Firdaws-а шен керла коллекци гойтур ю Парижехь
Кадыровас дийцарехь, цу мероприятин Iалашо ю "нохчийн культурех лаьцна дуьненна а, дуьненан а, Европан а культурах лаьцна Нохчийчуьрчу нахана а" дийцар.
Firdaws брендан модан гайтам хир бу "Оьрсийн сезонаш" проектан дакъа санна. Иза дIахьош бекар бу нохчийн халкъан оркестро а, Нохчийн пачхьалкхан филармонин симфонин оркестро а локху нохчийн къоман мукъамаш.
