Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Февраль
2020

Новости за 17.02.2020

Маршо Радион тIаьххьара керланаш (17.02.2020)

Radiomarsho.com 

Прокурор Аслаханов лаьцна, Умаровс жоп делла Чехин, Оьрсийчуьрчу зудчун коронавирус кхетта (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).

Хангошвили верца ФСБ-н зIе хиларх лаьцна шен таллам арахецна Bellingcat-о

Radiomarsho.com 

Стохка Берлинехь Гуьржийчуьра мухIажир Хангошвили Зелимха вийна Соколов Вадим харц цIарца вевзачу Оьрсийчоьнан махкахочо Красиков Вадима Европе вахале тенировкаш йина хилла ФСБ-н "Вымпел" лерринчу тобанан базехь, маситтаза хилла иза Вернадскийн цIарахчу проспектехь ФСБ-н антитерроран урхаллехь, дуккхазза а телефонехула къамелаш дина цо "Выпмпелан" белхахошца. Цунах лаьцна чIагIдеш ду Bellingcat-о а, немцойн журнало Der Spiegel а, Оьрсийчьурчу The Insider зорбан гIирсо а бинчу оршотан дийнахь архецначу талламехь. Читать дальше...

Яндарби Зелимхана лерина суьйре хилла Венехь

Radiomarsho.com 

Чиллан-беттан 15-чохь Австрин коьртачу шахьарах хилла Яндарби Зелимха кхелхина 16 шо кхачарна лерина културан суьйре. Оцу гуламе баьхкинчу хьешашлахь бара Зелимхан гергара нах а, цуьнан хилла накъостий а, ткъа иштта Европерчу пачхьалкхашкара хьеший а. Гулам кечбинарг яра Австрера нохчийн «Haus-Husam» юкъаралла.



Оьрсийчуьрчу зудчунна кхетта коронавирус

Radiomarsho.com 

Японин бердашца лаьттачу "Даймонд Принсес" круизан хIордан кеманна тIехь йолчу Оьрсийчуьрчу зудчун коронавирус карийна лоьрашна, хаам бо Маршо Радион Оьрсийн сервисо, Оьрсийчоьнан цу махкахь йолчу векалаллина тIе а тевжаш. Карарчу хенахь зуда дарбанан цIийне охьайиллина ю. Иза дуьххьарлера Оьрсийчоьнан махкахо ю коронавирус кхетта йолу, оцу лайнер тIехь а, вуьшта а. "Даймонд Принсес" хIордан кеман тIехь ву 3 эзар сов стаг. Ши кIира ду лайнер Иокогаман портехь карантинехь лаьтта.

Шемарчу Идлибехь хIоьттина хьал дийцаре дан Москва йоьдуш ю туркойн делегаци

Radiomarsho.com 

Москвахь дийцарш дIахьур ду Оьрсийчоьнан а, Туркойчоьнан а делегацийн векалша. Церан тема хир ю тIаьхьарчу деношкахь, тIемаш беш оппозицино Iуналла дечу меттигашна тIедоьлхуш президентан Асад Башаран эскарш а долуш, Шеман къилбаседа-малхбузехь йолчу Идлиб провинцехь хIоьттина хьаьл.   Анкарано дийцарехь, Асадан ницкъаша машар барх лаьцна барт бохийна, Оьрсийчоьно а, Туркойчоьно а гаранти луш бина болу.

Чехаш нохчий бу моттарна сагатдечу премьерна Бабишна жоп делла министро Умаровс

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан къоман политикехула а, арахьарчу уьйрашкахула а, зорбанан а министро Умаров Джамболата шена хетарг довзийтина Чехин премьер-министро Бабиш Андрейс шина республикан цIераш цхьаьтера хилар хьокъехь дIахьедар дарна. "Нохчийн халкъ дIоггара сагатдийр долуш дац, нагахь цхьанна товш дацахь шех нохчо алар", - дIахьедина Умаровс "Говорит Москва" радиостанцин эфирехь йинчу комментарехь. Цо бехкевина Бабиш Малхбузерчу "русофобех а, чеченофобех" а лаьттачу публикина ша везийта гIортарна. ... Читать дальше...

Диъ шо кхаьчна бер а дуьйш некъахьовзам хилла ГIалгIайчохь

Radiomarsho.com 

Бер а дуьйш, 4 стаг лаза а веш, бохам хилла Несарахь Чиллан-беттан 16-хь 22 сахьт ах сахьт долуш Тангиевн цIарахчу урамехь, хаам бо "Регион онлайн" сайто. Дуьхь-дуьхьалкхетта Mersedes а, Volkswagen а ши машен. Лазийна 6 адам дIакхачийна Несарарчу клиникан дарбанан цIийне. Дукха хан ялале, кхин метта ца догIуш, делла 4 шо долу бер. Социалан машанашкахь яржийначу видеона тIехь гуш ду дуьхь-духьалкхетта ши машен вуно чIогIа йохийна хилар.   Хиллачуьнан бахьана къастош ду.

Кхаъ эцарна кIоштан прокурор Аслаханов лаьцна Красноярскан махкахь

Radiomarsho.com 

Красноярскан махкарчу Березовскан кIоштан кхело 2 баттана лаьцна цу кIоштан прокурор Аслаханов Бекхан. Иза а, цуьнан ваша а бехке веш ву цу шиммо бизнесхочуьнгара 500 эзар сом кхаъ эцна а, ахча схьаоьцуш юкъарло лелорна а. Цунах лаьцна оршотан дийнахь хаам бина Красноярскан мехкан кхелан зорбан сервисо. Цу хаамца а догIуш, прокурор Аслаханов лаьцна латтор ву Охан-беттан 13-чу дийне кхаччалц. Иштта кхело 2 баттана чувоьллина кхаъ оьцуш юкъарло лелийна цуьнан ваша Аслаханов Алихан а. Аслаханов Бекханан 35 шо ду... Читать дальше...

Спорт в России и мире
Москва

Команда подмосковного главка Росгвардии заняла призовое место на чемпионате Центрального округа по стрельбе из боевого ручного стрелкового оружия


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
Ига Свёнтек

Свёнтек: я чувствую, что с каждым годом получаю всё большую поддержку


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Жёсткие экологические требования решат инновационные энерготехнологии





Путин в России и мире
Москва

Петербургский автопром вышел из кризиса, заявил Беглов


Лукашенко в Беларуси и мире



123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Ru24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире

Навальный в России и мире


Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Елена Волкова

ПРОЕКТ «КЛАССИКА: ИСТОРИЯ И СОВРЕМЕННОСТЬ»



Москва

Более 1,2 тысячи горожан получили квартиры по реновации для людей с ОВЗ

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net