Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Декабрь
2018

Новости за 24.12.2018

Титиев аравалийта реза ца хилла Нохчийчуьра Лаккхара кхел

Radiomarsho.com 

"Мемориалан" Нохчийчуьрчу декъан куьйгалхо Титиев Оюб лаьцна латтон хан яхъярца боьзна сацам нийса лаьрра Нохчийчоьнан Лаккхарчу кхело. Цу кепара суьдо тIечIагIбина Шелан гIалан кхело кху беттан 10-чу дийнахь бина сацам. Цуьнца а догIуш, Титиев талламан изоляторехь латтор ву кхин а 3 баттахь.   Нохчийчуьра бакъоналаръярхо бехке веш ву боккхачу барамехь наркотикаш лелорна.

Вешан жухаргаш кIезиг йолуш санна: Запашный - Гуцериев

Radiomarsho.com 

Пономарева Аля                                                                                                              Маршо Радио, оьрсийн сервис КIира ду Оьрсийчохь вевзаш волчу акхарой караIаморхочунна Запашный Эдгардний, миллиардерна Гуцериев Микаилний юкъа дов доьлла. Шина вешех ЗапашныйгIарех – Москох Йоккхачу циркан директор волчу  Эдгарда – Кремлехь йоьдучу културан, искусствон кхеташонехь арз дира президенте Путине Гуцериев Микаилна. МаьIна иштта дара: Сколковохь, «Амфион» цIе а йолуш, концертан зал еш ву бизнесхо. Читать дальше...



Мисарахь лецна гIалгIай дIахецар доьхуш митингаш вовшахтоьхна Парижехь, Венехь, Стокголмехь а

Radiomarsho.com 

Парижехь а, Венехь а, Стокголмехь а Мисаран векалаллашна хьалха митингаш вовшахтоьхна вайн наха, цу мехкан Iедалша лаьцна волу ГIалгIайчуьра 5 студент дIахецар доьхуш. КъахIире деша бахана гIалгIайн кегийрхой лецна латтош бу дIабаханчу баттахь дуьйна. ХIетахь дуьйнна уьш болу меттиг къайлаяьхьна ю аьлла, хаам бинера "Кавказский узеле" цу студентех цхьаьнан йишас. Студентийн кхоллам къасто Мисара бахана бу гергарнаш. Хьалхо Мисарахь лецна латтийна, маьршабаьхначу кегийчу наха дийцина хиллера, шаьш а... Читать дальше...

Талор динчу нохчийн гIуллакх кхеле хьажийна Челябинскан кIоштахь

Radiomarsho.com 

Челябинскан кIоштарчу Копейскехь суьде хьажийна Нохчийчуьрчу 4 талорхочунна дуьхьал толлуш хилла бехктакхаман гIуллакх. Уьш бехке беш бу меттигерчу вахархочуьнгара машен яккхарна. Талламхоша дийцарехь, герзаца хиллачу веа стаганна Чиллан-беттан 2-чохь ларамаза хезна хилла шен «Ниссан Либерти» машен йохка гIерташ волчу стага телефонехула къамел деш. Цунна тIе а бахана, машен эца лууш дара шаьш, муха йоьду хьажийта аьлла, юьстахваьккхина цара иза. Челябинскан кIоштан прокуроран гIоьнчо Мамаева Натальяс бинчу хааца... Читать дальше...

Ставрополан мехкайистехь 3 стаг вийна Нохчийчуьрчу вахархочо дакъалоцуш хиллачу некъахьовзамехь 

Radiomarsho.com 

Бохам хилла «Астрахань-Элиста-Ставрополь» некъа тIехь дIадаханчу шотдийнахь. Болчу хаамца, «ВАЗ-21104» машен дуьхьалтоьхна «Мерседес» микроавтобусна. И бахьана долуш, Жигули чохь хилла 3 стаг циггахь вийна. Уьш берш некъахой бу. Кхин цхьа некъахо а, ВАЗ машенна урхалла деш хилла стаг а дIакхачийна дарбанан хIусаме. «Мерседесан» машенлелорхо, Нохчийчуьра вахархо ца лазош кIелхьарваьлла. Некъахьовзам хуьлуш микроавтобусна чохь некъахой ца хилла.    Ставрополан мехкайистан некъан полицино къастош ду хилларг.

Оьрсийчоьнан президент я министр хила лууш вац Кадыров

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан президент хIотта я федералан урхаллан куьйгалхо хила план яц шен аьлла, дIахьедар дина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Оьрсийчоьнан Iедалехь ур-атталла уггаре гIийла федералан урхаллана куьйгалла дан тIегIанера стаг вац ша, аьлла цо "Москва 24" телеканалан эфирехь. Шен карьера регионан куьйгалхочуьнан даржехь дIаерзо лууш ву ша, боху Нохчийчоьнан куьйгалхочо. Кадыров Рамзан Нохчийн Республикана коьртехь ву 2007-чу шарахь дуьйна. Парламенто юха а цу даржехь тIечIагIвира иза 2011-чу шарахь а... Читать дальше...

Соьлж-ГIалара кема лелар ду Джидде

Radiomarsho.com 

Соьлж-ГIалара Джидде кема лелийтарх лаьцна хаттар дийцаре дина Нохчийчоьнан Iедалан декъашхоша а, СаIудийн Iаьрбийн Пачхьалкхан векалша а. Цуьнах лаьцна хаам бина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Шина а агIоно лаам гайтира Соьлж-ГIалана а, Джиддана а юкъахь кеман рейс схьаеллар хьокъехь, аьлла яздина Кадыровс "ВКонтакте". Цо дийцарехь, паччахьан цӀийнан администрацин хьехамча, принц СаIуд Турки коьртехь волу делегаци еанера Нохчийчу кIиранан дийнахь, СаIудийн паччахь хир волчу принца СаIуд Мохьммада дина омра кхочуш деш.

Спорт в России и мире
Москва

В Московской области прошел чемпионат Центрального округа Росгвардии по стрельбе из боевого ручного стрелкового оружия


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
WTA

Самсонова победила Осаку и вышла в третий круг турнира WTA 1000 в Мадриде


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Huawei представила IDS на 26-м Всемирном энергетическом конгрессе





Путин в России и мире
Москва

Путин поручил сократить время движения поездов от Москвы до курортов Черноморского побережья до 16 часов


Лукашенко в Беларуси и мире



123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Ru24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире

Навальный в России и мире


Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Imagine Dragons

Группа Imagine Dragons выпустит новый альбом



Москва

Нокаут от Русской Кувалды: Кудряшов сокрушил Робутти в первом раунде

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net