Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Ноябрь
2018

Новости за 05.11.2018

Москох бертан дийцаршка бахка дагахь бу тIалибаш

Radiomarsho.com 

Москох машаран дийцарш дIадахьа шаьш кийча хилар дIахаийтина ОвхIанистанерчу тIалибаша. Reuters агенталло бина и хаам, боламан лакхарчу векалийн хьосташна тIе а тевжина. ТIалибийн векало бакъ ца дина Оьрсийчу дахка шаьш официалан дош делла хилар. Кремло вовшахтоьхначу дийцаршка баха дуьхьало йира ОвхIанистанан а, Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн а Iедалхоша. Оьрсийчоьнан урхалло 12 пачхьалкх а, ОвхIанистанехь шариIат дIахIотто гIертачу "Талибан" тобан векалш а кхайкхина цхьанакхета. Дийцаршкахь дакъалаца реза хилла ГIажарийчоь а... Читать дальше...

Черкесов Асланан нанас дехар дина Путине

Radiomarsho.com 

Футболан фанат Свиридов Егор вийна аьлла, чувоьллинчу Черкесов Асланан 72 шо долчу нанас Черкесова Соняс видеокхайкхамбина, шен кIант Красноярскера дехьаваккхар доьхуш. Низамашкахь дац Черкесов Красноярскерчу набахте хьажор, цигахь цунна тIехь Iазап латтош ду, гергарчаьрца уьйр ца латтайойту. "Ган а, я телефонехула къамел дан а бакъо ца ло тхуна. Цуьнга дIа ца кхачадо сан кехаташ, я цуьнгара соьга а", - дуьйцу Черкесова Соняс. "2-чу группан инвалид ю со, 5000 чакхарма гена волчу цунна тIаьхьа яха гIора а дац саоьгахь", - билгалдоккху нанас.



Le Monde: Шемарчу къайлахчу сервисийн хьаькамаш лаца кхайкхийна Францино

Radiomarsho.com 

Шеман къайлахчу сервисийн лакхара кхо даржхо лаца ордер елла Францин Iедалша. Le Monde газетано бина и хаам. Журналистийн дIахьедаршца, шемахой бехкебо адамашна дуьхьал къизаллаш а, кхидолу зуламаш а лелорна. Шеман къоман кхерамзаллан бюрон куьйгалхо Мамлюк Iела а ву, чIагIдо, бехкебечарлахь. 2016-чу шарахь Францехь тховкIело ехначу Шемара схьаваьллачу вахархочо чуелла иск бахьана долуш болийна талламаш. 2013-чу шарахь Шемахь шен гергара ши адам тIепаза дар таллар тIедиллинера цо. Шеман къайлахчу сервисаша лаьцна вара и шиъ бохуш... Читать дальше...

ГIалгIайчубра бахархой карийна аьлла, хаамбина мехкан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчуьра Нохчийчу вахна Цечоев Муса а, Гуцариев ИбрехIим а карийна, и шиъ волу меттиг а церан гергарчарна хууш ю аьлла, хаамбина мехкан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло. Цечоев Муса а, цуьнан гергара Гуцариев ИбрехIим а варах хаам баьржира кху беттан 1-чу дийнахь. "Талламаш дIабаьхьча тIекхиина 26 шо долу Малгобекан кIоштарчу Зязиков-Юьртара Илиев Iарби а, 34 шо долу Гуцариев ИбрехIим а, 32 шо долу Цечоев Муса а волчу меттигна. Уьш барах информаци яьржинера дайначу кIиранах", - аьлла бу... Читать дальше...

