Шемахь Малхбалерчу Гута бомбанаш етташ адамаш дайар емалдина дуьненаюкъаралло
Малхбалера Гута олучу гIаттамхоша Iуналла дечу Димашкана гергарчу кIошта бомбанаш еттарна саготта ву ша аьлла, дIахьедар дина Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан инарлан секретаро Гутерриш Антониус. Цо дийцарехь, цигарчу бахархошкахь вуно ирча хьал ду. Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан кхеташонехь вистхуьлуш Гутерриша билгалдаьккхира, кху тIаьхьарчу шина дийнахь Малхбалерчу Гутехь 100 сов маьрша стаг вийна хилар. Цу хеннахь Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министро Лавров Сергейс бакъ лерина шаьш цу кIошта бомбанаш еттар. Читать дальше...