Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Февраль
2018

Новости за 15.02.2018

Садулаев Мусан: "Сан камера - сан герз ду"

Radiomarsho.com 

Фотоаппаратех герз а дина, уггар а кхерамечу заманахь а суьрташ дохуш лелла Садулаев Муса. Цундела уггар а герга ду цунна Нохчийчохь тIемаш боьлхучу хенахь даьхна суьрташ. 30 шарахь бинчу белхан 50 сурт гайтира цо махкахошна шен 50 шо кхаьчначу дийнахь. Маршо Радио а кхечира цу гайтаме.

Захарова: Оьрсийчоьнан бахархой Шемахь байина бохург "дезинформаци" ю

Radiomarsho.com 

Шемарчу тIамехь Iамеркан Цхьанатоьхна Штаташ коьртехь лаьттачу дуьненаюкъарчу коалицица тийсададаларшкахь Оьрсийчоьнан бIеннашкахь нах байина бохург "дезинформаци" ю аьлла Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министраллан векало Захарова Марияс. Еаридийнахь Москох брифингехь Захаровас дIахьедина, кху беттан 7-чу дийнахь Дейр-эз-Зор провинцехь, хетарехь, Оьрсийчоьнан 5 вахархо ву вийнарг. Буьйцурш бац Оьрсийчоьнан эскархой, ткъа уьш мичара бу а, Шемахь хIун деш хилла а, талла оьшуш ду аьлла цо. ... Читать дальше...

Амманера Соьлж-ГIала кема долалур ду кеста

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан а, Урдунан а коьртачу шахьарша – Соьлж-ГIалано а, Аммана а кеманан авиахамаш дIасакхачор бу вовшашлахь. Оьрсийчоьнан президентца Путин Владимирца Урдунан паччахьца Iабдуллаца хиллачу цхьанакхетарехь бина и барт. "Урдунан агIоно сацам тIеэцна, Къилбаседа Кавказан диаспора Урдунехь а Iаш, Амманера Соьлж-ГIала кеманца некъаш схьаделла", - аьлла бу хаам. Урдунан Royal Jordanian Airlines компанин кеманийн дIасалелар долор ду гергарчу хенахь кIиранчохь шозза.



Парламенто къобалйина тIамех харцдерг дуьйцучунна таIзар деш низаман проект

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан парламентан депутаташа цхьабоса къобалйина даймехкан тIамех харцдерг дуьйцучунна а, ветеранийн сийдоучарна а таIзар дар юкъадалош федералан низаман проект. Тасс агенталле бина и хаам регионерчу парламенто. Беттан юьххьехь мехкан куьйгалхочо хьахийнера, бехкзуламан гIуллакх айдан дезарх даймехкан тIамех долу бакъдерг хуушшехь харцахьа доккхучарна дуьхьал. "Пачхьалкхан Думе проект кховдо сацам хилла нохчийн парламентан, иштта Оьрсийчоьнан министрийн кабинете а, Лакхарчу кхеле а официалехь... Читать дальше...

Шемара цIаялийначу зудчунна 8 шо хан тоьхна

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан Iедалша Шемара цIаялийначу Дагестанерчу яхархочунна Абакарова Загидатна набахтехь даккха 8 шо хан тоьхна кхело. Иза бехкейо, низамаш дохош вовшахтоьхначу герзахойн тобанехь дакъалацарна. 2014-чу шарахь шен доьзалца Шема дIаяханера иза, цигахь "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанах дIакхеттера цуьнан цIийнда. Зудчо чIагIдарехь, масийттаза гIоьртира иза Оьрсийчу юхаян, амма майрчо туьйсу кхерамаш бахьанехь, цIа ераз аьтто ца баьллера. Стохка вийна Абакарован хIусамда. Зуда шен берашца Оьрсийчу кхачийра. Читать дальше...