Новосибирскехь Сталинна хIоллам хIотторна дуьхьал болчийн куьйгаш гулдеш ду

Radiomarsho.com 

Сталин Иосифна хIоллам хIотторна дуьхьал куьйгаш гулдина Новосибирскерчу бахархоша. change.org. сайтехь зорбане яьккхинчу петицина тIехь яздина ду: "Сталинна хIоллам богIарца юкъараллехь рогIера оьшуш йоцу гIовгIа йоккхур ю", - аьлла. Петици зорбане яьккхина масех сахьт а далале цунна буха куьйгашяздира 3 эзар сов стага. Цунна дуьхьал инициативан тобано шайн агIончашка кхайкхамбина, гIалин коьртачу магистралехь хIоллам хIоттор доьхуш, кехаташ язде аьлла. Оцу юкъанна Новосибирскан Iедалш Сталинна хIоллам дIахIотто меттиг лоьхуш ду... Читать дальше...

"Вац со Оьрсийчоьнан къомах"

Radiomarsho.com 

Садовская Алёна Оьрсийчуьрчу бахархойн кхетамо тIе ца оьцу "Халкъан Цхьааллин Де". Еккъа цхьа категори бен яц оцу дийнахь майданашка йолуш – оьрсийн националисташ. Социологаша бинчу хеттамаша гойту Оьрсийчоьнан бахархойх эханна ца хаьийла, стенна даздо Лахьан-беттан 4-гIа де. Оьрсийчоьнан бахархойх цхьа халкъ хила цатигарца доьзна дуй те иза? " Кавказ.Реалиино” эксперташца дийцаре дира хаттар.    Довзийтар: 2005-чу шарахь юкъадаьккхина дезде - Советан пачхьалкх йоьхча, хьашто йоцуш дисинчу Октябран... Читать дальше...

Шайн ден дакъа лаьтте кховдо схьадехна Хашоггин шина воIа

Radiomarsho.com 

Вийначу CаIудан журналистан Хашогги Джамалан кIенташа шайн ден дакъа лаьтте кховдо схьадехна СаIуда Iаьрбийчоьнан Iедалхошка. Ишта цара доьху иза вер таллар а. CNN телеканална еллачу интервьюхь Салахьа а, цуьнан вашас Iабдуллас а дIахьедина, бусулбанашна еза лоручу Мединехь шайн да дIаволла лаам хиларх. "Къонахчун амал йолуш, комаьрша, Iаламат майра вара" аьлла цара шайн да. Бехкенаш жоьпе озор бу ша аьллачу СаIуда Iаьрбийчоьнан паччахьах дегайовхо ю шен аьлла Салахьа. Туркойн инарла прокуратурано дIахьедарца... Читать дальше...



"Левада- Центр": Ярославлерчу набахтехь тутмакхашна тIехь Iазап латтош хиларх хезна дац 69 % бахархошна

Radiomarsho.com 

Ярославлерчу набахтехь Iазапаш латторах шаьш бинчу хаттаман жамIаш Iорадаьхна "Левада-Центро". Цаьрца а догIуш, 69 % бахархошна хезна дац тутмакхашна тIехь гIело латтайо бохуш. 23 процент респонденташа шайна хезна аьлла, Ярославлехь набахтехь ницкъ бо бохуш, амма "духе кхуьуш дац" шаьш аьлла. Хаттаммехь дакъалаьцначу 7 проценто шайна дуьйцуш хезна аьлла, набахтехь лелочу Iазапех. "Левада-Центран" статистикаца, 28 % респонденташна хетарехь тутмакхашца шогалла латто еза "цкъацкъа", ткъа 57 %... Читать дальше...

БуьритIехь летта ГIалгIайчоьнан кхо вахархо дарбан цIийнехь ву

Radiomarsho.com 

БуьритIерчу кафе чохь летта пхи жимстаг дIалаьцна полисхоша. Урсаца йинчу чевнашца ГIалгIайчуьра кхо вахархо дарбан хIусаме виллина. Къилба ХIирийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралле хаам кхечира конфликтах тахана Iуьйранна 4 сахьт долучу хенахь дарбан цIийне лазийнарш кхачийначул тIаьхьа. ТАСС агенталло бина и хаам полицин декъарчу хьосташна тIе а тевжина. Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан хаамашца, летаршкахь хиллачийн цIераш билгалъяхна полисхоша. Уьш бу 22-23 шераш долу кегийнах. Бехкзуламан гIуллакх а диллина... Читать дальше...

