Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Февраль
2018

Новости за 24.02.2018

Нохчийчуьрчу тIамех лаьцна шен керла книга йовзийтина Измайловс

Radiomarsho.com 

"ТIом а, тIом а“ цIе йолуш ю дуккха шерашкахь Нохчийчуьрчу тIамех лаьцна яздеш хиллачу журналистан, эпсаран Измайлов Вячеславан керла книга. Цуьнан презентаци хилла Москохарчу Сандлеран продюсерийн центрехь. Хьалхара тIом болчу хенахь Измайлов оьрсийн эпсар санна кхаьчнера Нохчийчу. Цигахь оьрсийн эскарш лелочух цецваьлла иза тIеман репортер хилира. Новая газетин лерина корреспондент санна дуккхаза а Нохчийчохь хилла волу иза „майор Измайлов“ санна вевзаш ву массарна а. ХIинцалераниг цуьнан шозлагIа книга ю Нохчийчохь хиллачу тIамех лаьцна. Читать дальше...

Украинера хIакер лаьцна Полшехь

Radiomarsho.com 

Полшехь лаьцна Украинера хIакер. Иза чуволла мегаш ву, 30 шо хан а тоьхна. Цунах лаьцна хаам бо зорбанан гIирсаша. ХIакеран цIе йоккхуш яц. Хууш ду цуьнан 44 шо хилар. Украинин вахархо лаьцна Полшин коьртачу бюроно, Iамеркан Федералан талламан бюроно гIо а деш. Иза лоьхуш хилла Интерполо. Цу стагана бехке дуьллуш ду нехан кредитан картанашна тIера ахча лечкъор. Украинхо декъашхо хилла иттаннаш миллионаш ахча лечкъийначу хIакерийн тобанан. Гергарчу хенахь иза дIалур ву Цхьаьнаьнатоьхначу Штаташна.

Хойхь юхаметтахIоттор ю масех шира гIишло

Radiomarsho.com 

Веданан кIоштарчу Хой эвлахь шира маьждиг а, хьуьжар а, тIеман бIов а, адамаш чохь Iийна шира хIусам а юхаметтахIотто сацам бина Нохчийчуьрчу Iедалша, хаам бо ТАСС агенталло. Хойхь архелологашна карийна ширачу заманахь (2,5 эзар шо хьалха) таллархой Iийна метигаш. 19-чу бIешарахь (1867) цу эвлахь тIулгех йинчу 200 сов хIусамехь вехаш хилла 2000 гергга стаг. Карарчу хенахь цу гIишлойх херцарш бен кхин дисина хIума дац. ЮхаметтахIиттийначу културан объекташа шайна тIе тидам бохуьйтур бу туристийн, аьлла сатесса ду Нохчийчуьра Iедал.



100 эзар соьмах шен кIант воьхкина ГIебартойн-Балкхаройчуьрчу яхархочо

Radiomarsho.com 

Налчикехь кхеле озийна ГIебартойн-Балкхаройчуьра а, Кубанера а, бер дохкарна бехке йеш йолу, кхо зуда, хаам бо "Кавказ.Реалиино", Ставрополье.tv хьастана а тIе а тевжаш. Болчу хаамца, 2017-чу шарахь ГIадужу-баттахь берах йолчу ГIебартойн-Балкхаройчуьрчу яхархочо сацам бина хилла иза дохка. Лула-куларчу зудачуьнга дехар дина хилла цо, бер оьцур долу нах лахахьара аьлла. 100 эзар соьмах иза эца реза хилла Анаперчу яхархо. Мах бина Лахьан-беттан 3-чу дийнахь, кIант вина кхо де а далале. Амма цуьнгахь бер ца гуш дикка хан яьлча... Читать дальше...