Шемахь Оьрсийчоьнан бахархой байина аьлла, дIакхайкхийна бакъонашларърхоша

Radiomarsho.com 

Шемин Дейр-эз-Зор провинцерчу герз лардечу меттиге чугIоьртина 15 Оьрсийчоьнан вахархо вийна. Лондонехь куп тоьхначу Шеман бакъонаш талхорна тIехь мониторинг латточу центран хаамех пайда а эцна, дуьйцу цунах The Guardian газетано. Бакъонашларъярхойн зерашца,  Шемарчу Iедалан куьйгакIел йолу мехкадаьтта а, газ а доккху меттигаш ларъечу цхьаннан доларчу компанехь болх беш хилла байинарш. Ишта хааме даьккхина, Оьрсийчоьнан бахархошца цхьана Асад Башаран агIончех бархI эскархо а вийна хиларх. Маца хилла инцидент, хууш дац. Читать дальше...

Нохчийн, гуьржийн литературан суьйре дIаяхьира Австрехь

Radiomarsho.com 

Венерчу Alte Schmiede цIийнехь, нохчийн маттахь"Шира пхьалгIа" олучу кхоллараллин ательехь кхаарисарахь дIаяхьира нохчийн, гуьржийн литературана лерина суьйре. Немцойн матте гочйина, немцойн маттахь язъйина а шайн романашна юккъера кийсакаш а, эссеш а йийшира Нохчийчуьра а, Гуьржийчуьра а орамаш долчу яздархоша. Литературан суьйре вовшахтоьхнарг вара Германерчу ПЕН-клубан президент лаьттина, гIараваьлла яздархо Хасслингер Йозеф. Шен араяьлла "Германехь кхерч карор" цIе йолу антологи йовзийтира цо гулбеллачарна. Читать дальше...

Фотографан Садулаевн суьртийн гайтам хилла Соьлж-ГIалахь

Radiomarsho.com 

Соьлж-ГIаларчу Зорбан цIийнехь 50 шо кхачар билгалдаьккхина гоьваьллачу нохчийн фотографо-журналисто Садулаев Мусас. Оцу денца доьзна цуьнан 50 суьртийн "Сан камера – сан герз ду" аьлла гайтам бара хIоттийна. Нохчийчохь тIемаш боьлхчучу заманчохь а уггар кхерамечу меттигашкахь дохура цо суьрташ. ХIора цуьнан сурт дийнна истори ю. 30 шо хьалха, школехь доьшучу хенахь дуьххьара волавелла фотограф суьрташ даха. Цхьана хенахь Маршо Радион фотограф а лаьттира иза.



"Новая газетан" журналист Феруз Оьрсийчуьра дIавоьду

Radiomarsho.com 

Миграцин низамаш ца лардина аьлла, масех баттахь ханна мухIажирийн центрехь латтийна "Новая газетан" журналист Феруз Iела еаридийнахь Оьрсийчуьра араволуш ву. Шереметьевон аэропортехь паспортан контролех а ваьлла, кеманчу хаа кечлуш ву иза. Германе кхача бу цуьнан лаам. "Новая газетано" баркалла кхайкхийна журналистан гIо мел лаьцначунна. Дахначу кIиранах Москохарчу Басманан кхело бакъо елира Ферузна кхечу пачхьалкхе дехьавала. Дуьненаюкъарчу "Доза доцу репортераш" цIе йолчу бакъонашларъяран... Читать дальше...

Iамерко керла санкцеш кечъеш ю Оьрийчоьнна дуьхьал

Radiomarsho.com 

Iамеркан президентан Трамп Доналдан Администрацино кеста керла санкцеш йохур ю Кремлна дуьхьал. Кхааридийнахь финансийн министро Мнучин Стивена дина и дIахьедар Сенатан ладегIаршкахь. "Кремлан тептаре" Оьрсийчоьнан президентна Путин Владимирна герга болу хьаькамаш а, олигархаш а баьхначул тIаьхьа, Мнучина дIакхайкхийнера "кеста санкцеш юьйлалур ю" аьлла. Министро бахарехь, карарчу хенахь царна тIехь болх болийна. Хаамашкахь а, социалан машанашкахула а Оьрсийчоь Iамеркан электорантна Iаткъам бан гIоьртар ю аьлла... Читать дальше...