ГIалгIайн телевизионан белхахо Чахкиев Руслан кхелхина некъан бохамехь

Radiomarsho.com 

ГIалгIайн телехьожийлехь йоьдучу забаречу "Прайм Тайм" программин автор Чахкиев Руслан кIиран буса велла Несарахь хиллачу некъан бохамехь аьлла, хаамбина хьосташа. Ши машен вовшахкхетта хилла некъа тIехь. Машенийн шофераш ГIалгIайчуьрчу клиникан дарбан цIийне кхачийнера, дуьйцу орцан министралло шайн сайтехь. "Болчу хаамашца, ший а машенлелорхо велла. Шиннах цхьаъ республикехь вевзаш волу къоман телевизионан белхахо Чахкиев Руслан ву", аьлла, яздо хаамийн гIирсашкахь. Чахкиев кхалхарх хаам... Читать дальше...

Шаьш бертаза митинге хьовсорах дийцина Соьлжа-ГIалин бахархоша

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу пачхьалкхан белхахоша а, студенташа а дийцина, шаьш халкъан цхьааллин де даздан кIирандийнахь нуьцкъах митинге хьовсорах. Шаьш 20 эзар стаг хуьлуьйтур ву митингехь аьлла, дIакхайкхийнера шахьаран мэрехь. "Iуьйранна Соьлжа-ГIалин юккъехь гулдалар тIедожийнера куьйгалло. Тхоьга схьахаийтира, митинге веанарг а, ца веанарг а хьаькаман тергонехь хир ву аьлла", дийцина "Кавказан узел" агенталле Соьлжа-ГIаларчу бюджетан организацин белхахочо Ислама. Махкарчу цхьахйолчу машенийн урхаллан куьйгалхочун гIовса а чIагIдира... Читать дальше...

Соьлж-ГIала: "Халкъан цхьааллин де"

Radiomarsho.com 

"Халкъан цхьаалин де" гуламхошца, байракхашца, баннершца билгалдаьккхина Соьлж-ГIалахь. 60 эзар стаг хилла дакъалацархошлахь. Оцу денна вовшахтоьхначу митинге гулвелира 60 эзар стаг. "Кавказский Узел" газето бечу хаамца, студенташ а, Iедалан белхахой а лаамза кхаьчна бараме.

Кадыров: Со бакъволу Нохчо ву

Radiomarsho.com 

Халкъан цхьааллин денца Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир декъал а веш, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дийцина, дайша мила лорура къонахий. "Со бакъволу Нохчо ву! Cан яхь йолчу дайша къонах лоруш ца хилла багахь цхьаъ дуьйцуш, лелош кхи долу нах. Иллешкахь юьцучу сан халкъан Историн кIоргене кхийда оьшуш дац, ас аьллачун маьIнех кхетархьама", - аьллачу Кадыровн дешнаш далийна "Нохчийчоь Тахана" хаамийн агенталло. Президентца цхьана къийсам латто ша кийча ву аьлла Кадыровс, "пачхьалкхан суверенитет а... Читать дальше...

Спорт в России и мире
Москва

Учитель из Бутово стала «Гуру физкультуры»


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
WTA

Мирра Андреева установила новый рекорд на турнирах WTA-1000


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Учения по ликвидации лесных пожаров прошли в Богородском округе





Путин в России и мире
Москва

Поездам прибавляют ходу // Как может сократиться время пути от Москвы до курортов на Черном море


Лукашенко в Беларуси и мире



123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире

Навальный в России и мире
Москва

Дух разделения в Святой Руси, или Можно ли лишиться сана за отпевание Навального*



Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Песня

Вывод Песни, Альбома, Клипа в ТОП Музыкальных Чартов – iTunes, Apple Music, Youtube Music, Яндекс.Музыка, ВК и Boom, Spotify.



Москва

Достижения Подмосковья в строительстве жилья представили на ВДНХ

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net