Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Февраль
2018

Новости за 02.02.2018

Матвиенко: Ирсан а, цхьалин а министраллаш кхолла еза

Radiomarsho.com 

Кху заманахь цхьалла уггар а яккхийчу проблемех ю аьлла Федерацин Кхеташонан спикеро Матвиенко Валентинас, хаамбо ТАСС агенталло. "Ас аьллера ирсан министралла кхоьллича гIоле яра, амма суна тIе ца тов цхьа а. ХIинца цхьаллин министарлла а ю-кх рогIехь кхолла езачех", - аьлла цо ярташкарчу социалан сферан къинхьегамхошца цхьанакхетарехь. Цу тайпа урхалла ю боху цо Великобританехь. Матвиенкона хетарехь, уггар а бале ю цхьаалла хенарчу нахана. "Оцу нахана ахчанал а алсам оьшу шайна ен терго", - боху спикеро. Читать дальше...

Медведев Дмитрийга арз дина хьехархо балхара вохийна

Radiomarsho.com 

Хьехархойн лахарчу алапашна Оьрсийчоьнан премьер-министре Медведев Дмитрийга арз дина Таганрогерчу металлургийн техникуман хьехархо Макаренко Виктор балхара дIаваьккхина. 161.ru портало бина и хаам пIераскандийнахь. Дешаран министраллехь чIагIдо, 40 шарахь болх бина Макаренко дIаваккхаран бахьанаш, цуьнгара балха тIехь юьйлу ледарлонаш гулъялар ду, Медведевга кехат яздар дац аьлла. Шен кехат тIехь хьехархочо дIахьедина хилла, 2016-чу шарахь хIоттийна 9289 сом хIумма а хийцам болуш дац шаьш 2012-чу шарахь оьцуш хиллачуьнца, аьлла. Читать дальше...

МухIажирш балош догIу хIордкема хаьрцина Ливехь

Radiomarsho.com 

Нелегалан 90 мухIажир валош догIу хIордкема хаьрцина Ливин хийистошкахь. Дуьненаюкъарчу мухIажирин гIуллакхийн организацино бина и хаам. Берда йисте схьатесна тулгIено 10 дакъа, кханна кIелхьаравала аьтто хилла. Цара бахарехь, доккхачу декъанна пакистанхой хилла хIордкеманца богIурш. Итале кхача Iалашо хилла церан. Дуьненаюкъарчу миграцин организацин зерашца, стохка иштта Лаьттаюккъерачу хIорда чохь велла 3 эзар сов мухIажир. Ткъа хIорда тIехула Итали кхаьчна 118 мигрант.



Террорхошна шайнна набахтеш оьшу аьлла Оьрсийчохь

Radiomarsho.com 

Пачхьалкхан Думан кхерамзаллан а, коррупцина дуьхьало латточу а комитетан декъашхочо Шхагошев Адалбис террорхошна Оьрсийчохь шайна леррина набахтеш оьшу аьлла. ТАСС агенталлан хаамашца, Зуламан кодексна юкъахь хийцамаш а кечбина, низаман проект Думе кховдийна Шхагошевс бутт хьалха. Шаьш лаьцна латточу меттигашкахь террорхойн тобанашка керла нах юкъаийза церан аьтто ца хилийтархьама оьшу терроризман артиклшца лецна нах вукху тутмакхех къастийна бита аьлла хета Шхагошевна. И тайпа масалш керла дац дуьненан практикехь аьлла политико... Читать дальше...

Хангошвили: Дайн гIиллакхаш довзийта гIерта со кегийрхошна

Radiomarsho.com 

Кху деношкахь оьрсийн маттахь зорбане яьлла "Кистойн Iадаташ" (Адаты кистин) цIе йолу книга. Цуьнан автор ву Гуьржийчоьнан ПIаьнгазарчу бахархойн Къанойн кхеташонан декъашхо, яздархо а, хьехархо а волу Хангошвили Хасо.   Хангошвилис билгадаккхарехь, "Кистойн Iадаташ" дуьххьара гуьржийн маттахь зорбане яьллера Тбилисехь 2015-чу шарахь. Цу тIехь болх беш ша юьхьарлаьцна хиллачу Iалашонех лаьцна иштта дуьйцу цо.   - Вайн дайша лелийна Iадаташ а, Iедалш а хан йолуш юкъара дIадолуш ду. Уьш кегийрхошна довза а ца девза. Читать дальше...

"Оьрсийчоь дагчохь ерш" гуллур бу Соьлж-ГIалахь митинге

Radiomarsho.com 

Йоллу Оьрсийчохь йоьдучу "Оьрсийчоь сан дагчохь ю" акцина тIе а тевжаш, шоьтадийнахь Соьлж-ГIалахь митинг - концерт дIаяхьа кечамаш беш бу Нохчийчохь. Юкъараллан къепе ларъяр тIедиллина чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан урхаллана а, Росгвардин эскархошна а. Бахархойн позици йовзийта коьртачу шахьаран майданахь гуллур бу мехкан бахархой а, луларчу мехкашкара хьеший а.

ПIаьнказахь вийначу Мачаликашвилин гергарнаш прокурорца цхьанакхетар бу

Radiomarsho.com 

ПIаьнказехь спецопераци дIахьочу хенахь лен чов хиллачу Мачаликашвили Темирланан гергарнаш шина дийнахь ойла йинчул тIаьхьа реза хилла Тбилисехь Гуьржийчоьнан коьртачу прокурорца цхьанакхета. Журналисташка и хаам бина Мачаликашвили Малхаза. Цо бахарехь, уьш цхьанакхета реза хилла меттигерчу бахархошца а, чIожан къаношца дийцарш дIадаьхьначул тIаьхьа. ПIераскандийнахь Мачаликашвили Малхаз шен хIусамненаца а, вешица а, кIантаца а Тбилисе воьдуш ву. Коьрта прокурор волчахь хиндолчу вовшакхетарехь хир бу доьзалан адвокаташ а. Читать дальше...

