Басаевн тобанехь хилла бохучу Яндиевс кхелехь бехкаш тIе ца лаьцна
БуьритIехь резонансе теракташ дина ву аьлла, Словакино Оьрсийчоьне дIавеллачу Яндиев Аслана бехк тIе ца лаьцна, яздо "Новости" агенталло. Къилбаседа-Кавказан тIеман кхелехь кхааридийнахь довхаттар долийна Яндиевн. Иза бехкево ишта Басаев Шемалан тобанехь хилла ву аьлла а.
"Ас мукIарло дийр дац сайгара ца даьллачунна а, айса дина доцчунна а. Со хIуманна а бехке вац", - аьлла Яндиевс йоьдучу кхелехь. Талламчийн версица, 2005-чу шарера 2006-чу шаре кхаччалц кхечу тобанхошца цхьаьна "Владикавказ-2" подстанцина герзаш диттина хилла цо, сахьташкахь юьйлинчу реактиван гранаташ лоьлхуьйтуш. Ишта, 2006-чу шарахь "Игросервис" клуба хьалха тобанхошца юкъахь эккхийтар дина а хилла цо.
Оццу дийнахь, талламчаша дийцарехь, кхечу клубан коран у тIехь изза эккхийтарш дина хилла цара. ХIетахь кхо стаг велира, 25-нна чевнаш хиллера. ФСБ-н информацица, цул тIаьхьа ведда ваханера Яндиев харц кехаташца кхечу пачхьалкхе. 2011-чу шарахь Словакехь дIалецира иза. Стохка аьхка къайлахчу сервисаша хаамбира, Яндиев Словакино шайга схьавелла аьлла.