Немцов Борисан дахар а, кхалхар а
2015-чу шарахь Чиллан-беттан 27-чохь Кремлна герггахь вийра оьрсийн оппозицин политик Немцов Борис. 55 шо дара цуьнан. Президентна Путин Владимирна дуьхьалваьлла либералан политик Оьрсийчохь демократигахьа къийсам латторан символ хилла дIахIоьттина.