Уггар а доккха маьждиг дина Шелахь
Оцу Iалашонца Шелара цхьадолу цIенош а, гIишлош а дIахьаькхира Iедало дайначу шеран тIаьххьарчу баттахь. ХIусамашкара арабаьхначу бахархошна меттигаш елира Шелана юьстахарчу майданахь.
"Шали-Ситина" юкъайогIуш хир ю 7 гIишло: 12-ра 16-нна тIе кхаччалц гIаташ, нохчийн ширачу бIаьвнан кепехь 21 гIатах лаьтташ хир ю цхьа гIишло. Цу чохь хир ду хьешан цIа а, офисан чоьнаш, йохка-эцаран, самукъадаккхаран комплекс, Шела кIоштан администраци а.
Кху деношкахь Куьршалех гIала ян дагадеанчу Iедалхоша хIусамах ваьккхина 37 вахархо.
