Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Февраль
2018

Новости за 14.02.2018

Европан кхело Оьрсийчоьне жоп дехна Нохчийчохь байначу нахах

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь 2012-2013-чу шерашкахь байначу Бадургов Хьусейнан а, Элимханова Хадижатан хьокъехь бинчу талламех хеттарш дина Оьрсийчоьне Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело, яздо "Къизаллашна дуьхьало латточу комитето". Бакъонашларъярхойн информацица, 2012-чу шарахь аьхка 25 шо долу Бадургов Хьусейн шен зудчуьнца а, 7 бутт болчу йоIаца а ГIалгIайчуьра Нохчийчу дIавахана, шена бан болх лахархьама. Шен йишига ПетIамате телефон тоьхна цо Товбеца-беттан 10-чохь, меттигерчу цхьана туькана балха оьцуш, къамел дан ваха везаш ву ша аьлла. Читать дальше...

Iамеркан кхерамзаллан агенталлана гергахь герзаш диттина

Radiomarsho.com 

Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн къоман кхерамзаллан Агенталлан офисна хьалха герзаш кхийсаран бахьанашца кха стагна зенаш дина. Reuters агенталлан хаамашца, шеконашца лаьцна тIелатар динчех цхьаъ. Хиллачух дIахаийтина президенте Трамп Доналде. Мэриленд штатехь ю агенталлан гIишло. ХIусамна чу воьддучуохь иккхина инцидент. Хаамийн гIирсийн информацица, герзаш диттинчу меттигерчу кевнех кхетта Iаьржа машен.

Нидерландашка кхаьчна Саакашвили Михаил

Radiomarsho.com 

КIиран юьххьехь Украинано Полша депортаци йина Гуьржийчоьнан хилла президент Саакашвили Михаил Нидерландашка кхаьчна. Кхааридийнахь хIолландхойн ANP информацин агенталло бина и хаам. Нидерландийн арахьарчу гIуллакхийн министралло бакъ ца йина и информаци Нидерландхойн пачхьалкхаллан яхархо ю Саакашвилин хIусамнана Руловс Сандре.



Путинна дуьхьал яьлла Собчак Ксения

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан президентан харжамийн кандидата Собчак Ксенияс  Лакхарчу кхеле кехат чуделла, харжамашка дакъалаца магош Путин Владимирна йина регистраци юхаяккха аьлла. "Собчак массарна а дуьхьал" аьллачу телеграм-каналерчу агIон тIехь зорбане яьккхина цо документан копи.

ТIеман ветеранийн сийдар низамашкахь тIедожош ду Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан парламенто низаман проект кечйина тIеман ветеранийн сийдайинарг бехке озош, ишта даймехкан тIамех харцдерг дийцинчунна а, бакъдерг харцахьадаьккхинчунна а таIзар деш. Парламентан кхеташонехь бина и хаам парламентан спикеро Даудов Мохьмада. Низаман проект йийцарейийр ю парламентан кхеташонехь еаридийнахь. Кхеташонан жамIашка хьаьжжина пачхьалкхан Думе дIакхачор и низаман проект. Оцу документо хийцамаш бо федералан низамашкахь, бехкзуламан таIзар юкъадаладо тIеман ветеранаш сийсазбечарна а, беллачийн иэс талхочарна а. Читать дальше...

Оьрсийчоьнан бахархой байина Шемахь

Radiomarsho.com 

Шемахь Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн кемаша динчу тохаршкахь байинчу кхин а кхаа Оьрсийчоьнан вахархочун цIераш билгалъевлла. Талламчийн Conflict Intelligence Team группано гулбина и хаамаш. Артиклехь вуьйцу Лахарчу Новгородан вахархо Шихов Алексей, Украинехь хьалхо тIемаш беш хилла волу. Иштта вийна "Триединая Русь" патриотийн организацин Владимр цIе йолу декъашхо, вуьшта "Апостол" цIарца вевзаш хилла. Свердловск кIоштан Кедровое олучу эвлара ву кхоалгIаниг, Гаврилов Руслан. Дахначу оршотдийнахь... Читать дальше...

