Лукашенкос диъ гали картолаш а, дума а бахьийтина Путинна
Беларусин президенто Лукашенко Александара шен бешахь кхиийна 4 гали картолаш а, ткъа иштта дума а бахьийтина Путин Владимирна керлачу шарца декъал веш. Цунах лаьцна хаам бина Лукашенкон зорбанан секретаро Эйсмонт Натальяс. Цо дийцарехь, юьйцурш ю тоьлла дикалла йолу картолаш. ХIора гали чохь ша-тайпа картолаш ю, тайп-тайпана кхача кечбеш лелор Iалашонца кхиийна йолу. Йозуш йоцучу Пачхьалкхаийн ДоттагIаллана (СНГ) юкъахь йолчу кхечу пачхьалкхийн лидершна Лукашенкос совгӀатна яхьийтина куьйга йина базан диттана тIеухку ловзо хӀуманаш. Читать дальше...