Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Ноябрь
2018

Новости за 22.11.2018

Шен меракIантана урс тоьхна дестечо

Radiomarsho.com 

Алдыра вахархочунна уьрсан чевнаш йина хиларх социалан машанашкахула дIасаяржийна информаци таллар тIедиллина Нохчийчуьрчу прокуроро Абдул-Кадыров Шарпуддис. Дийцарехь, Соьлжа-ГIаларчу дарбан цIийне валийна хилла Алдыра 28 шо долу вахархо. Шайн хIусамехь дов даьллачу заманчохь дестечо аьрру хонах урс тоьхна хилла цунна. Прокуратуран белхахоша талламаш болийна хиллачу зуламна гонах.

ДIалецна хилла ГIалгIайчуьра жигархой маьршабаьхна

Radiomarsho.com 

Несарахь дIалецна хилла ГIалгIайчуьра жигархой Яндиев Руслан а, Муцольгов Мохьмад а ("Машр" организацин цIархо) маьршабаьхна еаридийнахь, пхи дей-буьйсий чохь а даккхийтина Нохчийчоьнна дIаделлачу латтанаш тIехь субботникна уьш кечлучу хенахь лаьцна бигинера уьш. "Изоляторчуьра тахана араваьалла со. Сагатдинчарна массарна а баркалла. Жимма метта а веана, зIене вер ву со", - аьлла, яздина Фейсбукерчу шен агIонехь Яндиев Руслана.

Советан пачхьалкхо хьалакхиина овхIанхо эккхош ву Оьрсийчоьно

Radiomarsho.com 

Ясин Гулам СаIид ОвхIанистанера Советан пачхьалкхе валийра цуьнан 11 шо долуш, кхидолчу бойшца а, баккхийчу хаькамийн, инарлийн берашца а цхьаьна. Даймахканна юьстах 30 шо даьккхинчу Ясинна бицбелла хьесап ду шен ненан мотт, хала ду цунна къаста ша воьллачу Оьрсийчоьнах. Ткъа ОвхIанистане дIакхаьчча, Ясин дийна вуьтур ву ала а дац.



Калифорнехь йийлинчу цIерашкахь 83 стаг велла

Radiomarsho.com 

Калифорнехь йийлинчу цIерашкахь беллачийн терахь 83 хьаладаьлла. 560 стаг вайна, лоьхуш ву. Меттигерчу Iедалхоша бахарехь, царех дукхахберш дийна хила а тарло, амма царна хууш дац, шаш тIепаза дайна лоруш дуйла. Ши кIира сов хан ю Калифорнехь цIераш юьйлу. 14 эзар цIа хIаллакдина оцу зуламо. Кхааридийнахь Калифорнин Къилбаседанехь тIаьххьарчу беттанашкахь дуьххьара догIа деара. ЦIе яйарехь доккха гIо а хилира цунах. Делахь а кхерам алсамбаьлла хIинца нах лоьхуш, операцехь болчу орцанхошна. Калифорнин исторехь дага а догIуш... Читать дальше...

Шо кхаьчна бер кIелхьарадаьккхина Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь цхьана хIусамчохь дIаихначу газо садукъош лаьтта жима бер кIелхьарадаьккхина орцах кхайкхиначу цIеяйархоша. Болчу хаамашца, латийна газ а йолуш, шо кхаьчна шен йоI ша чохь а йитина, туькана яхна хилла меттигера яхархо. Юхайирзинчул тIаьхьа хIусам чу ца кхачалуш хилла иза, догIа а доьхна. Орцах кхайкхинчу цIеяйархоша неI йохош, чу а лилхина араяьккхина кIуьрехь йиссина йоI. Байначу баттахь Ростов гIалахь хIусамехь цIе а яьлла, делира 10 бутт кхаьчна бер.

МухIажиршна дуьхьало ян магийна Iамеркан эскархошна

Radiomarsho.com 

Iамеркан Мексикаца долчу дозанца хIиттина лаьттачу эскархошна магийна герзах пайда а оьцуш, мухIажирш сецо, нагахь къепе йохош я дозанхошна кхераме хьал хIоьттинехь. Iамеркан тIеман министро Мэттис Джеймса дина ишта дIахьедар. Дуладеллачу хьолехь цхьа сацам тIеэца масех минот бен хан яц аьлла, кхетийна цо шаьш тIеэцначу низамах. Оцу юкъанна Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн низамаша доьхкуш ду маьршачу хенахь армина полисхойн бакъонаш ялар. Iамеркан Къилберчу дозане гIерташ ю Латинан Iамеркара мухIажирийн ковра, шайна тховкIело еха. Читать дальше...

