Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Декабрь
2018

Новости за 06.12.2018

Дагестанан а, Нохчийчоьнан а дозанех дуьйцур ду Васильевс а, Кадыровс а

Radiomarsho.com 

Соьлжа-ГIалахь дIайоьдучу медиафорумехь билгалдаьккхина, тIейогIучу заманчохь Дагестанан куьйгалхочуьнца Васильев Владимирца цхьанакхета лерина хиларх Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан. Шина субъектан административан дозанех дуьйцур ду цу цхьанакхетарехь. Васильевс ма аллара, коллегашна вовшашца дийца карадо. "Тхан хеттарш ду. Дукха лерина луьстур а ду оха уьш, эшахь, хIора вахархочуьнца къамел а дийр ду", - аьллачу Васильевн дешнаш далийна "Черновик" хьостано. Ауховн кIошт юхаметтахIотторан... Читать дальше...

Магаданерчу пенсхочо шена тIетоьхна ахча Медведев Дмитрийна юхадахьийтина

Radiomarsho.com 

Шен пенсина тIетоьхна 683 сом Оьрсийчоьнан премьер-министрна Медведев Дмитрийна юхадала дагахь ву Магаданера къинхьегаман ветеран Попов Владимир. "Магаданский скептик" цIе йолчу Фейсбукерчу группехь бечу хаамца, "пенсхошца латточу къисамна" гIоьнна дохьуьйтуш ду Поповс и аьшне соьмаш. Фейсбукехь хIоттийначу постца ши документ ду Iорадаьккхина: къинхьегаман ветеран хиларе терра, "Магаданан социалан центрера" Поповна 683 сом 66 кепек ахча тIетоьхна аьлла, бинчу хааман копи а, регионерчу социалан центран цIарах Поповс дахьийтина кехат а ду... Читать дальше...



Бесланерчу школана тIелата Iалашо шайн хиларх дуьххьара дIахаийтина Iедалхоша

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан президентан Къилбаседа Кавказерчу векало Матовников Александра ТАСС агенталлана еллачу интервьюхь бакъдина, нохчийн тIемалоша Бесланехь дIалаьцначу школана тIелатар дан дагахь хиллера ницкъахой юьхьанца дуьйнна аьлла. "Iуьйранна сатосучу хенахь 4 сахьт даьлча штурм ян Iалашо лаьцнера Гезгамашин-беттан 3-чу дийнахь, амма спортан хIусамчохь лелхийтарш долийра хенал хьалха", - аьлла, дуккха а шерашкахь ницкъаллийн структурашкахь лаьттинчу Матовниковс. Цо бахарехь, оцу хIусаме кхача езаш хилла... Читать дальше...

Шен Инстаграм а, Фейсбук а дIакъовларан бахьанаш довзийтина нохчийн куьйгалхочо

Radiomarsho.com 

Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташкарчу кегийрхойн шегахьа интерес марсаяларна блок туху шен Фейсбукерчу а, Инстаграмерчу а аккаунташна аьлла Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. "Медиан форумехь соьга хоьтту, Инстаграмера а, Фейсбукера а хьан агIонаш дIакъовларан бахьанаш хIун ду. Дийца-м хIуъа а дуьйцур ду. Ма- дарра аьлча, пачхьалкхан департамент а, Iамеркан къайлаха сервисаш а саготта ю, сан йозанаш бIеннашкахь эзарнашкахь Iамеркахоша доьшуш хиларна. Комментареш йора цара, соьга директе кехаташ яздора"... Читать дальше...

Кавказерчу регионашна юккъера посташ дIаяха еза аьлла Кадыровс

Radiomarsho.com 

Къилбаседа Кавказан субъекташна юкъара блокпосташ дIаяха еза аьлла, кхайкхамбина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. "Къилбаседа Кавказан регионаша административан дозанаш дIацIандан деза блокпостех. Массо а республикашна юкъахь посташ ю хIиттийна. Царех хуьлуш пайда а бац. Зуламхой дехьа ца билийта тухуш ду и зайлаш? Царна дехьа-сехьа бийла некъаш карор ду ишта а. Вуьшта, бахархоша дукха хан йойу цу дуьхьалонех чекхбуьйлуш", - аьлла, яздина Кадыровс шен Телеграм-каналехь. Кадыровс бахарехь, "Кавказ а. Читать дальше...

Малхбузен пачхьалкхашца юкъаметтигаш тоян лаам бу Оьрсийчоьнан бахархойн

Radiomarsho.com 

Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташца а, Европаца а юкъаметтигаш тоян еза аьллачу Оьрсийчоьнан бахархойн терахь цхьана шерачохь 24 процентера 36 % хьаладаьлла. "Левада центро" дина цу кепара жамIаш. 43 процент респонденташа "хIаъ, тоян еза" аьлла, ткха 16 проценто оьшуш дац аьлла Малхбузен пачхьалкхашца уьйраш нисъян. Оьрсийчоьнна дуьхьалйохучу санкцешна сагатдечийн терахь кхиъна: 7 процентера 20 %. Оццул процент респонденташа шайн бала бац аьлла деттачу дозанашца. Оцу юкъанна Малхбузене негативаца хьоьжу оьрсийн бахархой... Читать дальше...

