ГIалгIайн жигархо Матиева лаьцна полицино
ГIалгIайчохь Малгобек гIалин чоьхьарчу гIуллакхийн декъан белхахоша лаьцна полице дIайигна республикерчу дуьхьалонан боламан жигархо Матиева Анжела, хаам бо "Обзор" зорбанан гIирсо.
«ФортангаORG» телеграм-канало яздарехь, полисхой шозза баьхкина хилла Матиева ехачу хIусаме. Дуьххьар баьхкича церан аьтто ца баьлла иза дIайига, оьшуш долу кехаташ цахиларна. Жигархо лацаран бахьана дуьйцуш дац.
Кхушара Зазадоккху-беттан 26-чохь Магасехь хиллачу митинган декъашхоша шаьш дуьхьал хиларх лаьцна дIахьедарш дира Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а доза билгалдоккхуш бинчу бартана.
Гулбеллачара кхайкхамаш бора республикан куьйгалхочуьнга Евкуров Юнус-Беке, дарж дита бохуш. ШолгIачу дийнахь и акци дIаяьхьира, Iедалшкара бакъо а йоцуш. Митинг юкъахйоккхуш тасадаларш хилира цуьнан декъашхойн а, ницкъаллин структурийн белхахойн а. Цу хьокъехь ГIалгIайчохь схьадиллина ду бехктакхаман гIуллакх. Иза толлуш лаьцна ву 20 сов гIалгIайн оппозицин жигархо.