Польше дехьавала гIерта кхо нохчо лаьцна дозанхоша
Шайн пачхьалкхан доза хадош кхо стаг дIалаьцна Польшин дозанхоша аьлла, яздо Калининград.RU хьостано. Нохчийчуьра бахархой хилла уьш Калининградан кIоштера Евробертан дозане дехьабовла гIерташ. Варминан-Мазурскан дозанерчу декъан сайтехь бинчу хаамца, 24 шарера 31 шаре кхаччалц хенаш йолчу кхаа жимчу стага Голдапан кIоштан доза хадийна хилла. Царна дуьхьал веана Польшехь уьш ларбеш хилла 19 шо долу кIант. Дийцарехь, бакъо йоцуш оцу пачхьалкхехь лелаш хилла иза. Вовшахкхеттачул тIаьхьа цхьаний Германе дехьабовла Iалашо хилла церан. Уьш берш совцийна дозанхоша: шиъ Оьрсийчу юхахьажийна. КхоалгIаниг лехамашкахь хилла, Варшавехь къола дина ву аьлла. Иза полисхойн декъе дIакхачийна.
BMW машенахь дуьхьал веанчуьнга а бехк кховдийна, низамаш хьоьшуш шайн доза хадорна. Кхаа шаре гергга набахтехь яккха хан кхачайо цунна.