Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Февраль
2018

Новости за 12.02.2018

Нохчийн депортацех лаьцна "ТIедожийна дицдан" филм гойтур ю Гуьржийчохь

Radiomarsho.com 

Гуьржийчуьрчу Гори гIалахь гойтур йолуш ю кху беттан 23-чу дийнахь Сталинан депортацин заманчохь Хьайбахахь хиллачу зуламах "Дицдан тIедожийна" филм. Нохчийчуьра оцу барамехь хир ву кинон режиссер Коканаев Руслан 2014-чу шарахь яьккхинчу оцу филмехь дуьйцу 1944-чу шарахь нохчаша лайначу депортацех. Эзарнашкахь адамаш дагийна хIетахь Хьайбахахь. Оьрсийчоьнан территори тIехь дихкина ду кино гайтар, къаьмнашна юкъахь мостагIалла даржадо аьлла. Кино яьккхинарш реза бац оцу версина.

Чехи: оьрсийн хакер Iамерке а ца луш, Оьрсийоьне дIавала лаам бу Земанан

Radiomarsho.com 

Прагехь лаьцна оьрсийн хакер Никулин Евгений Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташка а ца луш, Оьрсийчоьне дIавала гIерта пачхьалкхан президент Земан Милош. Никулин Iамерко бехкево шайн пачхьалкхан компанийн социалан машанаш а, компьютерийн системаш а яьстина, персоналан хаамаш лачкъорна. Чехин Respekt а,  Aktualne а хаамийн гIирсаша дийцарехь, байначу баттахь Земана шозза къамел дина юстицин министрца Пеликан  Робертца Никулинан кхолламах. Кхелийн масех инстанцехь хакер дIавала веза, кхи дIа гIуллакх талла аьлла... Читать дальше...

Пакистанерчу тIалибийн хьалханчан гIовс вийна

Radiomarsho.com 

Пакистанерчу тIалибаша тIечIагIдина, Къилбаседа Вазирстанехь Iамеркан кемано вийна хиларх боламан командиран гIовс Мехсуд Халид. Оршотдийнахь тIалибаша динчу дIахьедарехь, Мехсуд вийна Горвак олучу эвланна тохарш деш. Пакистанан къайлахчу сервисаша хьалхо хаамбинера, Саджна аьлча вевзаш волу Мехсуд верах. Пакистанан тIалибийн хьалханчас Фазлулла Муллас группан керла гIовс хIоттийна кхечу тобан командир Вали Нур. Дийцарехь, Саджнас тIелатар динера Пакистанан Карачи гIаларчу тIеман-хIордан базанна 2011-чу шарахь. Читать дальше...



Кадыровна биткоин эца дагадеана

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна биткоин эца дагадеана, криптовалюта кхуьуш терго латтон лаамца. "Технологийн даим а хийцалучу дуьненахь юкъадолучу керлачунна тIаьхьакхуьуш хила веза стаг. Ас хьалхо дIакхайкхийра, Нохчийчохь блокчейн юкъаялор ю аьлла. Суна интересе ду инновацин эцначу хIуманах мах дIабала аьтто бен машанаш а, криптовалютан кхиам а гуш", - аьлла, яздина Кадыровс шен Телеграм-каналехь. "Бакъдерг дийцича, биткоинах ахча юкъадиллар шеконе хIума ду, доллучух вала а тарло. Читать дальше...

Уггар а доккха маьждиг дина Шелахь

Radiomarsho.com 

Нах беха тIекIал комплекс а, дуьненчохь а уггар доккха 20 эзар стаг чу тарлуш маьждиг а дина Iедалхоша Шелахь. Иштта битаме далош ду гIалин хатI а, маьршша дIасалелийта шордеш ду некъаш а. Оцу Iалашонца  Шелара цхьадолу цIенош а, гIишлош а дIахьаькхира Iедало дайначу шеран тIаьххьарчу баттахь. ХIусамашкара арабаьхначу бахархошна меттигаш елира Шелана юьстахарчу майданахь. "Шали-Ситина" юкъайогIуш хир ю 7 гIишло: 12-ра 16-нна тIе кхаччалц гIаташ, нохчийн  ширачу бIаьвнан кепехь 21 гIатах лаьтташ хир ю цхьа гIишло. Читать дальше...

