Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Ноябрь
2018

"ГIиргIазойн ислам" кхуллуш ю Бишкек

0
 


Токтоназарова Нуржан                                                                                                    Маршо Радио, гIиргIазойн редакци

"Къоман идеологица догIу ислам" кхоллар дийцаредина ГIиргIазойчохь конференцино


"Ислам кхузаман паргIатчу пачхьалкхехь" яра Бишкекехь вовшахтоьхначу конференцин цIе. Бийцаребира экстремизмна, радикализмна духьалояран некъаш. Бараман декъашхоша дийхира Iедале махкахула дин арахьара тIебаьхкинчу нахе а ца даржадойтуш, пачхьалкхан идеологица догIу "гIиргIазойн ислам" кхоллар.


Конференцехь дакъалецира Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацин, Европан Кхерамзаллехула а, Юкъарлонашкахула а йолчу Кхеташонан, ОвхIанистанан, Пакистанан, Узбекистанан, Оьрсийчоьнан, кхечу мехкийн векалша.


Президентна Жээнбеков Сооронбайна хетарг


ГIиргIазойчохь дин меттигерчу кхетамца дозар эвсара чекхдаккхалур ду махкахь Исламан академи кхоьллича, элира конференце веъначу президенто Жээнбеков Сооронбайс. Ткъа и академи хила еза пачхьалкхо доладеш, бохура цо.


Иштта хаамбира цо Бишкекерчу Исламан колледжо бечу балхах лаьцна. Президенто дийцарехь, колледжо Iеламчаш кхиабо пачхьалкхан стардарто магийначу программица, ткъа цуьнан балханна тIехьожуш ю мехкан дешаран министралла.


Жээнбековна гарехь, махко даржа аьтто бан беза Хьанафин мазхьабна а, махкахь хьалха дуьйна а леллачу исламан кепанна а. "Вайн дайша лелийна ислам догIу паргIатчу пачхьалкхан дахарца, догIу пачхьалкхан низамашца а", элира цо.


Цуьнан лаамна тIетайра Iаьрбийн Эмираташкара веана Iеламча Iела Рашид Iабдулла Ал-НуIами. Къоман амалшца догIу, экстремизм герга юьтур йоцу "гIиргIазойн ислам" кхолла хьийхира цо гуламхошна. "Цхьанненан а яц бакъо, ГIиргIазойчу а веъна, шен ислам шуна тIетийса", элира шайха.


Хьешо ма-аллара


Абу-Даберчу хьешо бина хьехам бийцаребо тахана гIиргIазойн эксперташа. Къоман жигархочунна Акматалиев Алмазбекна хетарехь, гIиргIазойн гIиллакх-гIуллакх а кхетош лелачу исламо маслаIате буьгур бара дино шина декъе бекъна беха нах.


- ГIиргIазойн ислам вайна кхузахь тайна ца Iа, Iаьрбий а тIехь бу иза зуьйш, толлуш. Дац ислам Iаьрбийн долахь дин, шен мотт, шен амал, духар дохьуш догIу оцу дине хIора къам. Вайна хаа деза, мел дукха пайда беъна исламна Юккъерчу Азин къаьмнаша. Зама кхаьчна Юккъерчу Азин ислам билгалдаккха. И болх боло бIегIийла ду тахана. Цунах вайн пачхьалкхийн лидерша пайдаэца а беза. Iаьрбийн бIаьргашца хьаьжча, вайн ислам ша-тайпа, ах-кеп бен йоцуш хила а тарло, амма иза вайн ислам ду. Коьртаниг – вайн АллахI цхьаъ во, Цуьнан пайхамар Мухьаммад бакъ во. Вой? Тоьаш ду-кх тIаккха! Дисинарг хила деза вайн къоман хотIца догIуш, вайн историца, географица, маттаца, Iадаташца дозаделла", аьлла къамел дина экспертийн гуламехь Акматалиев Алмазбека.


Оцу жигархочун дагара бу дукхахболу гIиргIазойн политикаш, юкъархой, цара дечу къамелашка ладоьгIча.


ГIиргIазойчохь дукха хан ю дин адамашна школера дуьйна схьа довзуьйтуш хила деза бохуш дуьйцу. Амма кхочушдеш дац иза. ГIиргIазойчоьнан Динан урхаллин куьйгалхочун гIовсо Ракиев Замира Маршо Радиона (Азаттыкна) ша еллачу интервьюхь билгалдаьккхира, дин берашна школехь довзуьйтуш хилча, иза алссам девзар дара бахархошна, аьлла.





Загрузка...


Губернаторы России

Спорт в России и мире

Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса

Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире




Путин в России и мире

Лукашенко в Беларуси и мире



123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.






Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...





Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net