханна тIе, лазийначийн хIусамашка. "Комендантан сахьт" дара хIетахь, уьш буьйссаналц Iан йиш йолуш бацара, амма Наташа сецира тхан юьртахь, цо гIодира болх чекхбаккха. Зачистка чекхъяллачул тIаьхьа 8 стаг лачкъийра тхан юьртара. Ас иза а дIахаийтира коллегашна.

Цул тIаьхьа "Мемориало" бан беза болх бира, массех кIира даьлча лецнарш цIабахкийтира. Уьш, цкъа цхьаъ, тIаккха важа, охьакхийсинера Гуьмсан, Куьрчалан кIошташкахь. ВорхI цIавеара, борхIалгIаниг каронза висира – цуьнан метта дIахецнера кхин стаг. И гIуллакх хIинца а дац дуьззина теллина.

ХIетахь соьга дийхира балха ван, оцу хенахь дуьйна ву со "Мемориалехь". 17 шо ду цигахь ас болх бен, тхаьшка цхьа стаг бен кIелхьара ца ваккхавеллехь а хета суна тхаьш болх эрна ца бина аьлла.

Кху дерриг а шерашкахь кIезиг пайда беана ас сайн доьзална, даа тоъал бен рицкъ цунна ца кхачош. Торура дера суна-м, вевзашволчу, шех "бакъоларъярхо" олуш волчу цхьана стага санна, сайн мел волу гергарниг тIе а язвина, болхбан. Торура кхечу зудчо-бакъоларъярхочо санна, бовдийначу нехан гергарчарна информаци йохка. Амма ду иза далуш, нагахь санна хьо Дела а, дин а, эхь-бехк а доьхкина хьийзахь.

Суна наркотикаш бухакхийсина сол дуккха а жима волчу шина ГБР-хочо (сихха жигара хьавзачу декъан белхахочо). КхоалгIаниг бен дIа а доцуш, хьоьжуш Iийра – иза а ю харцо. Оцу Iуьйранна юьртайистехь со ларвеш лаьттина полисхой. Ткъа аьттобаьлларг вац хIара кхоъ бен. Царна доккха совгIат дина хир ду операци тIех дика чекхъяккхарна. Со тIаьхьакхуьур ву царна, гергарчарна йовзуьйтур ю церан цIерш – дозалла дойла цара шайн нахах.

Зулам дан белхахой вовшахтоьхнарг ву бекхтакхамхой лохучу декъан ("угрозыск") куьйгалхо Джабраилов Дени. КхидIаболу фигуранташ – Хатуев, Гараев, Данчаев. Цул тIаьхьа гIуллакхе озавелла оперативан декъан белхахо Манжиков Андрей а, талламча Муратов Азрет а. Уьш кхуза ханна бахкийтина бу – ца кхета, стенна эшна царна иза, шайн цIа дIабахчхьана ма бовлура уьш. Гарехь, лушйолу хуьскаш шайн сийнал а еза ю царна.

РогIехь юкъавуьйлира сан юьртахо Магомадов Эми. Эхь ца хеташ, ца вешаш тоьшалла дира хаттам боьдучу мурехь, процессан массо а декъашхоша а санна. Зеделларг дацарна, дуккха а гIалаташ довлийтира шегара – суна хьалха куьг яздан гIоьртира, шортта рапорташ яздира. Истори ца евзачунна хаийта бах ас, Магомадов санна болучу айкханчаша 1937-чу шеран Товбецан-беттан 31-чу дийнахь лацийтина 14 эзар нохчо, царех дукхаболучарна тоьпаш тоьхна.

Талламча Саламов массарел а хьалхаваьлла – цунна 25 де бен ца ийшира бехктакхам вовшах а тоьхна, кечбан. Дукха гIалаташ довлийтина шегара, корматалла ледара ю цуьнан, гарехь, цхьана лаккхарчу хьакамо озабезамца схьаэцна иза балха. Цуьна гIалаташ 4 баттахь дIанисдеш ваьллира талламча Хадукаев ИбрахIим.