Азербайджано депортаци еш ю Нохчийчоьнан вахархочунна

Radiomarsho.com 

Террорхошца зIенаш хилла аьлла, Азербайджано бехкевина,  13 шо набахтехь даьккхина Нохчийчоьнан вахархо, 4 беран да Такаев Сайд-Хьусейн гергарчу хенахь пачхьалкхера аравоккхуш ву Iедалхоша. Карарчу беттан хьалхарчу деношкахь депортацин куьпа валийна Такаев, Оьрсийчу дIахьажо. Бакун Iедало официалехь еллачу политикан мухIажиран статусех ваьккхина иза лоцучу хенахь. Такаев Сайд-Хьусейнан гергарчара а, доттагIаша а кхайкхамбина бакъонашларъяран организацешка, нагахь Оьрсийчоьне дIалахь, цуьнан дахарна кхерам буйла а хууш,  гIо доьхуш.

Iедало магийтахь Немцов Борис дагалаца дагахь бу цуьнан агIончаш

Radiomarsho.com 

Оппозиционеран политик Немцов Борис дагалоцуш марш дIахьош хиларх хаамбина Москохан мэрига. Кху беттан 25-чу дийнахь дIабахьа билгалбаьккхина и барам, хаамбо Твиттерехь бакъонашларъярхочо Давидис Сергейс. Акци вовшахтоха леринчара маршрут ехна Калужскан майданара Васильевскан басе кхаччалц, Немцов вийначу Москворецкан тIай тIе зезагаш а дохкуш. Дахначу шарахь Iедалхоша магийтира акци дIаяхьа, альтернативе некъашкахь бакъо елира – булварашкахула Пушкинан майданера Сахаровн проспекте кхаччалц дIабаха. Читать дальше...

Шеларчу полигонехь Iамораш долийна

Radiomarsho.com 

Шела кIоштарчу "Гвардеец" полигонехь кхийсархойн а, танкистийн а Iамораш дуьйладелла. Герз тохар гойтуш, танкан, артиллерийн гIирсаш караберзош Iамораш дIахьо 42-чу дивизин дакъойн эскархоша. Цу Iаморашкахь ву 1000 сов салтий, 200 техника а, дийцина "Кавказан узел" агенталле Нохчийчуьрчу комендатуран векало. Иштта Къилбаседа ХIирийчуьрчу "Тарское" олучу полигонехь а дIахьош ду оршотдийнахь Iамораш.



Кадыров: Шемара полисхой юхабирзина сийлаллийца шайн декхарш кхочуш а дина

Radiomarsho.com 

Шемарчу Алеппохь 1,5 шарахь эскарехь а лаьттина Нохчийчу бирзина полисхой. Мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана бина и хаам. "Оьрсийчоьнан тIеман министраллан батальонера полисхой цIа бирзина тIаьххьарчу цхьана шарахь 6 баттахь а Шеман Алеппо гIалахь декхарш кхочушдинчул тIаьхьа. Майора Нумухаджиев Руслана куьйгалла динчу тобанера 393 тIемало могуш-маьрша даймахка вирзина", -  аьлла шен ВКонтактерчу агIонехь хаамбина Кадыровс. Мехкан куьйгалхочо дийцарехь, Оьрсийчоьнан тIеман министраллан коьрта объекташ ларъярехь... Читать дальше...

Саратовн кеманаш дIасалелар сацийна ханна

Radiomarsho.com 

"Саратовн авиалинеш" авиакомпанино ханна сацийна шайн Ан-148 кеманийн дIасалелар. Компанин векалша Домодедовон кIоштахь чудеанчу кеманчохь веллачу 71 стеган гергарчаьрга кадам бина. Оршотдийнахь Саратоверчу аэропортехь митинг хIоттош ю кеман экипаж а, пассажираш а дагалоцуш. Оренбурган кIоштахь оршотде тезетан де санна дIакхайкхийна, 30 гергга кеманчохь хилла пассажир цигара хилла. Iедало церан гергарчарна компенсацеш лур ю аьлла. Москох оршотденна лерина хилла массо а културан барамаш дIатеттина. Читать дальше...

