Уггар еза мобилан зIе ю Нохчийчохь
Мобилан зIенан уггар йораха йолу пакет юккъерчу барамехь 3% язйелла Оьрсийчохь. Content Review хаамийн а, налитикан а агенталло дийцарехь, цуьнан бахаьана ду роуминг дIаяккхар а, НДС олу ял тIетохар а. "Коммерсант" газето яздарехь, дIаяьккхинчу роуминган мах тIебожийна бахархошна.
Къилбаседа Кавказехь мобилан зIе язйелла 8%. Карарчу хенахь цигахь уггар йорахчу зIенах доккху 320 сом. Ткъа Оьрсийчохь уггар еза мобилан зIе ю Нохчийчохь. ШолгIачу меттехь ю ГIалгIайчоь, цул тIаьхьа ю ГIебартойн-Балкхаройчоь а, Дагестан а.