Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Ноябрь
2018

Новости за 19.11.2018

Керла вице-премьер хIоттийна ГIалгIайчохь

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчоьнан вице-премьеран дарж охьадиллинчу Ужахов Мохьмадан метта хIоттийна Несаран кIоштан хилла куьйгалхо Латыров Исропил. Мехкан министрийн кабинетан урхалхочо Евлоев Зеламхас оршотан Iуьйранна йоьдучу кхеташонехь бовзийтина бина хийцамаш, хаамбо "Это Кавказ" хьостано. Коммуналан а, кхерамзаллан а, агрокомплексан а, латтанийн а, бахаман а, экологин а хеттарш луьстур ду керла хIоттийначу Латыровс.

Титиевн юьртахой ца теша иза бехкехиларна

Radiomarsho.com 

Соьлжа-ГIаларчу "Мемориалан" куьйгалхо Титиев Аюб молуш-узуш вацара, нахана гIо кхачош, Делах тешаш стаг вара иза, цундела иза наркотикашца воьзна хилла бохург шаьш тIе ца дуьту аьлла оршотдийнахь йоьдучу кхелехь бакъонашларъярхочун юьртахоша а, гергарчара а. Дахначу кIиранах Титиевс дийцинера, ша лоцуш шегара яьхна хIуманаш карош ца хиларх. Къаьсттина саготта ву иза травматикан тапча ярна. Оцу тапчанца зуламаш дина, кхана-лама шена уьш дуьхьал дахарна шеконаш лаьтта цуьнгахь. Оршотдийнахь Титиевн дов хоттучу баьхкинера Ганнушкина Светлана а... Читать дальше...



Москох Титиевна ахча гулдеш бара нах

Radiomarsho.com 

Москох, Сахаровн центрехь, лелийна йийбар йохкарца ("благотворительная барахолка") ахча гулдина шарахь сов Нохчийчохь лаьцна латточу "Мемориал" центран Соьлж-ГIаларчу декъан куьйгалхочунна Титиев Оюбна. Иза бехкево нарокотикаш лелорна. Цо тIе ца эцна бехк, чIагIдо шен машен чу наркотик полицино кхоьссина хиларх.

"Кавказан узел" агенталлан корреспондентна тIелатар динчунна арахь яккха хан кхайкхийна

Radiomarsho.com 

"Кавказан узел" агенталлан корреспондентна Махмудова ПатIиматна тIелатар динчу Касумов Кариман бехк тIечIагIбина ХIинжа-ГIаларчу кIоштан кхело. Арахь даккха 1, 5 хан тоьхна цунна суьдхоша. Кхело шен сацам бовзийтале хьалха дош деллера бехкевечунна, амма иза дуьхьал хилира вистхила. Билгалдоккху, Касумовна набахтехь даккха ши шо хан кхайкхор дехнера прокуратурано. Махмудован адвокато мел а лакхара цунна хан тохар хьоьхура. Оцу артикло 6 шо хан кхачайора тIелеттачунна. "Кавказ.Реалии" портало яздира... Читать дальше...

Хашогги Джамал верна бехкелоручарна Германи бахка дихкина

Radiomarsho.com 

СаIуда Iаьрбийчоьнан журналист Хашогги Джамал верна шеконашка эцначу 18 оцу пачхьалкхан вахархочунна Германи вар дихкина аьлла, хаамбина немцойн арахьарчу гIуллакхийн министро Маас Хайко. Санкцеш кечъеш дакъалаьцна Францино а, Великобританино аьлла, билгалдаьккхина министро. Санкцийн тептаре баьхначийн цIераш Iорайохуш яц. Хьалхо СаIуда Iаьрбийчоьнан 17 вахархочунна дозанаш туьйхира Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа. Хашогги верах лаьцна верси кеста Вашингтоно дIакхайкхор ю аьлла, хаамбина Iамеркан президенто Трамп Доналда. Читать дальше...

Шемахь кеманашца динчу тохаршкахь 70 Оьрсийчоьнан вахархо вийна

Radiomarsho.com 

Яхначу буса Шемарчу Кишмехь а, Саафехь а, Суссихь  а кеманца динчу тохаршкахь (хетарехь, Iамеркан а, францхойн а авиацино) вийна 70 стаг. Царлахь дукхахберш – Къилбаседа Кавказан мехкашкара бахархой бу - зударий а, бераш а ду аьлла, дийцина и сурт гинчара. Кхечу Шеман Ханис олучу куьпарчу хьостано хаамбарца, гIаттамхойн куьйгакIел юьссучу территореш тIехь буьсучу зударшкара мобилан телефонаш дIаяьхна. "Уьш зIенах хедда, маьлхан батарейшца дIаюзу цара шайн телефонаш, дукхахболчаьргара дIаяьхна телефонаш а", - аьлла, дийцина хьостано. Читать дальше...

