Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Февраль
2018

Новости за 27.02.2018

Петарбухахь нохчий лаьцна спецназо

Radiomarsho.com 

ПIераскан буса Петарбухахь ФСБ-н "Град" спецназо Нохчийчуьра бахархой декъехь а болуш, ворхI стагах лаьтта зуламхойн тоба лаьцна. Еххачу хенахь талораш, къоланаш деш, ахчанаш дохуш, схьабогIуш хилла уьш, хаамбо "Новости" агениталло, ницкъаллийн структурашкарчу шайн хьосташна тIе а тевжаш. "Стаг лачкъоран", "Талораш даран" артиклашца бехкаш дехкина царна Петарбухарчу Талламан комитето. Болчу хаамашца, стохка гурахь йохка-эцаран  центрерчу ресторанехь бизнесхочунна го а бина, тапчанца кхерамаш а туьйсуш... Читать дальше...

Германерчу кхело кхин цкъа а лаца сацам бина набахти чохь воллу нохчо

Radiomarsho.com 

Тоба а кхоьллина, тайп-тайпана талорш дарна бехке а бина, лецнера Германерчу Дрезден гIалахь бехачу нохчийн а, кхечу къаьмнех болу а божарий 2016-чу шеран гурахь. Дахначу шеран ГIадужу-баттахь йолаеллера церан кхел, амма масех баттана дIаттетинера иза. Лаьцнарг верриг а пхийтта стаг ву. Царах доккхах долу дакъа нохчийн къомах ду, немцойн Заксен лаьттарчу прокуратурано чIагIдарехь. Царна бехке дуьллуш ду, мафин кепехь банда а кхоьллина, нахера ахчанаш дахар а, летарш а, ткъа иштта наркотикаш а, герз а лелор а. Читать дальше...

Шемара цIа балийначу зударийн, берийн юкъара база кхуллур ю Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Гергарчу Малхбалерчу тIеман конфликташкара цIа балочу зударийн, берийн юкъара база кхолла дагахь бу Нохчийчохь аьлла, хаамбо мехкан прокуратурано. Республикан Iедалхойн гIоьнца Шемара а, кхечу Гергарчу Малхбалера а цIа кхуьйлучийн юкъара база хила еза вовшахтоьхна аьлла прокурора Абдул-Кадыров Шарпуддис. Цо чIагIдарехь, церан бакъонаш ларъярхьама вовшахтухуш ю и база. Ишта аьттонаш хир бу боху цо, кхеу пчхьалкхашкахь дуьненчу девллачу берийн кехаташ юха меттахIитто а. Шемахь тIемаш бирзинчул... Читать дальше...



Шемарчу курдойн юкъараллан лидер маьршаваьккхина Чехин Iедало

Radiomarsho.com 

Дахначу мукъаденошкахь Чехин Iедалша Прагехь лаьцна хилла курдойн юкъараллан лидер Муслим Салихь дIахецна. Туркойчоьно дIавоьхушшехь, "Демократин союз" партин хилла лидер Муслим Праган муниципалан кхело маьршавоккхуш сацам бина. Иттанашкахь цуьнан агIончаш гулбеллера кхелан гIишлонна хьалха иза маьршаваккхар доьхуш. Оршотдийнахь 200 стага демонстрацеш дIаяьхьнера Прагехь, Муслим дIахецар тIедожош. Маршо Радионо хаамбира, Туркойчоьно Интерполехула лехамашка валаран бахьанашца лаьцнера Муслим Прагехь кху беттан 24-чохь, аьлла. Читать дальше...

Немцов Борис дагалецира Москох

Radiomarsho.com 

Оппозиционер Немцов Борис дагалоцуш, иза вийначу Доккхачу Москворецкан тIай тIе зезагаш а дохкуш, гулбелира политикаш а, юкъаралхой а шинаридийнахь. Маршо Радион корреспонденто дийцарехь, баьхкинчарлахь бара Оьрсийчоьнан президенатн харжамийн кандидаташ Явлинский Григорий а, Собчак Ксения а, ПАРНАС-ан лидер Касьянов Михаил а, оппозиционер Гудков Геннадий а, бакъонашларъярхо Пономарев Лев а. Иштта зезагашца баьхкинера Литван, Швецин векалш а. Шинаридийнахь кхо шо кхечи Немцов Борис вийна. Иштта... Читать дальше...

Шен юьртахо вен а вийна, цуьнан дакъа дагийнарг кхеле хIоттийна

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь теллина дели 38 шо долчу Гуьмса кIоштарчу вахархочунна дуьхьал даьккхина гIуллакх. Иза бехкевора, шен юьртахо вен а вийна, цуьнан дакъа дагорна. Талламчийн версица, стохка гурахь Гуьмса кIоштарчу Керлачу Энгенойн эвлайистехь шен накъосташца садоIуш хилла бехкевийриг. Шайца болчу цхьанца дов иккхина хилла цуьнан, бехкевечун гергарчеран сийдойуш вийначо къамелаш а деш. Гулбелларш дIасабоьхча, буй тоьхна кхетамчуьра ваьккхина хилла цо иза.   Цул тIаьхьа кIесаркIагтIе шозза диг тоьхна, вийна иза зуламхочо. Читать дальше...

