Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Ноябрь
2018

Новости за 09.11.2018

Герзан чевнаш йина ГIалгIайчуьрчу кхаа вахархочунна

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчоьнан кхаа вахархочунна чевнаш йина Магасерчу гIишлошъяран офисехь еарийдийнахь герзаш диттина. Царех шиъ дарбан цIийнехь ву, хаамбина пIераскандийнахь республикан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло. Урхаллан информацица, Экажевера шиъ, Сурхахи олучу эвлара цхьаъ а Несарарчу республикан дарбан цIийне кхачийна хилла герзийн чевнашца. Лоьраша гIо кхачийначул тIаьхьа, полици схьакхачале къайлабевлла хилла уьш. Суьйранна кхааннех шиъ юха а дарбан хIусаме валийна, охьавиллина хиллера яздо регионерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралло. Читать дальше...

Набахтехь воллушехь бозбуанчаллаш лелош хилла тутмакхо

Radiomarsho.com 

Соьлжа-ГIаларчу Ленинск кIоштарчу кхело бехкевина меттигера вахархо А.Iумар курхаллаш лелорна, даккхий ахчанаш а дохуш. Кхелехь тIечIагIдина, Ставрополан кIоштахь набахтехь хан токхучу цо стохка мобилан телефонехула цхьана шина стагца зIене а ваьлла, уьш Iеха а бина, шинггера а 57 эзар сом ахча даьккхина хилар. Цул тIаьхьа шина таксхочуьнца зIене а ваьлла, цу шингара ахча схьа а эцийтина, шен телефонан "Киви-кошелек" тIе даккхийтина. Кху шеран Зазадоккхучу баттахь юха а телефонехула деши духкучу туьканара зудчуьнца юкъарло а дийцина... Читать дальше...



ТIеман гIуллакх дечарна доьхкуш ду интернетехь шайх лаьцна хаамаш баржор

Radiomarsho.com 

ТIеман гIуллакх дечарна интернетехь шех, я шен накъостех лаьцна информаци яржор доьхкуш низаман проект тIеэцна пачхьалкхан Думано еаридийнахь. Ишта царна могуьйтур дац фото, видеоматериалаш, шен геолокаци, я кхийолу информаци яржон а аьлла, дийцина Оьрсийчоьнан тIеман министран гIовса Панков Николайс. Эскархойн хIусамнананойх хьакхалуш бац и бехкам аьлла цо. ТIеман гIуллакх дийраш интересе бу цхьаццайолчу пачхьалкхашкарчу къайлахчу сервисашна а, террорхойн а, экстремистийн а организацешна цхьана аьлла, кхетийна Панковс. Читать дальше...

Оьрсийчоьнан набахтешкахь телефонаш лелор доьхкуш ду

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан таIзарш кхочушдаран системан федералан урхалла (ФСИН) тIейогIучу хенахь дехка дагахь ю набахтехь телефонаш лелор. "Интерфаксе" бина цунах хаам ФСИН-ан урхалхочун гIовса Бояринев Валерийс. "Карарчу заманчохь мобилан операторшца колонин территореш тIехь зIе дIахадаярх дуьйцуш ду оха. Къаьстинчу реестрашкахь хийцамаш бан беза зIе ца хилийта", - аьлла Бояриневс. Ишта цо билгалдаккхарца, карарчу шеран 6 беттачохь набахтийн белхахоша 10 эзар телефон схьаяьккхина тутмакхашка дIакхачон лерина йолу. Читать дальше...

ГIалгIайчуьрчу кхелаша озабезамаш лелабо аьлла Хазбиевн адвокаташа

Radiomarsho.com 

ГIалгIайн оппозиционеран адвокато юха а тIедожийна цуьнан гIуллакх листар махкал а арахьа хилийта аьлла. Цунна хетарехь, республикерчу суьдхоша озабезамаш латтабо мехкан куьйгалхочуьнгахьа. Еаридийнахь хиллачу кхелан кхеташоно Хазбиев кху беттан 29-чу дийне кхаччалц чохь вуьтуш, сацамбина. ТIаьххьарчу довхаттарехь Хазбиевс дIахьедира, юьхьанца дуьйна шен хиллачу адвокаташца Ибриева Хедица а, Сабинин Андрейца а юха а бартхиларх. Байначу баттахь Хазбиевс ша кхи адвокаташ лохуш ву аьллера. Еаридийнахь... Читать дальше...

