Дагестанерчу блогерна тIехь бити бехк ФСБ-но
Террорхойн могIарш дузуш хилла аьлла, дIалаьцначу блогере Мирзеханов Алибеке Оьрсийчуьрчу къайлахчу сервисаша бехк кховдийна. ТАСС агенталло бина и хаам, шайн ницкъаллийн структурашкарчу хьосташна тIе а тевжаш.
Террорхойн организаци юкъахь лаьттина, цуьнан гонаш дузуш хилла цо аьлла, бехкала воьллина Мирзеханов. Блогеро бехк тIе ца лоцу.
Талламчийн версица, 2014-чу шарахь "Исламан пачхьалкх" шех олучу организацех дIакхета бохуш, кхайкхамаш бен видео гайтина хилла блогеро шен шина накъостана. Мирзехановна дуьхьал тоьшаллаш дина, 2019-чу шарахь террорхойн агIончаш хилла аьлла, бехкевинчу цу шиммо.
"Неолит" кафена уллохь леттачу нахаца цхьана хилла аьлла, вигинера иза лоцучу хенахь. Цул тIаьхьа бехказаваьккхира иза.
Блогеран гергарчара чIагIдора, Алибек кафена гергахь хиллачу летаршлахь дакъалаьцна вац бохуш. ЦIийнах хьовсаран бахьана - бух боцуш лерира цара. 2012-2013-чу а шерашкахь Мирзеханов Дагестанехь лачкъийна хиларца доьзна ду элира цара, шайн кIантана тIаьхьабевлла лелар.
Инстаграмехь гоьяьлла блог лелош вара Мирзеханов. Цунна бухаязвеллера 120 эзар сов стаг.