Бакъонашларъярхоша а, културан белхахоша а доьху Титиевy гIуллакх кхечу регионехь листар

Radiomarsho.com 

Титиев Аюбан гIуллакх Нохчийчоьнал а арахьа листар тIедожийна бакъонашларъярхоша. "ГIуллакх таллар федералан тIегIане дерзаде", - аьлла, яздина бакъонашларъярхоша а, юкъаралхоша а, културан белхахоша а Оьрсийчоьнан инарла прокуроран Чайка Юрийн, чоьхьарчу гIуллакхийн министран Колокольцев Владимиран, Талламан комитетан куьйгалхочун Бастрыкин Александран а цIарах дахьийтинчу кехата тIехь. "Титиев Аюбна дуьхьал даьккхина гIуллакх бух боцуш ду аьлла, чIагIдойла ю тхан", - яздина "Меморилан" сайтехь кхозучу кхайкхамна тIехь. Читать дальше...



"Оха хIуъа а дийр ду кхел бакъонца хилийта"

Radiomarsho.com 

Герз лелорна а, Iедалан векал сийсазварна а бехкевина, лаьцна ГIалгIайчоьнан оппозиционер Хазбиев Мохьмад. Цуьнан адвокато хаамбина, Хазбиевн могушаллина эшам хиларх.

Титиевн адвокат вада везна Нохчийчуьра

Radiomarsho.com 

Соьлж-ГIаларчу "Мемориалан" декъан куьйгалхочун Титиев Аюбан адвокат Тельхигов Аслан махкара араваьлла, шен дахарна кхерамш тийсарна. "Новая газетано" бина и хаам. Газетано бахарехь, вукху адвокатна Заикин Петрна машенца тIаьхьабевлла нах хаабеллачул тIаьхьа, иза байначу беттан 18-чохь Соьлж-ГIалара дIаваханера. Цул тIаьхьа тIеIаткъам ловш хиллера Титиевн шолгIа адвокат Тельхигов Аслан а. "Новая газете" нохчийн адвокаташа хаамбина, шайн адвокатийн палатан декъашхошна телефончухула тIедожийна... Читать дальше...

Антинаркотикийн кампанехь лецначарна тIехь къизаллаш лелайо аьлла Соьлж-ГIалин вахархочо

Radiomarsho.com 

Наркотикашна дуьхьал болийначу къийсамехь лоьцу нах ларми чохь а латтабо, царна ток йоьттуьйтуш, тIехь ницкъбо аьлла "Кавказан узел" агенталле Соьлж-ГIалин вахархочо. Цо бахарехь иза а, кхи а 200 стаг латтийна антисанитарин хьелашкахь, къизаллаш лелош тIехь, ток йоьттуьйтуш, цул тIаьхьа моллин хьехамашка ладегIа дигара шаьш аьлла, дийцина вахархочо агенталле. Шина кIиранах чохь латтийначул тIаьхьа, ша маьршавитира боху цо. Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан белхахочо "Кавказан узел" хаамийн гIирсан хеттаршна жоп луш... Читать дальше...

Газ иккхина, нах баларна бехкевина Ломаз-Юьртара вахархо

Radiomarsho.com 

Теркйист кIоштан прокуроран гIовсо Барабаш Дмитрийс бехк тIе а чIагIбина, кхеле хьажийна Дударханов Казбекан гIуллакх. Бинчу талламашца, ООО "Чеченгазехь" слесаран болх бечу Дудархановс шен хеннахь газан турбанаш меттаялийна цахиларна, оцу кIоштарчу Ломаз-Юьртарчу цхьана хIусамехь газ дIаихаран бахьанашца эккхийтар хилла. Оцу хиллачу бохамехь юьртарчу 4 вахархочунна даккхий зенаш динера могушаллина. Кхоъ царех велла, 4-чун могушалла ледарчу хьолехь ю. Кхи дIа талла Теркйистерчу кIоштан кхеле... Читать дальше...

Ноутбук лачкъорна ши шо хан тоьхна Шуьтан кхело зудчунна

Radiomarsho.com 

Нехан хIусамчу а яхана, къола дарна кхеле хIоттийначу меттигерчу яхархочун И.Iайнаан гIуллакх листина Шуьтан кIоштан суьдхоша. Кхело къастийна, хьалхо наркотикаш лелорна суд йина и зуда дахначу шеран гурахь нехан доларчу цIа чу а яьлла, ноутбук лачкъийна, 15 эзар соьмана зен дина хилар хIусамдена. Шен бехк хиларна мукIарло дар а, дохкоялар а тергоне а эцна, набахтехь даккха ши шо хан кхайкхийна зудчунна.

Спорт в России и мире
Москва

Спортсменка из Бутово выиграла «золото» на турнирах по художественной гимнастике


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
WTA

Мария стала соперницей Азаренко на турнире WTA в Мадриде


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Huawei представила IDS на 26-м Всемирном энергетическом конгрессе





Путин в России и мире
Москва

Эксперт: корректировка порогов крупного и особо крупного ущерба по экономическим статьям оправдана и своевременна


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Это - война: литовские беспилотники попытались атаковать Минск




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире

Навальный в России и мире
Москва

Басманный суд Москвы арестовал продюсера Reuters Константина Габова за помощь ФБК в подготовке материалов



Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Певица

Певица Ольга Бузова прошла плановый осмотр в больнице



Москва

Басманный суд арестовал продюсера агентства Reuters Габова

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net