Австрин гIалахь юха а нохчийн дов хоттуш ду

Radiomarsho.com 

Австрерчу Санкт-Пелтен гIалахь еаридийнахь дIайолаелла террорхойн тIелатарш дан Iалашонаш хиллачу кегирхойн тобанна тIехь кхел. ВорхI жимстаг ву жоьпалле озийнарг. Царна юккъехь Македонера а, Боснера а, Нохчийчуьра а орамаш долу нах бу. Даханчу шеран бIаьста полисхоша лаьцначу тобан декъашхоша 2016-чу шарахь дуьйна зуламе тоба а кхоьллина, ДАIИШ тобанан пропаганда яржош а, Шема баха кегирзой иракара хIиттош  а хилла, Лахарчу Австрин прокуратурано чIагIдарехь. Санкт-Пелтен гIаларчу лоьрийн цIийнарчу... Читать дальше...

"Ахмат-Тауэр" хьалаян инвесторш лоьху Нохчийчоьно

Radiomarsho.com 

102 гIатах лаьтта "Ахмат - Тауэр" хьалаян инвесторш тIеозо Iалашо ю Нохчийчоьнан Iедалхойн. Европехь а дуьххьара стигал-бIов хир ю иза. ГIишлошъярхой бух боьттина бовллуш бохку карарчу хенахь. Планашкахь ду "Ахмат-Тауэр" чохь тоьлла офисашна хIусамаш а, пхеа седанах лаьтта хьешан цIа а, Iаьнан беш а, ресторанаш а, музей а, спа-комплексаш а, тойнаш хIитто хIусама а, фитнес-центраш а, конференцеш дIаяхьа томехь чоьнаш а нисъян, яздо "Оьрсийчоьнан газетано". Бертан билламашца а догIуш, "Ахмат-Таэур"... Читать дальше...

Лакхарчу кхело маьрша буьтур бу кхаа шарахь лецна латтийна кегийнах

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьра бахархой Ражапов Хьамид а, ЦетиевгIеран вежарий Хьусейн а, Сайд-Мохьмад а лаьцна вуьтуш бина кхелийн сацамаш юхатоьхна Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело кхааридийнахь, яздо "Кавказан узел" агенталло. И кегийнах бехкебора 2014-чу шарахь Москохарчу орцан министраллан белхахошна тIелатар а дина, царна еттарна. Европан адамийн бакъонашкахула йолчу  кхелан сацамна тIетевжина Лакхара кхел аьлла, дийцина агенталле бехкебечийн адвокато Окушко Татьянас. 2014-чу шарера кху дийне кхаччалц ЦетиевгIар а... Читать дальше...

Биткоин лелор хьарам ду я дац къастийна Нохчийчоьнан муфтийс

Radiomarsho.com 

Пачхьалкхан экономикан хьолана цхьана а кепара беш тIеIаткъам бу я бац кхачо йоллуш хууш ца хиларна, криптовалюта лелор хьарам ду я дац ала хала ду аьлла Кадыров Рамзана. Хьалхо дIахьедира мехкан куьйгалхочо, ша биткоин эца а, криптовалютан кхиарна тIехь терго латто а лаам болуш ву аьлла. "Нохчийчоьнан муфтийс Межиев Салахьа вовшахтоьхначу Кхеташоно бахарехь, оцу чолхечу хаттарх вердикт йовзийтале хIора пачхьалкхан специфика зен еза. Нагахь криптовалютано пачхьалкхан политикана, экономикана я финансийн агIонна кхерам бохьуш хилча... Читать дальше...

Спорт в России и мире
Москва

Юные керамисты школы №2120 выиграли три Гран-при конкурса «Мир дому твоему!»


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
WTA

Самсонова победила Осаку и вышла в третий круг турнира WTA 1000 в Мадриде


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

В Москве в парке нашли труп мужчины





Путин в России и мире
Москва

Париж решил показать, что такое ядерное сдерживание России по-французски


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Это - война: литовские беспилотники попытались атаковать Минск




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире

Навальный в России и мире
Москва

Басманный суд Москвы арестовал продюсера Reuters Константина Габова за помощь ФБК в подготовке материалов



Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Концерт

Концерт «Стихи войны и мира. Баллада о своих»



Москва

Лесные пожары в Сибири обошлись Китаю и Японии в десятки миллиардов долларов

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net