Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Февраль
2020

Новости за 19.02.2020

"Федералан центран аьтто бац таллам дIабахьарна терго ян"--Песков

Radiomarsho.com 

Кхаарин дийнахь, Чиллан-беттан 19-хь, хиллачу брифингехь Оьрсийчоьнан президентан зорбан секретаро Песков Дмитрийс жоп делла, федералан центро тидамехь латтош дуй журналистана Милашина Еленина тIелатар дар а, и санна долу Нохчийчохь деш долу кхин зуламаш а, аьлла шега деллачу хаттарна. "Федералан центран аьтто бац талламаш дIабахьарна терго ян. Иза дан аьтто бу низамаш лардон органийн", - аьлла Песковс "Эхо Москвы" радион корреспонденто шега деллачу хаттарна.

Маршо Радион тIаьххьара керланаш (19.02.2020)

Radiomarsho.com 

Дагестанера 3 стаг вайна Нохчийчохь, Шена еттар таллар доьху Милашинас, ХьаьжцIа боьду некъ базбелла, Мехашна реза бац нохчий (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).

Шанхайхь долчу хьолах дуьйцу Ставрополерчу зудчо

Radiomarsho.com 

Дечкен-баттахь дуьйна Шанхайхь ехаш ю Ставрополера Паречная Любовь, кхузахь мел а кхерамзалла лаьтта. Масканаш лелае, сих-сиха куьйгаш а дила, шайн ма- хуьллу чохь а Iе бохуш, кхайкхамаш бо Iедалхоша. ГIалахь боьхна хьийзаш бац нах.



Эрдоган: Туркойчоьно Шемахь тIеман операци дIаяхьар доьзна ду иза маца хир ю бохучух

Radiomarsho.com 

Шемарчу Идлибехь тIеман операци дIаяхьарца доьзна хаттар иза маца хир ю бохучух бен кхин цхьанне а хIуманах доьзна дац аьлла, дIахьедар дина Туркойчоьнан президенто Эрдоган Реджепа. Цунах лаьцна хаам бо Reuters агенталло. Цо дийцарехь, тахана Димашкъ тIаьххьара варе йина Анкарано, ткъа Идлиб хьокъехь план кечъяр чекхдаьккхина Туркойчоьно. "Эвххьаза аьлча, Идлибехь операци дIаяхьар иза хир йолчу хенаца бен доьзна доцу хаттар ду", - билгалдаьккхина цо.   Шемарчу Идлибехь маьршачу нахана тIелатарш деш... Читать дальше...

«Суна ца оьшу чеченаш»

Radiomarsho.com 

1944 шарахь нохчийн къам дохийна махках доккхуш Слепцовскера дIабигира тахана Ломаз-юьртахь ехачу Укаева Дешин доьзал. Цу хенахь цуьнан дара 6 шо. Дешина дика дагадогIу шаьш Сибрех бала хьегар а, хало Iовшар а. УкаевгIеран доьзалера 4 бер кхелхира Казахстанехь, чоьнан ун а кхетта (тиф). Дукха хан ялале нана а елла йисира йоI.

Сурков балхара дIаваларна комментари йина Песковс

Radiomarsho.com 

Владислав Сурков Оьрсийчоьнан президентан гIоьнчан даржера мукъаваьккхина цуьнан шен лаамца. Цунах лаьцна хаам бина Оьрсийчоьнан куьйгалхочун зорбан секретаро Песков Дмитрийс, яздо "Оьрсийчоь тахана" телеканало. Песковс дийцарехь, Сурков балхара дIавалале Путин Владимир цхьаьнакхийтира цуьнца.   Кхин дIа Сурков хIун дан дагахь ву а, цо дарж дитаран бахьана хIун ду а ца хаьа шена аьлла Оьрсийчоьнан президентан зорбан секретаро.

СадаIа вахана Дагестанера кхо вахархо вайна Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь лоьхуш ву лар йоцуш вайна Дагестанерчу Дербентера кхо вахархо: 30 шо долу Алиев Ниллан а, 35 шо долу Мустафаев Сеидайдин а, 62 шо долу Аскеров Хьаьким а. Цунах лаьцна хаам бо Кавказ.Реалиино, Алиев Нилланан нанна Наргизина тIе а тевжаш. И кхо стаг Дербентера араваьлла Чиллан-беттан 9-хь "Лада Калина" машенахь. Машенна урхалла деш хилла Аскеров. Алиева Наргизас дийцарехь, уьш садаIа баха дагахь хилла Соьлж-ГIала. ТIаьххьара шен кIантаца телефонехула цо къамел дина Чиллан-беттан 10-хь. Читать дальше...

