Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Февраль
2018

Новости за 06.02.2018

"Оьрсийчоьнан турпалхо" цIе тиллина Шемахь вийначу пилотана 

Radiomarsho.com 

"Оьрсийчоьнан турпалхо" цIе тиллина Шемахь вийначу Су-25 тIеман кеманан пилотана Флипов Романна. Хьалхо цуьнан дакъа а, кеманан цхьацца дакъош а дIакхачийнера Подмосковье. Цунах лаьцна хаам бина РБК агенталло, Оьрсийчоьнан тIеман министраллана а, президентан администрацина а тIе а тевжаш. Журналисташкахь болчу хаамца, пилотан дакъа дIаделла Шемарчу тIемалоша, юкъалелаш Туркойчоьнан векалш а болуш. Оьрсийчоьнан тIеман кема чудаийтинера тIемалоша Идлиб провинцехь. Пилот парашютаца чуиккхинера, амма вийра тIемалошца хиллачу тIематасадаларехь.

Цхьаберш синтем байна, вуьйсуш сатийсарца хьоьжу Дагестанехь хуьлучуьнга

Radiomarsho.com 

Дагестанера Iедалан дайх цхьамогIа даржхой лецар тахана уггаре а чIогIа дуьйцучух ду Оьрсийчоьнан хаамийн гIирсашкахь. Оцу хаамо шена тIаьхье битина ала мегар ду Путин Владимиран хинболчу президентан харжамашка ваха пурба делла аьлларг. Оцу харжамех толам боккхург мила хир ву шеко яцахь а нехан, Дагестанехь долийначу «литтарийн» доза мичахь ду хууш дац. Цундела саготта а бу, сатийсаме а бу нах, оцу цхьана махкахь соцура дац иза аьлла.   ​ Кхиберш санна лерг диллина ладугIуш бу хуьлчуьнга Дагестанера нохчий а. Читать дальше...

Йолах пайда оьцу машенаш хир ю Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Чиллан-беттан 13-чу дийнахь дуьйна йолах пайда оьцу машенаш йоццачу ханна лело ялар юкъадоккхуш ду Нохчийчохь. Цу хьокъехь йолу церемони хир ю Соьлж-ГIалахь коьртачу маьждигана хьалха, хаам бо chechnyatoday.com сайто. Цу агенталло дийцарехь, цу сервисан цIе ю "Делимобиль". Машен йоццачу ханна лело оьцуш лур долу ахча дагардийр ду хIора минот тидаме оьцуш.



"Ахмат - Сила!"

Radiomarsho.com 

Футболан майданахь а, рингехь а фанаташа кхайкхича а ца тоьаш, дарбанан цIийнехь Деле кхойкхучу меттигехьа а мохь оьху "Ахмат - Сила!", бохуш. Маршо Радион ладогIархоша WhatsAppехула яийтина видео.

"Ахмат- Аренана" юьстах

Radiomarsho.com 

СаIудахойн футболисташ Соьлж-ГIала баха дагахь бара, амма цхьана хIумано новкъарло йинчух тера ду царна.

Катаре яхна Евкуров коьртехь волу ГIалгIайчоьнан делегаци

Radiomarsho.com 

Евкуров Юнус-Бек коьртехь волу гIалгIайн делегаци яхна Катаре, хаам бо Кавказ.Реалиино. Дохерчу аэропортехь цунна дуьхьал веана вара Катаран муниципалан кхиаран а, Iаламан а министр Аль Румейхи Мухьаммад бен Абдалла а, Оьрсийчоьнан цу махкахь волчу векал Холов Нурмахьмад а.   ГIалгIайчоьнан куьйгалхочуьнан зорбанан сервисо бинчу хаамца, цу делегацин Iалашо ю Катарехь дIадоьлхучу Оьрсийчоьнан културан денойн дакъа долчу ГIалгIайчоьнан Деношна хьажийначу мероприятешкахь дакъалацар.

Австрерчу кхоллараллин къовсаман финале яьлла нохчийн кхо йоI

Radiomarsho.com 

Австрехь хIора шарахь дIахьочу «Sag’s multi!» («Шина маттахь ала иза!») цIе йолчу риторикан къовсаман финале яьлла нохчийн кхо йоI. Цу къовсамехь дакъалоцу немцойн мотт ненан мотт боцучу Австрерчу ишколийн дешархоша. Ненан маттахьий, немцойн маттахьий жюрино шайна хьалха ехкинчу теманех цхьа тема схьа а хаьржина, цунах лаьцна говза дийцар ю къовсалучийн Iалашо. ХIора шарахь пхи бIенна тIера эзаре кхаччалца дешархоша дакъалоцу цу къовсамехь. Декъашхой кхаа категорине бекъна бу. Хьалхарчу тобанехь 13-14 шераш долу бераш ду... Читать дальше...

