Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Ноябрь
2018

Новости за 20.11.2018

Буденновскна тIелатар дина ву аьлла, нохчо дIалаьцна Москох

Radiomarsho.com 

Буденновск гIалахь тIелатар динчу Басаев Шемалан тобанехь лаьттина Черхигов Хазваха лаьцна Москох, хаамбо къайлахчу сервисаша. Болчу хаамашца, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллаца юкъахь дIаяьхьна хилла иза лоцуш операци. Шен 17 шо долчу заманчохь Буденновске тIелатар дина цо аьллачу, тешийн бух тIехь лоьхуш вара Черхигов. Лаьцначул тIаьхьа Къилбаседа-Кавказан Талламан комитете дIа а вигина, чувоьллина иза. Кхаа йоккхачу машенаш тIехь а, "Жигули" автомобилца а 1995-чу шарахь 160 тIемало Буденновск гIала чуваханера... Читать дальше...

Титиев Оюбан пхьор. Соьлж-ГIаларчу кхелан де

Radiomarsho.com 

Оршоьтадийнахь шен болх юха а дIаболийна Соьлж-ГIаларчу "Мемориалан" декъан куьйгалхочун дов луьстучу кхело. Карарчу шеран юьххьехь лецира Титиев, наркотикаш лелорна бехке а вина. Наркотикаш полицино кхийсина шен машен чу, чIагIдо Титиевс. 2009-чу шарахь Эстемирова Наташа йийча хIоьттира иза "Мемориалан" декъан коьрте. Европан Парламентан ассамблеян Гавел Вацлаван преми елла цунна кхушеран гурахь. Оцу хиламца Титиев декъалван еъна кхеле бакъоларъярхо Ганнушкина Светлана. Родкевич Зосин видео.



"Террорист" хьаннах а вало хIинца

Radiomarsho.com 

Дуьненаюкъарчу бакъоларъярхойн "Мемориал" центро зорбане даха долийна Оьрсийчоьно антитерроран низамах пайда а оьцуш, нах набахтешка хьийсорах долу масалш. Оцу могIарахь хьалхара араяьллачу артиклехь боху, "террористашца къийсам латточу моттаргIане а ерзийна, халкъанна тIехь репрессеш ен система ю кхиош". "Мемориалан" белхахочо Кастромина Дарьяс дуьйцу, муха хийцаделла кху тIаьххьарчу 16 шарахь бехктакхаман низам, мел нах бу, террорна бехке а беш, жоьпе ийзош, набахтешка хьийсош. " Буьззина,... Читать дальше...

Нухажиев: Дуьненаюкъарчу организацеша нийса жамIаш ца до, хIетте а тхо кийча ду уьш тIелаца

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь адамийн бакъонаш талхорах болу хаамаш талла Европан Кхерамзаллехула а, Юкъарлонашкахула а йолчу Кхеташоно (OSCE) "Москох кхоьллинчу механизмех" вистхуьлуш, Нохчийчоьнан омбудсмено Нухажиев Нурдис регион йиллина ю аьлла дуьненаюкъарчу организацешна. "Амма цхьабакъду - нийсо ца лелийна цара цкъа а шайн жамIашкахь. Цундела тхо хIинца а ца теша уьш объективе хирг хиларх. Шайн цхьа Iалашонаш ю цара хьалхаяьхна кхобуш, "Москох кхоьллина механизм" Оьрсийчоьнан политикехь а, экономикехь а тIеIаткъамбан Iалашонца вовшахтоьхна керла форма ю.

Нохчийчуьра а, ГIалгIайчуьра а латтанаш минех цIандан кхи а кхо шо оьшу

Radiomarsho.com 

Мел лахара а кхин а кхо шо хан оьшу Къилберчу тIеман гонашкарчу саперашна Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а латтанаш минех дIацIандан. Хьаннийн, лаьмнийн 6 эзар гергга территори юкъаерзийна минех маьршаяккха. Инженерийн эскарийн хьаькамо Нестеренко Александра бина и хаам. 2012-чу шарахь дуьйнна теллина сапераша шина республикан 20 эзар гергга  гектар латтанаш. Царех 17 эзар Нохчийчура, 2 эзар гергга ГIалгIайчуьра, хаамбина REGNUM агенталло. Оцу ворхI шерачохь лаьттах йоьллинчуьра 35 эзар мина а, хIоьънаш а хIаллакдина. Читать дальше...

"ГIиргIазойн ислам" кхуллуш ю Бишкек

Radiomarsho.com 

Токтоназарова Нуржан                                                                                                    Маршо Радио, гIиргIазойн редакци "Къоман идеологица догIу ислам" кхоллар дийцаредина ГIиргIазойчохь конференцино "Ислам кхузаман паргIатчу пачхьалкхехь" яра Бишкекехь вовшахтоьхначу конференцин цIе. Бийцаребира экстремизмна, радикализмна духьалояран некъаш. Бараман декъашхоша дийхира Iедале махкахула дин арахьара тIебаьхкинчу нахе а ца даржадойтуш, пачхьалкхан идеологица догIу "гIиргIазойн ислам" кхоллар. Читать дальше...