"Путинца интервью" филм гойтур яц телеканалехь

Radiomarsho.com 

Харжамийн комитето дехар дина Оьрсийчоьнан Хьалхарчу канале Путин Владимирх лаьцна Стоун Оливера яьккхина филм президентан харжамаш чекхбовллалц ма гайтахьара аьлла. Кхааридийнахь ЦИК-ан куьйгалхочо Памфилова Эллас дина и дIахьедар журналисташка. Ишта цо оцу юкъанна билгалдаьккхина, "Путинца интервью" ленти тIехь кхайкхамаш цахилар "кхаж таса я ма таса" аьлла а, я цхьангахьа а узуш меттиг цахилар а. Хьалхо "Яблоко" партино Хьалхара канал бехкейира, низамаш хьоьшуш, Путин Влдаимирна агитаци ярна. Читать дальше...

Дахаран хьелаш юккъерачу барамехь карийна Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Дахаран хьелаш аьхна долчу регионийн керла талламан зераш Iорадаьхна статисташа. Цаьрца а догIуш, дикаллин гайтамаш болчу тептаре яьккхина Москох, Петарбух, Москохан кIошт а. 70 балл кхаьчна оцу регионашна. Дозалла дойла ю ГIезалойчоьнан а (65,59 балл), Белгородан кIоштан а (64,00), Краснодаран кIоштан а (62, 89 балл) бахархойн а. ГIирмерчу бахархойн хьелаш а хиллачаьрца дуьстича мел а гIолечу хьолехь гайтина кху шара (40 балл). Юккъерачу барамехь ю аьлла Нохчийчуьрчу бахархойн дахаран таронаш 36... Читать дальше...



Страсбургерчу кхело толлуш бу Муртазалиева Зараан латкъам

Radiomarsho.com 

Кхааридийнахь Европерчу адамийн бакъонийн кхелехь талла болийна Муртазалиева Зараан латкъам. 2004-чу шарахь террорхойн тIелатар дан кечам беш хиларна бехке а йина, бархI шой ах шой хан а тоьхна, набахте йоьллинера Москох ехаш хилла нохчийн йоI. Адамийн бакъонашларъярхоша чIагIдарехь, Iедалхоша пластид олу оьккху молха кхоьссинера цуьнан тIоьрмиг чу. Ткъа цуьнан дов хотту процесс дуккхаъчу кхачамбацаршца йоьзна яра. Оьрсийчохь шена тIехь йинчу кхелехь хилла цхьа могIа кхачамбацаршна тIе тидам а бохуьйтуш... Читать дальше...

Австрехь эккхийтарш дан кечам барна кхеле озийна нохчий

Radiomarsho.com 

Венерчу кхелехь кхаарий дийнахь дIайолаеллачу процессехь дов хоттуш ду кхаа стеган. Даханчу шарахь Австрерчу Санкт-Пельтен гIалахь терроран эккхийтарш дан кечам барна бехке беш бу и нах. Царах шиъ нохчийн къомах ву. 19 шой, 22 шой долуш ву и шиъ. КхозлагIниг 19 шо долу им диллина австрихо ву. Прокуратурано чIагIдарехь, и кхо стаг ДАIИШ тобанерчу цхьана нохчийн къомахчу тIемалочуьнца зIенехь хилла. Абу Нохь цIе йолчу цу тIемалочо омра дина хилла царна, Австрерчу цхьана гIалахь терроран тIелатар де, аьлла. Читать дальше...

