Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Ноябрь
2018

Новости за 27.11.2018

Нохчийн-гIалгIайн дозанан хаттар къастош кхеташо дIаяьхьна Оьрсийчоьнан Конституцин кхело  

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан Конституцин кхело къастийна Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а доза билгалдоккхуш бина барт низамца хилар. Шина а агIонан векалша а, федералан органийн векалша а къамелаш динчул тIаьхьа Конституцин кхелан гIантдас Зорькин Валерийс дIахьедар дира, цу хаттарехула сацам тIеоьцур бу шаьш дIакъевлинчу рожехь аьлла. Цо хаам бира, сацам дIакхайкхор болу хан билгалйоккхур ю шаьш тIаьхьо аьлла.

ЦIен ЖаIаро Нохчийчохь дIаберзийна шен болх

Radiomarsho.com 

ЦIен ЖаIаран Дуьненаюкъарчу Комитето Нохчийчохь дIаберзийна шен болх. ДIакъовлуш ю 26 шарахь Соьлж-ГIалахь хилла цу комитетан офис. Цунах лаьцна хаам бина ЦIен ЖаIаран Нохчийчуьрчу векало Исломов Фарруха. Цо дийцарехь, Нохчийчохь юкъараллан а, экономикан а хьал хаъал тоделла. Цундела республикехь кхин дIа а гуманитаран гIо дан оьшуш дац.

Кавказ яккха араволуш ву "пластикан хирург" Браудэ

Radiomarsho.com 

Кавказехь гIараваьлла цхьа башха "пластикан хирург": медицинан цхьа а доьшийла чекхъяьккхина а вац иза, амма хIетте а косметологин "инновацин техникаш" йовзуьйту семинараш вовшахтухуш, даккхий ахчанаш доху цо. Цхьа 1, 5 эзар стагна хIинцале а Iамийна цо, балдаш муха совсадо. Ткъа хIинца Къилбаседа Кавказехула чекхвала дагахь ву иза. 15 эзар сом мах бу цуьнан семинаре вуьтург. Браудэ Емельян ю цу гурун цIе. Косметологаша дийцарехь, масех шо хьалха вийцаваьккхина иза социалан машанашкахь. ХIетахь... Читать дальше...



Дагестанехь нохчийн кIошт хуьлийла лаьа Сайтиевна

Radiomarsho.com 

Дагестанехь нохчийн кIошт кхолла еза аьлла, Хасавюртахь хиллачу нохчийн 10-чу гуламехь дIахьедар дина Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан цу республикан цIарх депутат волчу Сайтиев Бувайсара. Цунах лаьцна яздо цу республикерчу зорбанан гIирсаш, хаам бо "Аргументы и факты" газето. "Дагестанерчу нохчийн проблема, кхин долчу къаьмнийн санна, шайн кIошт цахилар ю", - элира Сайтиевс. Дагестанна куьйгалла деш керла нах хиларна сатийсам бу республикерчу нохчийн дуккха а хаттарш кхочуш дан аьтто хир бу аьлла, бохуш вара депутат. Читать дальше...

Президент Алиев цхьаьнакхетта Кадыровца

Radiomarsho.com 

Азербайджанан президент Алиев Ильхам Бакохахь цхьаьнакхетта Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца. Цунах лаьцна хаам бина "Интерфаксо", президентан официалан сайтана тIе а тевжаш. Цу цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш бара Кадыровс куьйгалла дон делегацин декъашхой а.

Украинин депутат: Осмаев вен гIоьртина стаг бехказваккха мегаш ву

Radiomarsho.com 

Украинехь тIом беш хиллачу нохчийн тIемалойн батальонан хьалханча хилла Осмаев Адам а, цуьнан хIусамнана Окуева Амина а ден гIоьртина Денисултанов (Курмакаев) Артур бехказваккха мегаш ву. Цунах лаьцна дIахьедар дина Украинин Лаккхарчу Радан депутато Мосийчук Игора, яздо Кавказ.Реалиино. Мосийчука дийцарехь, Денисултанов (Курмакаев) бехках хьалха валийта мегаш ву Украинерчу кхело. Цу Iалашонна "делла дуккха а ахча ду" аьлла хета цунна. Карарчу хенахь оьшуш болу болх беш Кадыров Рамзанан нах бу, чIагIдо Мосийчука.