Титиевн довхаттар дIахьош ду

Radiomarsho.com 

Наркотикаш лелош хилла аьлла, бехкевинчу Соьлжа-ГIаларчу "Мемориалан" куьйгалхочун Титиев Аюбан довхаттар дIахьош ду Шела кIоштан кхелехь. Яхначу кхеташонехь бакъонашларъярхочо дийцира, шена дуьхьал гIуллакх муха долийра. Адвокато Заикин Петра ма дийццара, ша шозза сацорах дийцира Титиевс. ШолгIа дIалоцуш, юха хIоттийна сурт хиллера и. "Мемориалан" пресс-секретаро Орлова Юлияс бахарехь, Титиевс дийцина хилла, ша дIалаьцначу шолгIачу дийнахь скотчца дIа а вихкина, шена тIехь ницкъбан Iалашо церан хиларх. Читать дальше...

Росгвардин эскархо вийнарг лоьхуш ву Дагестанехь

Radiomarsho.com 

Росгвардин эскархо вийна аьлла, шеконашка эцна спортхо Якубов Хаскил лоьхуш ву Дагестанан полисхоша. "Лаьмнашкахь, я лулуарчу республикехь лечкъина хир ву иза. Иза къайлавоккхур волуш дукха бу Якубовн бевза-безарш. Ишта толлуш ду, цуьнан ваша Мохьмад юкъара хиллий а", - хаамбина "Керланаш" агенталле ницкъаллийн структурашкарчу хьостано. Полисхойн информацица, ХIинжа-ГIаларчу цхьана клубе шен накъосташца самукъадаккха веана хилла Росгвардин белхахо Рамазанов Мурад. Оццу клубана хьалха юкъаметтигаш... Читать дальше...

The White Wolf компанигара компенсаци яккха дагахь бу нохчийн Iедалхой

Radiomarsho.com 

Кадыров Рамзанах шайн "Vampire: The Masquerade" ловзаршкахь вампирийн Султан винчу компанино гечдар дехча а тоаме дац Нохчийчоьнан Iедалхошна, цаьргара компенсацига сатуьйсуш бу уьш. Москох хиллачу пресс-конференцехь зорбан министро Умаров Джамбулата къадийна, ловзар арахецначу The White Wolf  студино ладам боллуш компенсаци лахь, дов шаьш дуьжуьйтур ду аьлла. Ца хуьлчу далахь шаьш кхеле озор хилар билгал а доккхуш. Карладоккху, дахначу шоьтадийнахь компанин официалан сайтехь дIахьедар дира, ловзарш арахецна студи шаьш дIайоккхур ю аьлла. Читать дальше...

Умаров: Соьлжа-ГIалахь эккхийтар дина зуда даIишхошца йоьзна хилла

Radiomarsho.com 

"Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанца уьйрашкахь хилла Соьлжа-ГIалахь эккхийтар дина зуда-Iожалхо аьлла, дIахьедина махкарчу зорбан министро Умаров Джамбулата. Маршо Радионо яздира, дахначу шоьтадийнахь Старопромыслан кIоштарчу некъан полисхойн декъана герггахь ша шен эккхийтар дарх жимчу зудчо. Велла, лазийна стаг а вац я полисхошлахь а, я маьршачу бахархошлахь а. Iожалхочун цIе билгалъяьккхира Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралло цуьнгахь хиллачу кехаташца. 25 шо долу Адыгейра яхархо Спиридонова Карина хиллера иза. Читать дальше...

ГIалгIайчохь мохк бегийна

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчуьрчу Карабулак гIалина гена доццучохь мохк бегийна аьлла, хаамбина республикан орцан министарлло. 4,3 магнитуда (ницкъан гайтам) йолуш бегийна мохк. Меттигерчу бахархошлахь велла, лазийна стаг вац, ГIалгIайчуьрчу орцан министраллан сайтехь болчу хаамашца.

Спорт в России и мире
Москва

"Динамо" и "Зенит" назвали стартовые составы на матч 26-го тура РПЛ


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
Полина Михайлова

Россиянка Полина Михайлова стала чемпионкой Франции по настольному теннису


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

В Москве прошел ливень «летней интенсивности»





Путин в России и мире
Москва

Париж решил показать, что такое ядерное сдерживание России по-французски


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Это - война: литовские беспилотники попытались атаковать Минск




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире

Навальный в России и мире
Москва

Продюсера Reuters арестовали за публикацию материалов на YouTube-канале «НавальныйLIVE»



Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Денис Мацуев

Денис Мацуев выступит на фестивале "Владивостокские сезоны" в рамках ВЭФ-2024



Москва

Посол Армении в ЕС не увидел угроз для РФ в сближении Еревана и Брюсселя

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net