ИГИЛ-н агIончаш хила мега аьлла адамаш дайина Тюменехь
Зорбан гIирсаша дийцарехь, шина стага дуьхьало йина хилла шайна тIелеттачу ницкъаллин структурийн белхахошна. И шиъ вийна. Герзаш деттачехь цхьана цIийнах цIе яьлла. Ток дIаяьккхина масийтта урамера. Социалан машанашкахь гучуяьллачу видеон тIехь хезаш ду герзаш детташ, ткъа иштта сурташ ду гIалан урамашкахь йолчу гIагIдиллинчу техникан.
"Интерфаксо" хаам барехь, ФСБ-н белхахошка хаам кхаьчна хилла, гIалахь цхьана хIусамехь терроран акташ ян кечлуш герзаца нах бу аьлла.