Куьршаларчу нахана ницкъбо бохург бакъ ца дина парламентан спикеро

Radiomarsho.com 

Майлистори социалан машанехь Нохчийчоьнан парламентан спикеро Даудов Мохьмада, Куьршалара нах бертаза шайн хIусамашкара арабохуш бу бохуш, лела къамелаш, цхьа а бух боцуш ду аьлла, яздина. "Вайн мехкан куьйгалхочо бахархойн дахаран хьелаш тодархьама дерриг а деш ду. Иштта бара хьалхарчу президентан Кадыров Ахьмадан лаам а. Шен дех диссина гIуллакх дIакхоьхьучу Кадыров Рамзана адамийн сатийсамаш кхочушбо. Амма бу спекуляци а лелош, факташ хуьйцуш, харцдерг кхуллу нах. Цара са ца гатдо шайн махкахошна, бакъонаш ларйо бохуш, дIахьедарш дахь а. Читать дальше...

Буденновскехь Даудов хилла вац аьлла цуьнан адвокато

Radiomarsho.com 

Къайлахчу тешо 1995-чу шарахь Буденновскна динчу тIелатарехь дакъалаьцна ву Даудов Бадрудди аьлла, чIагIо йинехь а, цуьнаа адвоктан дIахьедарца, оцу деношкахь иза шен цIахь хилла, балха а лелаш. Маршо Радионо яздира шинаридийнахь Даудовн хьокъехь кхелан кхеташо дIаяьхьна хиларх. Тешо иштта чIагIо йина, Буденновскна динчу тIелатарехь хилла 154 стаг вевзар вара шена, суьрташкахь бийца ца хаахь аьлла Махмудов Асланан псевдонимца вистхиллачу къайлахчу тешо. Буденновскехь Даудов хилла вац аьлла, тешна ву цуьнан адвокат Гуров Александр. Читать дальше...

Шелковскерчу кхиазхошна йиттина полисхой кхеле хIиттор бац

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь кхиазхойх леташ яьржинчу видеон хьокъехь бехкзуламан гIуллакх айда дуьхьало йина талламчаша, зуламан хIоттам бац цуьнца аьлла, яздо "Мемориал" центро. Маршо Радионо яздира стохка ГIуран-баттахь бакъонашларъярхоша кхиазхошна еттарх прокуратуре бинчу хаамаех. Камерана хьалхха Шелковск кIоштарчу бахархошка гечдар дехийтира полисхоша церан дов хиллачу Иласхан-Юьртарчу бахархошна гергахь. WhatsАpp-ехь Iораяьккхинчу видео тIехь гуш ду, Иласхан-Юьртара божарий сийсазбиначарна етташ, барт хоттуш. Читать дальше...

Кадыров: Бертаза цхьа а ца ваьккхина хIусамера

Radiomarsho.com 

Шен Телеграм - каналехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана яздо, спекулянташа а, Малхбузен моттбеттаргаша а Iиттарш яхь а, республика юхаметтахIоттош белхаш ша дIабийр хиларх. Карарчу хенахь Куьршала гIалин статусе ерзо гIерташ, къахьоьгуш ду шаьш. И Iалашо кхочушъярхьама мехкан урхалло кхиош ю экономикан а, бахаман а сфераш аьлла Кадыровс. "Бахархошна тоьлла цIенош ду деш. Уьш реза а бу. Бертаза цхьа а вац чуьра аравоккхуш, бахархойн лаамца ду дерриг а. Наха кехаташна куьйгаш а яздо, шайн... Читать дальше...

Спорт в России и мире
Москва

Шествие трубачей и уроки танцев: что ждет посетителей парков Москвы в майские праздники


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
Елена Рыбакина

Камбэком обернулся матч вундеркинда из России перед стартом Еленой Рыбакиной в Мадриде


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Huawei представила IDS на 26-м Всемирном энергетическом конгрессе





Путин в России и мире
Москва

Путин поздравил Леонида Рошаля с днем рождения


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Это - война: литовские беспилотники попытались атаковать Минск




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире

Навальный в России и мире
Москва

Басманный суд Москвы арестовал продюсера Reuters Константина Габова за помощь ФБК в подготовке материалов



Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Михаил Кутушов

Компания ICDMC стала победителем престижной премии в сфере ЗОЖ – Green Awards 2023/24



Москва

Жители Подмосковья смогут зарегистрировать дачи в праздники

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net