Милашинас Нохчийчохь шена еттар таллар доьху Бастрыкине

Radiomarsho.com 

Дукха хан йоцуш Нохчийчохь муьлш бу ца хуучу наха йиттинчу "Новая газетан" журналисто Милашина Еленас кхайкхам бина Оьрсийчоьнан Талламан комитетан куьйгалхочуьнга Бастрыкин Александре, шена а, адвокатана Дубровина Маринина а Соьлж-ГIалахь тIелатар дар талла аьлла. Цунах лаьцна хаам бо "Новая газето". Журналистана а, адвокатана а тIелатар динера Соьлж-ГIалахь кху беттан 6-хь. "Континент" хьешан хIусамна хьалха динна тоба тIелетта хиллера цу шинна. Милашинас дийцарехь, царна йиттинарш бара коьртачу декъана зударий. Читать дальше...

Кхушара ХьаьжцIа баха луучаьргара кехаташ схьаэца долийна Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

СаIудийн Iаьрбийн пачхьалкхе кхушара зиярте баха луучаьргара кехаташ схьаэца долийна Нохчийчохь. Хьалхо муфтиято хаам бина ма хиллара, кху шарахь ХьаьжцIа вахаран мах бу 3600 доллар, хаам бо "Нохчийчоь тахана" агенталло. Стохлерачуьнца буьстича мах хьалабаьлла 300 долларна. Нохчийчуьрчу динан урхалло зорбан конференци дIаяьхьна хьаж кхочуш дан Макка а, Медине а воьдург мах хьалабаларан бахьана дуьйцуш. Иштта республикерчу муфтиятан апаратн куьйгалхочо Курабанов Супъяна дийцарехь, цуьнан коьрта бахьанех ду 2020-гIа шо доладелчхьана визан а... Читать дальше...

Сурковн метта Козак хIоттийна Путина

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира шен гIоьнчин даржера мукъаваьккхина Сурков Владислав. Цунах лаьцна хаам бо Кремлан зорбан сервисо. Хьалхо политикан конъюнктуран центран директоро Чеснаков Алексейс хаам бинера, Сурков Iедалан баалхара дIавахана Украина хьокъехь йолчу политикан курс хийцарна.   Пачхьалкхан куьйгалхочун зорбан секретаро Песков Дмитрийс бакъдина журналисташна, президентан администрацехь Украиница доьзначу хаттаршкахула коьртаниг  Казак Дмитрий хир ву аьлла.

Соьлж-ГIаларчу аэропортера дIасавоьдучу билетийн мехаш охьабахар тIедожийна Кадыровс

Radiomarsho.com 

Соьлж-ГIаларчу аэропортера дIасавоьдучу билетийн мехаш охьабаха некъаш лохур ду Нохчийчоьнан Iедалша. Иза дар тIедожийна царна республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, Чиллан-беттан 18-хь премьер-министрца Хучиев Муслимца хиллачу цхьаьнакхетарехь. Кадыровс дийцарехь, Соьлж-ГIаларчу аэропортера дIасавоьдучу билетийн мехаш луларчу регионашкахьчул шозза алсам хиларна вуно дукха латкъамаш кхаьчна цуьнга республикерчу бахархошкара.

Спорт в России и мире
Москва

В Московской области прошел чемпионат Центрального округа Росгвардии по стрельбе из боевого ручного стрелкового оружия


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
WTA

WTA озвучила Елене Рыбакиной условия для становления второй ракеткой мира


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

АО «Транснефть – Прикамье» провело свыше 3 тыс. экологических исследований в I квартале 2024 года





Путин в России и мире
Москва

Мария Захарова раскритиковала высказывание Нэнси Пелоси о Путине и протестах в США


Лукашенко в Беларуси и мире



123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Ru24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире

Навальный в России и мире


Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Певица

Певица Анастасия Стоцкая появилась на публике в откровенном наряде



Москва

За карьеру в МО Тимур Иванов с супругой купил дом в 1500 "квадратов" и ЗИС

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net