Набахтехь даккха 14 шо хан тоьхна полисхочунна
Нохчийчоьнан 22 шо долчу вахархочунна Мурадов Русланна дуьхьал даьккхинчу зуламан гIуллакх тIечIагIдина мехкан прокуроро Абдул-Кадыров Шарпуддис. Мурадов бехкево зуламан кодексан 105 (стаг вер), 118 (могушаллина ледарлонца зулам дар) а артиклашца, . Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан объекташ ларъечу батальонан полисхо ша волчу заманчохь, белхан хан чекхъяьллачул тIаьхьа шен гамо йолчу Тайбаев Супьянна герз диттина, иза вийна цо. Мурадовс герз деттачу хенахь чохь нисвеллачу цуьнан жимахволчу вешина а кхетта шинахьа герз. Читать дальше...