Цул тIаьхьа прокуратура йолало шен болх бан. Дешна хила а ца веза суна тIебеана бехк шеца цхьа а логика йоцуш буйла ган. Амма бархI баттахь гIерта прокуратура со хоттала хьакхо. Ницкъаллин структурерчу белхахоша дина тоьшаллаш – къовса йиш йоцу "тIаьххьара бакъдерг" дуйла гайта.

Теш Басханов массарел а "тайна" хьаьвзина. Суна моттане а ца моьттура талламхой оццул пайдабоцчу бевр бу – теш наркотикех а вузийна валийра кхеле. Цкъа а хетар дацара, и эхье пал кхелахочо сацор а бац. ЦIий наркотиках мукъадала доьлча, лазарша лецира теш – эхь дара иза. Вайн нийсачу кхелан юьхь тIе тоьхна шат ю иза.

 

Прокурорна Байтаевана дика хаьа хIара дерриг а фабрикаци юйла, амма, стенна делахь а, къобалдо цо.  Къинош летон магош хир ду-кха цунна шегарчу балхах болучу пайдано. Амма мегаш-х даций Делах тешачунна бакъдерг бакъ дац баха.

Ас сайга хоттура хийла, стенна бутту-те наха пуьташ, суна ши бахьана карийна – пайда гулбаррий, кхераррий. И ший а бахьана ду адам юьхьIаьржа хIоттош.

ХIара дов вовшахтоьхначарна шаьш цхьана хIумано цIандо моьтту – омра лакхара охьадаийтина хиларо. Лакхарчех цхьаммо а ца динера омра (Титиев лаца – МР). Цхьаммо лаам къадийна хила тарло, ткъа массо а, шайна хуьлу пайда а гуш, дIахьадда иза кхочушбан. ХIара санна процесс вайн республикехь хир ю аьлча, стагга а тешар вацара 15-20 шо хьалха. Кхин а 20 шо даьлча хиндерг муха ду ала а ца хIутту со. Тамаш бу оцу оцу хене валахь.

Вац со Iехавелла – суна хан тухуш бийр бу кхело сацам. Лаьцнарг бакъвеш сацамаш банне а бац беш пачхьалкхехь. Оцо гойту кхелъен система прокуратурин тергонехь лаьтташ юйла.

Цхьана Далла тIе буьллу ас берриг а болх. Цунна со набахтехь вуьсийла лаахь, ас къерахилла тIеоьцу цуьнан кхел. Амма соьга Дала боху, дерриг а дерззалц латта харцонна дуьхьал, бехкевацар тIедаллалц.

Мел дукха хила беза бойуш, набахте хьийсош болу бакъоларъярхой? Маца иза тергоне оьцур ду Iедало? Европерчу коллегашка дехар ду сан– кху пачхьалкхехь харцонца бо талламаш, лаьа цара кху девнна дуьхьал дуьненаюкъара юрисдикци а, шайгара санкцеш а йохийла. Тхан пачхьалкхехь кIезиг деш хир дара зуламаш, хьаькамаш шайн нана йохка а бацахьара кийча.

Со бусалба стаг ву, хиларх тоьшаллаш дало а ца гIерта. Пачхьалкхан цIарх со бехкевечара а лору шаьш бусалба. Амм цхьа а ца гIоьртира бакъдерг толо. Бусалба волчу суна эхь хета шуна хьалхара. Эхь хета, оццул дакъазбевлла, бусалба бу боху нах гуш.






Загрузка...


Губернаторы России
Москва

Собянин рассказал о развитии инновационной экосистемы Москвы


Спорт в России и мире
Москва

Охрана и безопасность. Как роботы и дроны работают на спортивных объектах?


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
WTA

Потапова не смогла пробиться во второй круг турнира WTA в Страсбурге


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Сергей Собянин. Главное за день





Путин в России и мире
Москва

Эксперт Президентской академии в Санкт-Петербурге о качественном росте отечественного автомобилестроения


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Запись от имени Президента Беларуси сделана в книге соболезнований в посольстве Ирана




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире
Киев

Зеленский заявил, что обеспокоен заявлениями республиканцев в США


Навальный в России и мире


Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Концерт

Тариф – Концерт. Провести свой Концерт.



Москва

В Польше расследуют "причастность России" к пожару в варшавском ТЦ

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net