Пачхьалкхехь лаьттачу проблемийн жоьпалла Путинна тIехь ду аьлла 61 процент бахархоша

Radiomarsho.com 

Пачхьалкхехь лаьттачу проблемех жоьпалла Оьрсийчоьнан президентна Путин Владимирна тIаьхь ду аьлла 61 процент бахархоша. Еаридийнахь "Левада-центро" Iорадаьхначу жамIаша гойту и терахь. 22 процент респонденташна хетарехь, "цхьадолчунна" жоьпалле ву Путин. Путинан политика нийса ю, "ледара, коррупцица боьзна хьаькамаш" бахьана долуш гIуьттуш ю и проблемаш аьлла 10 проценто. "Лаамза" нислучу хьелашна бехк биллина 6 %. Шо хьалха 55 процент хаттамбинчара дIахьединера, доллучух а жоьпалла Путинна тIехь ду аьлла. Читать дальше...

Керлачу шарна 20 миллион сом ахча дойур ду Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан Iедалша керлачу шарна базалг хIоттош а, бахархошна лерина Соьлжа-ГIалахь концерт вовшахтухуш 20 миллион сом дойур ду. Пачхьалкхан цIарах белхан гIирс эцаран сайтехь бина и хаам, яздо "Юкъара газетано". Хьостан информацица, Соьлжа-ГIалахь нохчийн артистийн концерт хIоттор ю, 52 метар лекха базалг югIур ю, шатлакхаш кхуьйсур ю.

Ша ца вуьйриг талламчашца бертаваха дагахь хилла Царнаев

Radiomarsho.com 

Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа вен кхачийна Царнаев ЖовхIар талламчашца берта ваха лууш хилла, ша вен а ца вуьйш, велла дIаваллалц набахтехь хан яккха вуьтург, амма прокуратурано тIе ца эцна цуьнан лаам. NBC телекомпанино Iораяьккхина и информаци кхелан кехаташ девзинчул тIаьхьа, хаамбо ТАСС агенталло. 2013-чу шеран бIаьста 3 стаг а вуьйш, 282 лаза а веш, Бостон-гΙалахь марафон йоьдуш ши эккхийтар дарна бехке вира, хΙеттехь лоцуш полицино вийна Царнаев Тамерлан а, тΙаьхьо лаьцна Царнаев ДжовхΙар а. Читать дальше...

Абадиевн жайнехь экстремизм лоьху Нохчийчоьнан прокуратурано

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу вахархочо Инстаграмехь республикан прокуроре Абадиев Идрисан "Оьздангалла- дуьненан а, эхартан а орам бу" книга экстремизме материал юй таллар дехначул тIаьхьа, и жайна листа сацамбина Нохчийчоьнан прокуратурано. Республикерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан дакъойн белхахой юкъа а озийна, талламаш болийна жайни тIехь. Абадиев Идрис – гIалгIайн политик, бизнесхо, юкъаралхо, оппозиционер ву. 2001-чу шарахь арахецна цо "Оьздангалла- дуьненан а, эхартан а орам бу" книга, ткъа цул тIаьхьа... Читать дальше...

Спорт в России и мире
Москва

Юные керамисты школы №2120 выиграли три Гран-при конкурса «Мир дому твоему!»


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
WTA

Линетт сыграет против Соболенко во втором круге турнира WTA в Мадриде


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Прокуратура Москвы: тело мужчины нашли в лесопарке в Сокольниках





Путин в России и мире
Москва

Петербургский автопром вышел из кризиса, заявил Беглов


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Это - война: литовские беспилотники попытались атаковать Минск




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире

Навальный в России и мире
Москва

Басманный суд Москвы арестовал продюсера Reuters Константина Габова за помощь ФБК в подготовке материалов



Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Антонио Вивальди

«Вивальди. Времена Года. Шнитке. Кончерто Гроссо»: концерт в старинном соборе при поддержке Relax FM



Москва

Жители Подмосковья смогут зарегистрировать дачи в праздники

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net