Тбилисера сингаттаме буьйса, карарчу хенан хьал
Сатосу хан тIекхаччалц шахьаран массийтта меттехь бара протестхой – Руставелин, Меликашвилин, Коставин, Варазисхеви майданашкахь. ХIинца маьрша ду урамаш, дIасалела транспорт.
Шахьаран коьртачу метте – Руставелин майдана – баха гIоьртира гуламхой сатоссуш, амма полицино рогIехь бихкира некъ.
Ницкъхой бевлла резаьнкин герз деттарца, бIаьргех хидоккху газ яржорца гуламхой дIасалаьхкина.
Протестхой жима тоба вовшахкхетта Тбилисерчу университетна хьалха, Чавчавадзен майданахь, аьлла бу хьал тергалдечу Гуьржийчуьрчу Маршо Радион журналисташкара тIаьххьара хаамаш.
"Юкъараллин хаамбархочун" информацица, латта бисина протестхой Iа карахь тIулгаш а долуш – цара бахарехь, полицех Iалашлуш. Нах юхагуллучу меттехь ву оппозицин массех лидер.
Селхана а, тахана а гуламхоша дуьйцу шайна цатайнарг: хьашт дацара Оьрсийчуьра веъначу депутате-коммунисте Гаврилов Сергейга "Парламентийн юкъарлонан керста ассамблея" схьаеллийта а, иза Гуьржийчоьнан парламентан спикеран гIента хаон а.
Еарийдийнахь, депутатийн барам болалуш, Гаврилов ца витира оппозицин партешкарчу депутаташа долийнарг чекхдаккха – декхаревира Оьрсийчуьра хьаша сихха парламентан цIийнера араваьлла, Москох дIаваха.
Тбилисерчу телевизионаш а, агеталлаша а жамIаш до буса лаьттинчу хьолан: гулам дIасабоккхуш лазийна иттанаш нах, протестхой а, полисхой а.
