123ru.net
World News in Chechen
Февраль
2020

Новости за 04.02.2020

Маршо Радион тIаьххьара керланаш (04.02.2020)

Radiomarsho.com 

Кадыровс бохучух теша талламхой, Кортош даша омра ца динера, Боксёро Хатаевс жоп делла (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).

Нурмагомедов летар вац Макгрегорх 100 миллион долларх

Radiomarsho.com 

UFC чемпион Нурмагомедов Хьабиб реза ца хилла Макгрегор Конорца лата СаIудийн пачхьалкхерчу хьоладайша шена 100 миллион доллар даларх, хаам бо Sport24 сайто. Нурмагомедовс билгалдаьккхина, ша дагахь ца хилар ирландхочух лата. "ХIунда оьшуш ду 100 миллион доллар, юха а цунна етта?", - риторикан хаттар делла Дагестанера латархочо. Нурмагомедовна 200 миллион доллар лур ду шаьш, аьлла дIахьедар динер саIудхоша, нагахь иза Мейвезор Флойдах а, Макгрегор Конорх а лата реза хилахь. ХIора латарх спортхочун... Читать дальше...

Дадуев: Шелан кIоштан администрацин белхахошка кортош даша омра ца динера

Radiomarsho.com 

Шелан кIоштан администрацин куьйгалхочо Ибрагимов Турпал-Iелас ша санна корта дIа ца баьшна аьлла белхахо дIаваьккхина болхург харц дина цуьнан гIовс волчу Дадуев Лом-Iелас. "Комсосольская правда" газетана еллачу комментарехь Ибрагимовс шена пес лело иштта атта хиларна корта дIабаьшна хилар бакъдина цо. Амма администрацин белхахошна кортош дашар тIе ца дожийнера кIоштан куьйгалхочо, аьлла Дадуевс.    Шелан кIоштан куьйгалхочо Ибрагимов Турпал-Iела балха веана дIадаханчу еарин дийнахь, коьрта а баьшна... Читать дальше...



Хуьйцуш ю Соьлжа-ГIаларчу кIоштийн цIерш

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен йишин воI, Соьлжа-ГIалин мэр Закриев ИбрахIим векал вина Соьлжа-ГIаларчу кIоштийн, шахьарна юкъайогIучу яртийн цIерш хийца. ХIинццалц «Октябрьский», «Старопромысловский», «Ленинский», «Заводской» хиллачу кIошташна лур ю «майраллица, доьналлица шайх ала диканиг дитинчу нохчийн тоьллачу къонахийн цIерш».

Къилба Корейра - Нохчийчу. Деша дагахь

Radiomarsho.com 

Интервью дIаяьхьнарг Муртазалиева Зараъ Къилба Корейра дуьйна Соьлжа-гIала студенташ деша бахкаран хIун бахьанаш ду къасто хьаьжира "Кавказ.Реалии". Луларчу регионашкара баьхкина студенташ гина ца Iаш, Нохчийчохь дуьхьалкхета тарло кхечу пачхьалкхашкара чубаьхкина дешархой а цхьана. Хьалха хьахийначаьрца дерг кхеташ ду. Масала, ца деза церан оьрсийн мотт Iамо а, я кавказхойн ламасташна тIекхиа гIерта а. Ткъа Корейра веанчу кхаа жимчу стеган кхолламо дуккха а хеттарш а, цакхетамаш а буьту. Ким Гюнгбэ (Адам)... Читать дальше...

Нохчийн талламхой реза ца хилла Кадыровс аьлларг хьокъехь таллам бан

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан талламан комитетан Нохчийчуьра урхалла реза ца хилла, бакъонашларъярхочо Каляпин Игора (Комитет против пыток) латкъам барца доьзна, республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана интернетехь шена лийна нах бойур бу алар хьокъехь таллам боло. Зорбанан гIирсашкахь дуккха а дIахьедарш ду, шайна юкъахь Кадыровс ша динарш а долуш, цо аьлларг нийса гочдина ца хиларх лаьцна, аьлла ду цу комитетан сайта тIехь арадаьллачу дIахедарехь.   Хьалхо дуккха а зорбанан гIирсаша яздинера ГIуран-бутт... Читать дальше...

Iенош ду Европерчу нохчийн цIий

Radiomarsho.com 

Билалов МаIаз «Къена Мансур» («Мансур Старый») веро кхин цкъа а гойту нохчашна арахьа елла политикан тховкIело чорда юйла Францин къилбаседанерчу Лилль гIаларчу цхьана отелехь байначу беттан 31-чу дийнахь вийна карийна нохчо Алиев Iимран – «Мансур Старый» цIарца вевзаш хилла Белгера политикан мухIажир. Цуьнан зудчо тоьшалла дина вийнарг иза хилар. Таллам бу дIабоьдуш. Алиевн накъосташа дийцарехь, хьалха дуьйна а цунна вевзаш волу Нохчийчуьра хьаша воьссина хилла цунна тIе. И шиъ цхьаьна Белгера Франце вахана «гIуллакхаш листа»... Читать дальше...