Пхенчханехь кадамбо Оьрсийчуьрчу кеман тIехь беллачийн гергарчаьрга

Radiomarsho.com 

Оьрсийчохь хиллачу авиакатастрофехь беллачийн гергарчаьрга кадамбарца лерина тезетан зона билгалъяьккхина Дуьненаюкъарчу олимпикан комитето Пхенчханехь. Организацино яржийначу пресс-релизехь бу и хаам. Иштта кадам бина кеман тIера 71 стаг валарца масех пачхьалкхийн векалша а. Ю царлахь Iамеркан Цхьанатоьхна Штаташ а, Украина а, Гуьржийчоь а. Ан-148 "Саратовн авиалинийн" кема доьхначу меттигехь орцанхоша дIахьош хилла гIоьналлин операци дIайирзина. Орцан министралло тIечIагIдина, салон чохь хиллачух цхьа а дийна висина цахиларх. Читать дальше...

Оьрсийчуьрчу берийн Iаьнан садоIу денош дIататта тарло

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан дешархойн Iаьнан садоIу хан дIататтар дийцаредо кабинетийн министрехь. Къилбаседа Кавказехь когсаласаш хохкуш садаIарна пропаганда ярхьама беш бу и хийцам аьлла вице-премьера Хлопонин Александра "Оьрсийчоьнан газетане". Цо бахарехь, берийн садоIу денош когсалазаш хохкучу хенаца цхьана нисдина хила дезаш ду. Доккхачу декъанна, Хлопонина билгалдаккхарехь, и кепаш оьшу Къилбаседа Кавказерчу туристийн когсалазаш хоьхку курорташ кхиорхьама. Европан мехкашкахь берийн садоIийла Альпашкахь... Читать дальше...

Куьрчалара 37 цIа дIахьокхуш ду Iедало

Radiomarsho.com 

Куьрчалара 37 цIа дIахьакха дагахь бу Iедалхой. КIира хьалха хиина оцу хIусамашкахь бехачу нахана цунах. Меттигерчу администрацин белхахой чекхбевлира оцу урамех, цул тIаьхьа маьждига хьалха схьа а гулбина, дIакхайкхийра цIенош дIахьокхуш хиларх яздо "Мемориало". ЦIенош лаьттинчу меттигехь йоккха йохка-эцаран, самукъадаккхаран комплекс дIахIотто Iалашо ю шайн, белхаш карабогIучу беттан хьалхарчу деношкахь дIаболо оьшу аьлла, шайн лаам бовзийтина Iедалхоша бахархошна. Оцу юкъанна хIусамийн долахошца... Читать дальше...

Куьршалара 37 цIа дIахьокхуш ду Iедало

Radiomarsho.com 

Куьрчалара 37 цIа дIахьакха дагахь бу Iедалхой. КIира хьалха хиина оцу хIусамашкахь бехачу нахана цунах. Меттигерчу администрацин белхахой чекхбевлира оцу урамех, цул тIаьхьа маьждига хьалха схьа а гулбина, дIакхайкхийра цIенош дIахьокхуш хиларх яздо "Мемориало". ЦIенош лаьттинчу меттигехь йоккха йохка-эцаран, самукъадаккхаран комплекс дIахIотто Iалашо ю шайн, белхаш карабогIучу беттан хьалхарчу деношкахь дIаболо оьшу аьлла, шайн лаам бовзийтина Iедалхоша бахархошна. Оцу юкъанна хIусамийн долахошца... Читать дальше...

Спорт в России и мире
Москва

Шествие трубачей и уроки танцев: что ждет посетителей парков Москвы в майские праздники


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
Елена Рыбакина

Елена Рыбакина рассказала о проблемах на турнире в Мадриде


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Жёсткие экологические требования решат инновационные энерготехнологии





Путин в России и мире
Москва

Петербургский автопром вышел из кризиса, заявил Беглов


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Это - война: литовские беспилотники попытались атаковать Минск




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире

Навальный в России и мире
Москва

Продюсера Reuters арестовали за публикацию материалов на YouTube-канале «НавальныйLIVE»



Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Михаил Кутушов

Компания ICDMC стала победителем престижной премии в сфере ЗОЖ – Green Awards 2023/24



Москва

Вашингтону готовят грозный ответ: посол США может быть выслан из России – МИД готов на такой шаг

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net