Бакъонашларъярхой: Шемахь машаран барт ца ларбо

Radiomarsho.com 

Лондонерчу Шеман адамийн бакъонашкахула йолчу мониторинган тобано дIахьедарца, Оьрсийчоьно маслаIат динехь а, Малхбалерчу Гутехь кеманца тохарш юхадолийна шина гIалахь. Шеман тIеман хьосташа бакъ ца йо и информаци. Шифуний а, Афтарис а гIаланашкахь кеманаша бомбанаш йиттина аьлла Британин мониторинган группано. Маьршачу нахана арабовла биллинчу некъа тIе минометца кхийсарш йина аьлла, Малхбалерчу Гутера гIаттамхой бехкебира оьрсийн эскархоша шинаридийнахь, яздо Оьрсийчоьнан информацин агенталлаша. Читать дальше...

Банкоматашкара ахчанаш лечкъон оьрсийн тоба гучуяьлла Австрехь

Radiomarsho.com 

177 000 евро - оццул ахча лачкъийна оьрсийчой, цуьнан накъосташий Австрерчу банкоматаш чуьра. Москохахь такси тIехь болх беш волу и стаг лерина веана хилла Австре, банкоматашкахь къоланаш дан. Санк-Пелтенехь кхеле озийна волчу оьрсийчо керла софтвер кхоьллина хилла, банкоматашка ахча аратасийта. Шен ноутбук тIера банкоматан системе сигнал цо яхьийтича, банкоматан блокада дIа а йолий, ахча схьалуш аратосуш хилла. Оьрсийн талорхойн бандин декъашхоша банкоматана уллехь собар а дина, ахча схьаэцчахьана долуш хилла. Читать дальше...

Iамерко керла санкцеш яьхна Оьрсийчоьнна дуьхьал

Radiomarsho.com 

Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа Оьрсийчоьнна дуьхьал керлачу санкцийн пакет йоккхур ю гергарчу 30 деношкахь. Шинаридийнахь Калифорнерчу университетехь вистхуьлуш дина и дIахьедар Iамеркан финансийн министро Мнучин Стивена, дуьйцу Bloomberg агенталло. Хьалхо Сенатехь ладегIаршкахь а элира Мнучина, санкцешна тIехь беш болу болх кхочушбийр бу аьлла. Масех Оьрсийчоьнан бахархошна дуьхьал санкцеш яха кечам беш хиларх дIахаийтира дахначу кIиранах Iамеркан пачхьалкхан секретаро Тиллерсон Рекса а. КIайчу цIийнерчу шен хьосташна тIе а тевжаш... Читать дальше...

Немцов верна бехке мел волчунна таIзар дар доьху Iамерко

Radiomarsho.com 

Оьрсийн оппозицини политик Немцов Борис верна бехке мел болучарна таIзар дина хиларх тешна хила деза аьлла, кхайкхам бина Вашингтоно Оьрсийчоьнан Iедалшка. Пачхьалкхан департаментан сайтехь бо и хаам. Динчу дIахьедарехь билгалдоккху, "демократин боламехь" Немцов коьртехь хилла хилар а, шен доллу дахар юкъараллан интересаш хьалха а яьхна, Оьрсийчоь маьрша, кхиаме хилийтар цуьнан коьрта Iалашо хилла хилар. Немцовх болчу дагалецамаша оьрсий а, кхечу къаьмнийн векалш а иракархIиттабо маршонехьа болчу халачу... Читать дальше...

Газ иккхина нах лазийна Шела кIоштахь

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь газан баллон иккхина 10 стаг, шайлахь 4 бер а долуш, лазийна. ТАСС агенталле бина и хаам махкарчу орцан министраллло. "Шела кIоштарчу Эвтарахь хIусамехь хилла и эккхийтар", - дийцина агенталле министраллан векало. Цо бахарехь, чевнаш йина итте а стаг дарбан цIийне кхачийна. Газ эккхаран бахьанаш толлуш, белхаш бу дIахьош карарчу хенахь.

Террорхойн тоба кхолларна лаца кхайкхийна Нохчийчуьра вахархо

Radiomarsho.com 

ГIалмаккхойчуьра Цугиев Iимран а, Нохчийчуьра Мальцагов Сулейман а лаца кхакйкхийна Москохан Лефортовн кхело. Кхелан сацамца, террорхойн тоба кхолларна бехкевина Цугиев а, Мальцагов а лаца дезаш ву аьлла кхелан секретаро Краснова Екатеринас. Цугиев Iимранна бехкедуьллу, террорхойн организаци а кхоьллина, цу юкъа кегийрхой ийзорна а, бакъо йоцуш герз лелорна а. Мальцагов бехке лору террорхойн тобанехь латтарна а, герз лелорна а. Росфинмониторинган сайтехь терроризман декъах хиллачийн тептарехь ву ший а.

Спорт в России и мире
Москва

Юные керамисты школы №2120 выиграли три Гран-при конкурса «Мир дому твоему!»


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
WTA

Мария стала соперницей Азаренко на турнире WTA в Мадриде


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Жёсткие экологические требования решат инновационные энерготехнологии





Путин в России и мире
Москва

Петербургский автопром вышел из кризиса, заявил Беглов


Лукашенко в Беларуси и мире



123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире

Навальный в России и мире
Москва

Дух разделения в Святой Руси, или Можно ли лишиться сана за отпевание Навального*



Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Тимати

Маркетолог Родочинская: новая девушка Тимати копирует Решетову ради бизнеса



Москва

В Москве стартовал сезон фонтанов

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net