Ша дато хIуманаш а, ахча лачкъорна къера хилла Нохчийчуьра вахархо

Radiomarsho.com 

Шелковски кIоштарчу полицин декъе къера хила веана Червленная эвлара 45 шо долу вахархо. Цо дийцарехь, кхушара Дечкен-беттан 29-чу дийнахь шайн эвлахь къола дина хилла цо, нехан хIусаман корехула чу а ваьлла. Зуламхо къера хилла ша дато хIуманаш а, 10 эзар сом ахча а лачкъорна. Цу стага дийцарехь, дато хIуманаш шена а йитина, ахча дайина цо цхьацца шен хьашташна. Полицино дIахьош бу таллам.

Вагнер: ХIинца кхетта со сайн кху дуьненчу валаран маьIнах

Radiomarsho.com 

Бусалба динца а, мигранташца а гома хиларца гIаръяьллачу немцойн „Германина Алтернатива“, дацдина  аьлча,  AFD партин регионерчу куьйгалхойх цхьаъ волчу Вагнер Артура бусалба дин тIеэцна. Цуьнан партерчу накъосташна а, цу партин хьежамаш а, леламаш а бевзачарна а юкъахь йоккха гIовгIа яьккхира цу хаамо. Ша Вагнера - цо шена хIинца Ахьмад аьлла бусалба цIе тIеэцна - и шен сацам цхьана юкъана къайленехь битинера. Даханчу шарахь ГIадужу- баттахь дин хийцина волчу цо шуьйрачу юкъараллина ши кIира хьалха бен ца хаийтира иза. Читать дальше...

Иракъера шайн эскархойн терахь лахдеш ю Iамерка

Radiomarsho.com 

Цхьаьнатоьхначу Штаташа дIадолийна шайн Иракъехь болчу эскархойн терахь лахдар. Цуьнан бахьана ду меттигерчу Iедалша шаьш "Исламан пачхьалкх" тобанна тIехь толам баьккхина аьлла дIахьедар дина хилар. Иракъан Iедалан векло ал-Хадити Саада бинчу хаамца, Iамеркан эскархой цу махкара арабахар хьалхарчу тIегIантехь а ду, берриг а Iамеркан эскархой арабохур бу бохург а дац иза. Пентагоно стохка Лахьан-баттахь бинчу хаамца, Гезгмашин-бутт чекхболуш Иракъехь дIатарвина вара 8 900 Iамеркан эскархо.

Кадыров: Мьянмерчу берашна школа йина Кадыровн фондо

Radiomarsho.com 

Мьянман дозанца йолчу Бангладешерчу мухIажарийн четарийн гIалахь школа схьайиллина шаьш аьлла, хаам бина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, яздо chechnyatoday.com сайто. Школо лелор ю Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIе. Кадыровс бинчу хаамца, цу школехь деша аьтто бу цхьа эзар гергга берийн. Цо дийцарехь, дешаран процес дIайолаелла, хьехархошна луш ду алапа.

Некъахьовзамехь кхо адам дийна стаг чувоьллина ГIалгIайчохь

Radiomarsho.com 

Бохам хиллера 2017-чу шарахь Марсхьокху-баттахь Гази-юьртана гергахь. "ВАЗ-21104" машенна урхалла деш хиллачу Нохчийчуьрчу вахархочо галваьлла машен тIетоьхнера дуьхьал йогIучу "ВАЗ -21144" машенна. И бахьана долуш кхо адам дийнера, 29, 55 шераш долу ши зуда а, 36 шо долу стаг а. Кхеле озийначу стага бехк шена тIелацар а, цуьнан жима ши бер хилар а тидаме а эцна, 3 шо колонехь даккха хан тоьхна цунна. Суьдо дихкина цу стагана кхаа шарахь машен лелор.

Спорт в России и мире
Москва

Учитель из Бутово стала «Гуру физкультуры»


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
Арина Соболенко

Арина Соболенко призналась в том, что не любит женский теннис


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Huawei представила IDS на 26-м Всемирном энергетическом конгрессе





Путин в России и мире
Москва

Поездам прибавляют ходу // Как может сократиться время пути от Москвы до курортов на Черном море


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Это - война: литовские беспилотники попытались атаковать Минск




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире

Навальный в России и мире
Москва

Продюсера Reuters арестовали за публикацию материалов на YouTube-канале «НавальныйLIVE»



Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Желдорреммаш

Улан-Удэнский ЛВРЗ подвел производственные итоги первого квартала 2024 года



Москва

Парки Подмосковья обработали от клещей

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net