Кадыровн невцан долахь миллион доллар мах болу пентхаус карийна Москвахь

Radiomarsho.com 

Москвахь "Лечанан бен" (Соколиное гнездо) гIишлойн комплексехь шина тIегIан пентхаус эцна Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан йиша яханчу республикан вице-премьеро Закриев Салмана. Цуьнан мах бу 1 миллион гергга доллар. И петар ю Iедалхочун хIусамненан цIартIехь, амма Росреестран а, Закриевн бахаман декларацин а хаамаш цхьаьна богIуш бац, яздо Кавказ.Реалиино, pasmi.ru сайтана тIе а тевжаш. Шен тIаьххьарчу декларацехь Закриевс гайтина, шен хIусамненан 167,7 йиъкIов метр майда йолу петар хилар. Читать дальше...



Кушиташвили лацарна декъа вац ша, боху нохчийн боксёро Хатаевс

Radiomarsho.com 

Боксер Кушиташвили Георгий дIалацарна ша декъа ву бохург харцдина нохчийн боксеро Хатаев Имама. Шеца а, Георгийца а цхьа бала бац Кадыров Рамзанан, спортехь кхиамаш Дела пурбанца бохуш ву ша, шена халахета Кушиташвилица иза хилла, яздина Хатаевс Инстаграмехь. Росгвардин эскархочун тохарна лаьцна боксер Кушиташвили Георгий цуьнгара цхьаъ даьккхина леррина бехке вийр волчу хьоле хIоттийна хилла аьлла хета цхьаболчу тренершна а, цуьнан накъосташна а. Церан хьесапехь, иза дина хила мега "Ахмат" спортан клубан декъашхочун... Читать дальше...

Нохчийчохь вийначу 8 дагестанахочун кхелехь тешо дийцина уьш лачкъорах лаьцна

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь вийна лоруш волчу 8 дагестанхочух кхоъ, шена а гуш, лачкъийна хиларх лаьцна дийцина кхелехь техстанцин белхахочо. Цу 8 стеган гIуллакх къастош ду Нохчийчоьнан Лаккхарчу кхелехь. Чиллан-беттан 3-хь суьдхой лебан буьйлабелира байинчеран гергара нах а, тешаш а, хаам бо "Кавказский узело", адвокатана Денисенко Сергейна тIе а тевжаш. "Гергарчара дийцира кхелехь Нохчийчохь вийна волу 8 стаг лачкъийна хиларх лаьцна 2016-чу шарахь Гезгмашин-беттан 28-хь а, ГIадужу-беттан 4-хь а.Клычев Клыч... Читать дальше...

ХIирийчоь: Хьиджабан Де

Radiomarsho.com 

Дуьненаюкъара Хьиджабан Де (дIадахана кIиранде) дуьххьара билгалдаьккхина Къилбаседа ХIирийчохь. Лаам болучийн аьтто хилла хIирийн корталеш ган а, шайна тIетехкина довза а, цаьрца суьрташ даха а. Кавказхойн шира корматалла Iалашйинчу зударша барамехь йовзийтина корталеш дуцуш хаа еза къайленаш.

Куьйга тIера чкъор меттахIоттош 2 шо долчу йоIана Соьлж-ГIалахь операци йина лоьро Баиевс

Radiomarsho.com 

Вевзаш волчу пластикан хирурго Баиев Хьасана операци йина 2 шо долчу йоIан куьйга тIера чкъор меттахIоттош, хаам бо Кавказ.Реалиино. Къилбаседа ХIирийчуьра 8 бутт болу Багаева Малика чохь газ иккхина цIе яларна вуно чIогIа ягийнера 2018-чу шарахь. Хьалхара гIо динера цунна ХIирийчуьрчу лоьраша. Цул тIаьхьа лерринчу кеманца иза дIакхачийнера Москварчу клинике. Цигахь масийтта операци йира берана. Баиевс шен агIор операци йина йоIана аьрру куьйга тIехь чIор меттахIоттош. Цу Iалашонна оьшу могуш долу чIор эцна лоьро дегIа тIера. Читать дальше...

Эха шаре а йолу рагI. Цомгуш болчу кавказхойн бакъонаш

Radiomarsho.com 

Пейсахова Анна Коррупци, молханийн дефицит, маьхза дан дезарг лоьраша цадар, иштта дIа кхидолу медицинера сакхташ… Кавказехь «Пациентан монитор» цIе йолу юкъаралла схьайиллина кхо шо ду.  Бахархошна пачхьалкхо лучу медицинан аьттонийн терго йо цо. Цуьнан юристаша гIо до бахархошна ГIебарта-Балкхаройчохь, Дагестанехь, ГIалгIайчохь, довзуьйту Iедало дан догIу гIо, накъосталла до нахана медицинах боггIу пайда схьаэца, эшахь кхеле а бовлуш. Низамаша луш йолу таронаш меттигерчу Iедало муха эшайо... Читать дальше...

Спорт в России и мире
Москва

Эксперт рассказала, как правильно выбрать одежду для спортзала


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
Елена Рыбакина

Рыбакина: знаю, что меня поддерживают в России, но болельщиков из Казахстана намного больше


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Швеция хочет ограничить доступ в Балтийское море российским танкерам





Путин в России и мире
Москва

Путин всё знал, но никого не предупредил: Немцы обвинили Москву в прорыве израильского Купола


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Очередные кадровые назначения объявлены в Минске




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Ru24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире
Киев

Владимир Зеленский подтвердил ракетный удар по аэродрому в Джанкое


Навальный в России и мире


Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Анастасия Волочкова

Волочкова призналась, что когда-то была бездомной: «Знаю, что такое жить без квартиры»



Москва

Почта России стала больше обрабатывать посылок с маркетплейсов и интернет-магазинов

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net