Австрерчу юристна тешийна OSCE-но Нохчийчуьра аьрзнаш талла

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь адамийн бакъонаш талхорах болу хаамаш талла Европан Кхерамзаллехула а, Юкъарлонашкахула а йолчу Кхеташоно (OSCE) тешийна Австрерчу экспертна. ДIахьочу талламан декъахь хир бац Оьрсийчоьнан векалш, хаамбо "Коммерсанто".  "Москох кхоьллинчу механизмехь"  таллам дIабахьа деношкахь сацамбира 16 пачхьалкхо.  Нохчийчохь юристаша лохур бу нах байарх, лецарх, хьийзорах лаьцна цигара даьржачу аьрзнийн бух. "Мохкох кхоьллинчу механизмца" 6-зза таллам дIабаьхьна Европан Кхерамзаллехула а, Юкъарлонашкахула а йолчу Кхеташоно. Читать дальше...



Статистика: кхача, бедарш эцар лах ца дича ца бовлу нах

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан бахархойх дукхаболучара (хеттаршна жоьпаш деллачех 91 процент) эшо йо шайна кхача эцарехь, боху таллам бинчу Rabota.ru портало, ТАСС агенталло яздарехь. Ахча ца тоьучу даьлча, шаьш чIара эцар лагIдо, аьлла жоьпаш деллачех кхоалгIачу декъо. Ах декъо ша шекар, мерза хIуманаш, стоьмаш ца оьцу ахча кхачочу кхаьчча, боху. 47 процент нах реза бу оццу бахьанийца жижиг ца эца. Хаттамехь дакъалаьцначех 25 проценто каракхочу ахча ах сов духку юучунна. ИтталгIачу декъо шен ахчанах 25 процент дойу кхачанна. Читать дальше...

Нохчийчохь кIант велла лоьрийн бехкенна, боху прокуратуро

Radiomarsho.com 

Соьлжа-ГIалин кIоштарчу сихха орца кхачочу центран лоьрашна дуьхьал бехктакхаман дов айдина талламчаша цомгуш хиллачу кIантанна оьшшу дарба цадарна. "Побединское" юьртахь велла 13 шо кIант. Букъе лазар иккхинчу цунна дас-нанас шозза кхайкхина орцан центрера лоьраш. Шоззе а, мехий а тоьхна, кIант шаьш дарбан цIийне кхачочу меттана, иза дар гергарчарна тIе а диллина, дIабахана лоьраш. Массех сахьт даьлча, буса, велла дархо. Лоьраш бехке бу кхоччуш гIо цадарна (бехктакхаман кодексан 109-2 артикл)"... Читать дальше...

Соьлж-ГIала, Сoffee feast - 2018

Radiomarsho.com 

"Сoffee feast - 2018" цIе яра шоьтадийнахь Соьлж-ГIалахь кофе кечъярхошлахь дIабаьхьначу къовсаман. Барам самукъане а, лаккхарчу корматаллица а дIабаьхьира иза вовшахтоьхначу туризман министралло. Iалашо яра – туризм шорлуш лаьттачу махкахь тоьлла кофе кечъен говзанчаш кхиор.

Нохчийн пенсионерашна болх каро массарначул а хала ду

Radiomarsho.com 

Болх каро массарначул хала ду Нохчийчуьрчу а, ГIалгIайчуьрчу а, Тува-махкарчу а пенсиэцархошна. Иштта гойту ша Оьрсийчохь бинчу талламан жамI РИА Новости агенталло. Пенсиэцархошна болх атта карорца билгалйолу Москох а (рейтинг - 76,8), цунна гонахара кIошташ а (64,4). Мелла а атта ду пенсиэцархошна болх каро ГIезалойчохь, Белгородан, Ленинградан, Калугин кIошташкахь а, ГIирмехь а. Индексца аьлча, 9,3 балл кхочу Нохчийчуьрчу рейтингна.

Соьлжа-ГIалахь ша-шен эккхийтинчу зудчун цIе йовзийтина Талламан комитето

Radiomarsho.com 

Соьлжа-ГIалин Старопромыслан кIоштарчу некъан ханна гергахь иккхинчу зудчун цIе йовзийтина талламчаша. РИА Новости  агенталло бахарехь, иза ю Адыгейра схьаялар долу 25 шо кхаьчна Спиридонова Карина. Паспорт Челябинск махканна тIеяздина делахь а, тIаьххьарчу муьрехь Дагестанехь яьхна Спиридонова. "Кавказ.Реалиино" бинчу хаамца, зуда ша елла, ткъа цо вийна, лазийна вац кхин стагга а. Нохчийчуьрчу Талламан комитетан урхалло дов айдина Оьрсийчоьнан бехктакхаман 317-чу артиклца (полисхочун дахарна тIекховдар).

Спорт в России и мире
Москва

Спортсменка из Бутово выиграла «золото» на турнирах по художественной гимнастике


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
Елена Рыбакина

Прямая трансляция матчей Рыбакиной и Путинцевой за выход в 1/8 финала турнира в Мадриде


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Жёсткие экологические требования решат инновационные энерготехнологии





Путин в России и мире
Москва

Петербургский автопром вышел из кризиса, заявил Беглов


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Это - война: литовские беспилотники попытались атаковать Минск




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире

Навальный в России и мире
Москва

Дух разделения в Святой Руси, или Можно ли лишиться сана за отпевание Навального*



Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Rammstein

В Калининградской области отказались отменять трибьют-концерт Rammstein



Москва

Пассажиры «Мострансавто» более 2 млн раз проехались до аэропортов с начала года

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net