Лачкъийна машен юьгуш вахархо дIалаьцна полисхоша

Radiomarsho.com 

Шела кIоштахь куп тоьхначу полисхоша сацийна лачкъийна машен юьгуш воьду 48 шо долу стаг. Таллам бинчул тIаьхьа гучудаьлла, и машен кху шеран Гезгамашин-баттахь Тулехь лачкъийна йигина аьлла,  федералан лехамашкахь хилар. Кхи дIа гIуллакх листа автомобил а, ша машенлелорхо а, цунна гонах гулйина материал а Соьлжа-ГIаларчу Грозненск кIоштан полисхойн декъе дIакхачийна кхи дIа процессуалан сацамаш байтархьама.

Венехь йоI йийначу кIантана кхел кхайкхо кечлуш бу суьдхой

Radiomarsho.com 

Венерчу Ditteshof микрорайонехь 7 шо долу Хадижат йийна ах шо даьллачу хенахь кхелахоша дерзий цу хьокъехь талларш. Зулам ша дина хиларх мукIарло дина хIетахь дуьйна набахтехь волчу 16 шо долчу луларчу кIанта Роберта. ВорхI агIонах лаьтташ ю цунна бехкбилларан текст. Масех кIира даьлча йолаяла тарло Робертна дуьхьал процесс. Австрихойн низамашца цу кепара зулам динчунна 15 шо хан йогIу набахтехь яккха. Могушалла зуьйш, талламаш дIабаьхьначул тIаьхьа Роберт шизофрения олу лазар а, кхи а цхьа могIа психикаца сакхташ долуш хилар къаьстинера. Читать дальше...

ТIеман роботаш

Radiomarsho.com 

Чохь эскархой боцучу гIагIдиллинчу машенех лаьцна суртийн дийцар. Чохь эскархой боцучу геннара урхалла дечу гIагIдиллинчу машенийн керла чIор юкъадоккхуш ю Украина, ткъа Оьрсийчоьно дIахьедар дина ша хIинцале а Шемахь телетанкаш дIахIиттийна аьлла. Иштта ю уггаре тоьлла тIеман машенаш-роботаш.

Гериев хенал хьалха ара ца валийти

Radiomarsho.com 

Прокуроран тIедожорца Нохчийчоьнан Лакхарчу кхело йиссина хан арахь йоккхуьйтуш "Кавказан узел" корреспондент Гериев Жалавди маьршаваккхарна дуьхьало йина. Цуьнан адвокато Мусаев Iалавдис дIахьедарехь, йозанашкахь дитина процессуалан гIалат бахьана долуш дехар тIе ца дитина. Гергарчу хенахь кхелахоша юха листа дезаш ду, чохь яккха тоьхначу хенал а хьалха Гериев араваккхаран гIуллакх.

Инстаграмера Кадыровн аккаунт дIакъевлина

Radiomarsho.com 

Инстаграмера za_kadyrov_95 аккаунт дIакъевлина, бахьанаш хууш дац. "Кавказ.Реалии" порталан информацица, мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана лелош яра и. Стохка аьхка дуьйна кхоьллина яра и агIо. Аккаунт дIакъовлучу заманчохь 1, 5 миллион стаг вара цуьнан агIоне язвелла. Думан депутат Саралиев Шамсаил эргIадвахна хиллачунна. Амма цо бакъ ца до, стохка ГIуран-баттахь шен агIо дIакъевлинчул тIаьхьа Кадыровс юха йиллина аккаунт яра бохург. Депутатан хаамашца, za_kadyrov_95 агIо лелорийш Кадыровн агIончаш бара. Читать дальше...

Нохчийчоьнан карта карладаьккхина

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а куьйгалхоша Кадыров Рамзана а, Евкуров Юнус-Бека а дозанаш къастош куьйгашяздинчул тIаьхьа мехкан дола йирзина меттигаш билгалйохуш, карладаьккхина республикан карта, парламентан официалан сайт тIехь Iорадаьккхина. Сунжа кIошт гучуяьлла карти тIехь. Дозанаш къастош барт хилира шина республикан куьйгалхойн Гезгамашин-беттан 26-чохь.

Спорт в России и мире
Москва

Спортсменка из Бутово выиграла «золото» на турнирах по художественной гимнастике


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
Карен Хачанов

Хачанов обыграл Баутиста-Агуту в третьем круге «Мастерса» в Мадриде


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Концентрация песка в городском воздухе возвращается к обычным значениям





Путин в России и мире
Москва

Путин поздравил Леонида Рошаля с днем рождения


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Это - война: литовские беспилотники попытались атаковать Минск




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире

Навальный в России и мире
Москва

Басманный суд Москвы арестовал продюсера Reuters Константина Габова за помощь ФБК в подготовке материалов



Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Пётр Чайковский

В Клину состоится праздничная программа в честь дня рождения Чайковского



Москва

Задержан брат нового фигуранта дела о теракте в «Крокусе»

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net