Нохчийчуьра а, ГIалгIайчуьра а латтанаш минех цIандан кхи а кхо шо оьшу
2012-чу шарахь дуьйнна теллина сапераша шина республикан 20 эзар гергга гектар латтанаш.
Царех 17 эзар Нохчийчура, 2 эзар гергга ГIалгIайчуьра, хаамбина REGNUM агенталло. Оцу ворхI шерачохь лаьттах йоьллинчуьра 35 эзар мина а, хIоьънаш а хIаллакдина.
Субъекташкахь минаш дIайохуш ю Нохчийчохь куп тоьхна, лерина кхоьллина инженерийн эскархойн тоба. Ишта саперашна гIо латтадо Iамийначу жIаьлеша а.
Нохчийчуьра а, ГIалгIайчуьра а латтанаш минех цIандарна 3 эзар гергга эскархочунна совгIаташ дина 2012-чу шарера схьа дуьйнна.
