Кадыров а, Евкуров а ца вахана Конституцин кхелан кхеташонехь дакъалаца
Оьрсийчоьнан Конституцин кхело къастош ду тахана Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а доза билгалдоккхуш бина барт низамца хилар.
Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а, ГIалгIайчоьнан куьйгалхо Евкуров Юнус-Бек а ца вахана цу кхеташонехь дакъалаца. Цунах лаьцна хаам бина ТАСС агенталло.
ЛадогIаршкахь кхайкхина дакъалоцуш бу Нохчийчоьнан парламентан декъашхой а, Госдуман а, Федерацин Кхеташонан а, Оьрсийчоьнан президентан а, ГIалгIайчоьнан конституцин кхелан а, Оьрсийчоьнан Инарлин прокуратуран а, Юстицин министраллан а векалш а, ткъа иштта гIалгIайн юкъараллин жигархой а.
Евкуровс а, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а шина республикан доза билгалдоккхуш барт бира кхушара Гезгмашин-беттан 26-чу дийнахь. Цуьнца а догIуш, шина республикан цхьаьтерра йолу территори хийцинера цу шимма. Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а парламенташ тIечIагIдира тIеэцна низам.