Вайнахана депортаци яр дагалецира Истанбулехь

Radiomarsho.com 

Нохчий а, гIалгIай а бохийна махкахбахар дагалацаран суьйре хилла Истанбулехь, хаам бо "Кавказский узело". Иза цхьаьнатоьхнарш бара Туркойчуьра нохчийн диаспоран векалш. Гулбелларш хьаьжира Оьрсийчохь гайта йихкинчу "Омра дина дицдан" цIе йолчу филман кийсакашка. Маршо Радионо хьалхо хаам бина ма хиллара, вайнах махкахбаьхна де дагалецира ГIалгIайчохь а, ткъа иштта дуккха а Малхбузерчу пачхьалкахь а. Нохчийчохь къам дохийна де дагалацар дихкина ду 2011 чу шарахь дуьйна. Иза дIатеттина Стигалкъекъа-беттан 10-че. Читать дальше...

Батаева Хеда. Сийна Сибрех

Radiomarsho.com 

Батаева Хеда. Сийна Сибрех Суьлхьанан буьртигаш пIелгашца керчадеш, МаьркIажан боданаш тийналло Iадош, БIаьрхишца Iийдалуш мел гина эрчонаш, Сих-сиха йоьлхуш Iаш хуьлура Баба. Масех шо кхаьчна бер ду со цу заманчохь, Ца хIуттуш маьркIажан тийналла йохон, Сайн Бабин бIаьргаш чу йижначу паналле Хатта ца хIуттуш со и хIунда йоьлху. Де-дийне долура, йоьлхура Баба сан, Цхьатерра хуьлура маьркIажан бода, Эххар а, хIетахь а туьйранех хаданза, ГIоьрти со сайн Бабин къайлене кховда: Хьо хIунда йоьлхуш ю, бIаьрахиш Iенадеш? Читать дальше...

Трамп: Шемахь гуманитаран вон леларна жоьпаллехь ю Оьрчийчоь а, ГIажарийчоь а

Radiomarsho.com 

Iамеркан президенто Трамп Доналда дIахьедар дина, Шемахь чолхе гуманитаран хьал хIоттарна жоьпаллехь ю Оьрсийчоь а, ГIажарийчоь а, ткъа иштта меттигера Iедалш а. Австралин премьер-министрца Тернбулл Малкомца цхьаьна шен хиллачу зорбанан конференцехь Трампа элира, "Оьрсийчоь а, ГIажарийчоь а, Шеман Iедалш а жоьпаллехь ду, Шемахь "гуманитаран вон леларна" аьлла. Цунах лаьцна хаам бо CNN.

ХIаагехь къоман бала бийцина нохчаша

Radiomarsho.com 

Вайнах махкахбаьхна де гуламца билгал а доккхуш, Оьрсийчоьнан куьйгаллина дуьхьал дов айдар Дуьненаюкъарчу Трибунале деха ХIаагехь Чиллан-беттан 23-чу дийнахь цхьанакхийтира Европерчу нохчийн диаспорийн векалш. Цара дIакхачийна кхеле нохчашна дуьхьал дина зуламаш дуьйцу материалаш. Цигара ю хIара видео.

Спорт в России и мире
Москва

Юные керамисты школы №2120 выиграли три Гран-при конкурса «Мир дому твоему!»


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
WTA

Мирра Андреева замыкает год // 16-летняя российская теннисистка успешно стартовала на крупном турнире WTA в Мадриде


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Huawei представила IDS на 26-м Всемирном энергетическом конгрессе





Путин в России и мире
Москва

Путин поздравил Леонида Рошаля с днем рождения


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Это - война: литовские беспилотники попытались атаковать Минск




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире

Навальный в России и мире
Москва

Продюсера Reuters арестовали за публикацию материалов на YouTube-канале «НавальныйLIVE»



Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Антонио Вивальди

«Вивальди. Времена Года. Шнитке. Кончерто Гроссо»: концерт в старинном соборе при поддержке Relax FM



Москва

Андрей Воробьев: «День добрых дел» объединил учащихся Подмосковья

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net