Кадыров а, Евкуров а ца вахана Конституцин кхелан кхеташонехь дакъалаца

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан Конституцин кхело къастош ду тахана Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а доза билгалдоккхуш бина барт низамца хилар. Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а, ГIалгIайчоьнан куьйгалхо Евкуров Юнус-Бек а ца вахана цу кхеташонехь дакъалаца. Цунах лаьцна хаам бина ТАСС агенталло.  ЛадогIаршкахь кхайкхина дакъалоцуш бу Нохчийчоьнан парламентан декъашхой а, Госдуман а, Федерацин Кхеташонан а, Оьрсийчоьнан президентан а, ГIалгIайчоьнан конституцин кхелан а, Оьрсийчоьнан Инарлин прокуратуран а... Читать дальше...

Доларчу берийн бешан куьйгалхочунна кхел йийр ю Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Талламан комитетан Нохчийчуьрчу урхаллан белхахоша теллина чекхдаьккхина "Солнышко" берийн бешан директор йолчу зудчунна дуьхьал долийна бехктакхаман гIуллакх. Иза бехке еш ю цигахь кхерамазалла ларъян оьшуш долу хьелаш ца кхолларна бер даларна. Талламхойн материалашца а догIуш, 2 шо кхачаза долу бер эцна хилла ГIойтIахь йолчу цу берийн беша. Дийнахь бераш дIадийшинчу хенахь маьнгин гIовлан, шина пӀендагӀана юкъахь корта а бисина, садукъаделла делла бер.   Талламхоша директоран бехк хилар гойтуш шаьш гулйина материалаш дIахьажийна кхеле.

Нохчийн, гIалгIайн дозанаш къастало …Петарбухахь

Radiomarsho.com 

Оршоьтадийнахь Петарбухарчу къоначу демократийн "БIаьсте" ("Весна") боламо акци дIаяьхьира нохчаший, гIалгIаший мехкийн доза къасточу муьрехь шаьш шолгIачаьргахьа хилар хоуьйтуш. ГIалин йистерчу Дудергофский канала тIехула лаьтта Кадыровн Ахьмадан тIай "бIаьстенхоша", тIера баннер хийцарца, "дIаделла" ГIалгIайчоьнна. Шинарийдийнахь Оьрсийчоьнан Конституцин кхел яра президента Евкуровс шега деллачу хаттарна жоп дала гулъелла. Ю я яц регионийн куьйгалхойн лулахошца доза декъа, хуур ду кестта.

Нохчийн-гIалгIайн дозанан хаттар къастош ду Оьрсийчоьнан Конституцин кхело (видео)

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан Конституцин кхело къастош ду тахана Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а доза билгалдоккхуш бина барт низамца хилар. И хаттар дийцаре деш дакъалаца кхайкхина Оьрсийчоьнан Конституцин кхело Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а, ГIалгIайчоьнан куьйгалхо Евкуров Юнус-Бек а.   ЛадогIаршка иштта кхайкхина бу Нохчийчоьнан парламентан декъашхой а, Госдуман а, Федерацин Кхеташонан а, Оьрсийчоьнан президентан а, ГIалгIайчоьнан конституцин кхелан а, Оьрсийчоьнан Инарлин прокуратуран а... Читать дальше...

Хан тоьхна Москох тапча кхиссинчу Шеларчу прокуроран гоьнчана

Radiomarsho.com 

Шелан кIоштан прокуроран коьрта гIоьнчана Гучигов Мохьмадана 1 шо 6 бутт хан тоьхна арахь яккха Москох кхело. Цунах лаьцна хаам бина "Москва" агенталло. Кхело бехке лаьрра Гучигов, герз а лелош, вон леларна. Хьалхо хаам баьржира иза прокуратурера балхара дIаваьккхина аьлла. Талламхойн версица, Гучиговс тапча кхиссина "Царицыно" паркан гергахь зуда ялош йогIучу коврана юкъахь а волуш. Иза хиллера 2016-чу шарахь Гезгмашан-беттан 11-чу дийнахь.

Спорт в России и мире
Москва

Спортсменка из Бутово выиграла «золото» на турнирах по художественной гимнастике


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
WTA

Вероника Кудерметова завершила выступление на турнире WTA в Мадриде


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Zoomlion продемонстрировала последние достижения на выставке INTERMAT





Путин в России и мире
Москва

Поездам прибавляют ходу // Как может сократиться время пути от Москвы до курортов на Черном море


Лукашенко в Беларуси и мире



123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире

Навальный в России и мире
Москва

Продюсера Reuters арестовали за публикацию материалов на YouTube-канале «НавальныйLIVE»



Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Булат Окуджава

В МХТ имени Чехова 8 и 9 мая пройдет концерт с песнями Булата Окуджавы



Москва

«Дорога в будущее»: 50 лет назад на строительство БАМа отправился первый комсомольский отряд

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net