Оьрсийчоьнан Конституцин Кхел: Доза къастош ца дохийна низам

Radiomarsho.com 

Сацам бина баьлла, юхабоккхийла а дац…  Оьрсийчоьнан Конституцин кхело низамца богIуш лору Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а доза къастош шина мехкан куьйгалхоша тIеэцна сацам. Оцу маьIнехь жамI дIакхайкхорца ерзийна дозан хьокъехь ши кIира хьалха ладегIарш дIадахьна кхел цуьнан куьйгалхочо Зорькин Валерийс. "Оьрсийчоьнан Конституцин кхело Оьрсийчоьнан Конституцица богIуш лору ГIалгIайн Республикан а, Нохчийн Республикана  дозанаш билгалдохуш бина барт а, иза тIечIагIдина долу ГIалгIайчоьнан низам а", - билгалдоккху кхело шен сацамехь. Читать дальше...



Ганнушкина: Нохчийчохь дикачу агIор хийцаделла хIума дац

Radiomarsho.com 

Европан кхерамзалла а, юкъарлонаш а чIагIдаран организацино - OSCE (ОБСЕ) - Нохчийчуьрчу хьолах лаьцна кеста Миланехь дIадахьа деза ладегIарш юьхьар а оьцуш, Венерчу аналитикан ICEUR – центро хьошалгIа кхайкхира Оьрсийчохь гоьбевлла болу бакъоларъярхой Ганнушкина Светлана а, Малашенко Алексей а. Цара шуьйрра довзийтира Кадыровн режимо нохчийн къоманна бечу тIеIаткъамах долу масалш – кхел йоцуш адамаш хьийзор, лецар, харцонца набахтешка хьийсор. Ганнушкина Светланас интервью елира Маршо Радиона.

ГIажаройчуьра туристаш алсамбовларна саготта ю Тбилиси

Radiomarsho.com 

ГIажарийн арахьарчу гIуллакхийн министраллан векло Кассеми Бахрама шайн 200 гергга махкахо Гуьржийчуьра арваккхарна бехк баьккхина гуьржийн Iедалшка, яздо "Эхо Кавказа" сайто. ГIажарийн дипломато билгалдаккхарехь, цхьаболчу гIажаройн Гуьржийчу бахка аьтто ца хилла, оьшуш долу дерриг а документаш шайца доллушехь. Кассемис хаам бина, и хаттар гуьржашца дийцаре дан дагахь ву ша аьлла. Стохка хиллачуьнца дуьстича, баш хийцаделла дац туристаш санна Гуьржийчу баьхкинчу гIажаройн терахь. Амма уьш махкахбахар алсамдаьлла тIаьхьарчу масийтта баттахь. Читать дальше...

Кхаа шарахь гергга чохь латтийна нохчий маьрша бу

Radiomarsho.com 

2014-чу шарахь Москохарчу орцан министраллан белхахошна Нохчийчуьрчу тобано тIелатар дина аьлла, долийначу гIуллакхна бехкебечу вежаршна ЦетиевгIарна Сайд-Мохьмадна а, Хьусайнна а, Ражапов Хьамидна а тIера бехк дIабаьккхина Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Коьртачу талламан урхалло. "Коммерсанто" яздарехь, талламчаша тIечIагIдина, гIуллакх толлучу заманчохь СИЗО-хь кхо шо гергга хан яьккхина кегийрхой бехке бац аьлла. Бехк боцуш лаьцна латторна ЦетиевгIарна а, Ражаповна а компенсаци даккха Iалашо ю церан адвокатийн. Читать дальше...

Кадыровс а, Евкуровс а дозанаш къастор низамашкахь ду аьлла, дIакхайкхийна Конституцин кхело

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а дозанаш къастош бинчу бертах Оьрсийчоьнан Конституцин кхелахоша шайн сацам бовзийтина аьлла, хаамбина "Кавказ.Реалии" порталан корреспонденто. Бакъонан бух тIехь дара аьлла кхелахоша, мехкан куьйгалхочун Евкуров Юнус-Бекан Конституцин кхеле валар а. Иштта кхело динчу хьесапца, шина республикана юкъахь дозанаш къастор тIеэца догIуш ду массо а Оьрсийчоьнан субъекташкарчу Iедалан органаша. Цул совнах, билгалдоккху кхелахоша, шайн сацам тIаьххьара а бу, кхи дIа латкъамашка баккха йиш йолуш а бац аьлла. Читать дальше...

