Вакцина ма яйта бохурш жоьпалле озо гIерта Оьрсийчохь
Оьрсийчоьнан могушаллин министран гIовса Яковлева Татьянас хаамбина, вакцина ма яйта бохуш, информаци яржор дехка Iалашонца урхалло низамийн проектийн пакет ю кечъеш аьлла. Цо бахарехь, низам хьашнарг жоьпалле озор волуш ву. Хаамийн гIирсашкахула а, интернетехула а, динан тобанашкахула а шуьйра харц информаци ю яржош вакцинаци ярх лаьцна аьлла, билгалдаьккхина министраллан векало.
"Карарчу хенахь вакцинацис зен до бохуш, кхайкхамаш беш яржочу материалаша дуьхьало йо иммунопрофилактика ярехь", - аьлла Яковлева Татьянас.
Карладоккху, Дуьненаюкъарчу могушалла Iалашъяран организацино (ВОЗ) хIора шарахь а санна тептар Iорадаьккхира Дечкен-баттахь адамийн могушаллина кхераме долчух хIоттийна. Дуьххьара цу тIехь билгалбаьхначу кхерамашлахь бу - привикаш цаяйтар а. Вакцинацина дайша-наноша дуьхьало ярца доьзна ду боху цара "корь" цамгар яржар а.