КIант валарна бехкейина берийн бешан куьйгалхо

Radiomarsho.com 

Талламо гайтина, стохка гурахь Хьалха-Мартанарчу кIоштан дарбан цIийне далийна бер ГIойтIарчу "Солнышко" берийн бешахь делла хилар. Оцу бахьанашца бехкзуламан гIуллакх долийнера берийн бешан куьйгалхочунна Сембиева Зулиханна дуьхьал, шех тешийначу берашна кхачо йоллуш кхерамзалла ца латторна. ГIуллакх теллинчул тIаьхьа республикан прокуратурано Хьалха-Мартан кхеле дIахьажийна кхи дIа листа. Талламчаша чIагIдарца, ши шо а кхачанза хилла берийн бешан куьйгалхочо дIаэцна кIант. Дийнахь бераш дIадуьйшинчу... Читать дальше...

Урс дохьуш школе а веана, кхерамаш туьйсу Москохарчу доьшийлехь кхиазхочо

Radiomarsho.com 

Москохарчу цхьана школан дешархочо урсаца кхерамаш тийсина хьехархочунна, цул тIаьхьа ша шен вуьйр ву ша аьлла, дIахьедина. Кхиазхочуьнца дийцарш дIахьош бу полисхой. ТАСС агенталло бина и хаам, Москохарчу чоьхьарчу гIуллакхийн Коьртачу урхаллан пресс-гIуллакхойн информацина тIе а тевжина. Хьалхо школерчу инцидентах дийцира Mash телеграм-канало. Цо яздарехь, 16 шо долу кIант лоьмар 1359 йолчу школе веана хилла урс дохьуш. Доьшийлан хадархочун а, администраторан тидам хиллера, цуьнан куртки чухула кхозучу дехачу урсан. Читать дальше...

Нохчийчуьра школаш кхаа рожера дIаяха ахча лур ду тIедогIучу шарахь

Radiomarsho.com 

Школашкара кхаа рожера дешар шина роже дерзо карадогIучу шарахь ахча хьажор ду Нохчийчу. Ишта программи юкъа яхна Буряти а, ГIалгIайчоь а, Дагестан а. 11 миллиард сом билгалдаьккхина школашкара проблема цхьалхаяккха. Цо бахарехь, таханалерачу дийнахь махкарчу 70 школехь бераш кхаа рожехь доьшуш ду. ТIаьххьарчу 4-5 шерашкахь Нохчийчохь 30 сов школа схьайиллиншехь, хьал хийцалуш дац аьллера мехкан куьйгалхочо, республикехь бераш дуьненчу дийлар лакхара хиларна. Иштта регионашкахь кхин а 59 школа йийр ю 35 эзар берана лерина. Читать дальше...

Кадыров Рамзанан шичин карах нах белла

Radiomarsho.com 

Дахначу шоьтадийнахь Соьлжа-ГIалахь некъахьовзамехь йийна 1996 шарера зуда а, цуьнан 3 шо долу йоI а. Зудчун цIийнда чолхечу хьолехь дарбан цIийнехь ву. Цуьнах лаьцна хаам бо республикан чоьхьарачу гIуллакхийн ГИБДД-н урхаллас шен инстаграм агIонехь. Бохам хилла Ханкальская урамехь шийтта сахьт долуш. Вовшахкхеттарг ю ВАЗ 2107 а, Mercedes Benz а. Кхелхнарш хьалхарчу машенахь хилла. Коьрта бахьана ду, дихкинчул а машен чехка йигар. Дийцарехь, Mercedes-ан урхалла деш хилла Шела кIоштан администрацин куьйгалхо... Читать дальше...

Оьрсийчуьрчу кхелашкахь дресс-код юкъайоккхур ю

Radiomarsho.com 

Оьрсийчуьрчу кхелахойн Кхеташоно низамаш кечдеш ду суьде вогIуш лардан деза, хаамбо оьрсийн кхелан а, нийсонан а информацин агенталло (РАПСИ). "Карарчу заманчохь оцу документ тIехь къахьоьгуш ю кхеташонан комисси", - аьлла, дIахьедина куьйгалхочо Мамонтов Виктора. Хьалхо юридикан министралло дехар дира Федералан адвокатийн палатан президентан Пилипенко Юрийн кехатна жоп луш, оьрсийн бахархой кхелан гIишло чу боьлхуш церан духаран терго ян еза аьлла. Масална далийра Пилипенкос, Ленинградан кIоштахь... Читать дальше...

Спорт в России и мире
Москва

Команда подмосковного главка Росгвардии заняла призовое место на чемпионате Центрального округа по стрельбе из боевого ручного стрелкового оружия


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
Елена Рыбакина

«Был риск завершить борьбу еще в первом матче». В России оценили победу Рыбакиной в Штутгарте


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

При каких обстоятельствах может затопить Петербург и Москву? Отвечает гидролог





Путин в России и мире
Москва

Эксперт: корректировка порогов крупного и особо крупного ущерба по экономическим статьям оправдана и своевременна


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Лукашенко рассказал о планах расширения НАТО




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Ru24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире
Киев

Захарова: встречи по продвижению "формулы Зеленского" дают Киеву чувство вседозволенности


Навальный в России и мире


Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Михаил Кутушов

Токсиколог Кутушов рассказал почему возникает похмелье



Москва

Шойгу: НАТО угрожает военной безопасности России, приближаясь к границам

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net