123ru.net
World News in Chechen
Декабрь
2018

Новости за 03.12.2018

Нохчийчохь цхьаъ иккхина аьлла, хаамбо бахархоша

Radiomarsho.com 

Хетарехь Нохчийчуьрчу Ойсхара эвланна тIехула хилла эккхийтар, дуьйцу меттигерчу бахархоша, яздо "Кавказан узел" агенталло. Telegram-канал ChechnyaNews хьостано Iораяьккхина хиллачу эккхийтарх информаци. "ХIаваэхь иккхинчух тера дара. Цкъачунна хууш дац, хIун яра иккхинарг", аьлла ду хаамехь. Кеп-кепара версеш юьйцу и сурт гинчара. Кема иккхинчух тера ду, я кеман тIера бомба кхоьсинехь а, дуьйцу социалан машанашкахь. Инстаграмерчу chp_groznyy группехь momento737 ник йолчо яздо: "Со аэропортна уллохь Iаш ю. Читать дальше...

CаIудахойн элаца Путинан доттагIаллийн уьйраш ю аьлла Песковс

Radiomarsho.com 

Аргентинехь G20 саммитехь йоьдучу заманчохь СаIуда Iаьрбийчоьнан элас Салман бен Мухьаммда а, Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира а доттагIаллица вовшашка маршалла хаттар, цу шинна юкъахь дика юкъаметтигаш хиларца доьзна ду аьлла, журналисташка дIахьедина президентан пресс-секретаро Песков Дмитрийс. Карладоккху, кхеташо йолаялале хьалха политикаша вовшашка куьйгаш лучу заманчохь шина доттагIчо санна маршалла хаьттинера элас а, Путина а. Ишта шина политикан дийцарш дикачу жамIашца дирзина, ОПЕК+ бертах куьйгашяздеш. Читать дальше...

ТIаьххьарчу дийнахь, бусий Оьрсийчуьра 50 стаг чу ца витина Украине

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу дийнахь, бусий Украине чу ца витина Оьрсийчуьра 50 сов вахархо аьлла, хаамбина Украинан дозанхойн урхаллан векало Демченко Антона. Белоруссин Iедалхоша дийцарехь, 200 сов Оьрсийчоьнан вахархочунна бакъо ца еллера церан дозанашкахула Украине кхача а. Дехьа ца бовлийтиначарна юкъахь бу ишта зударий а, дийцина "Керланаш" агенталле Белоруссерчу дозанхойн комитетан векало Бычковский Антона. Украине баха некъаш къевлинчу 228 стагах 189 кеманца кхаьчнера, бисинарш шайн доларчу машенашца. КIезиг... Читать дальше...



Новосибирскехь бизнес йоьллуш ву Депардье Жерар

Radiomarsho.com 

Бизнес-проекташ йоло Iалашонца кIирандийнахь Новосибирске кхаьчна францхойн артист Депардье Жерар. Шинаридийнахь кIоштан губернаторо дIаяхьа леринчу синбахамаллин Кхеташоне кхайкхина а ву актер. ГIалин вахархо санна тIеязвина ву Депардье Новосибирскехь, цуьнан бизнес-партнеро а, векало а Мосман Юлияс дийцарехь. "Депардьен тобано Новосибирскехь бизнес йолош ю кхачан сурсаташ арахоьцуш, яржош. Ишта Депардьен  Iалашо ю, Хьалхарчу каналца а, шен продюсерца Фрилле Арноца а цхьана Новосибирсках лаьцна документалан кино яккха", - дийцина Мосмана. Читать дальше...

Ламанхойн Республика - кавказхойн маьрша пачхьалкх

Radiomarsho.com 

1918-чу шарахь, шен массо а битам-хьаьркашца, Темир-Хан-Шурахь шахьар а йолуш, кхоллаелира йозуш йоцу Ламанхойн Республика. Амма нийсса шо даьлча юьйжира иза. Iедал шен караийцира "кIайчу боламан" баьччас Деникина. Ша даьккхинчу шера чохь кхузза хийцира Республико шен лидерш, ахчанца гIодийхира Азербайджане, майра дуьхьарлаьттира арахьара тIегIертачу бIонна.   Дагестанхо-историк Доного Хьажа-Мурд цецвуьйлу, стенна ца бира кавказхоша Ламанхойн Республикан деношкахь 100 шо дузарх ларам, бохуш ... Читать дальше...

ОПЕК юкъара йолуш ю Катар

Radiomarsho.com 

2019-чу шеран хьалхарчу баттахь мехкадаьтта доккхучу пачхьалкхийн вовшахтохараллана (ОПЕК) юкъара йолуш ю Катар.  Пачхьалкхан энергетикан министраллан керлачу урхалхочо ал-Кхааби СаIида бина хаам оршотдийнахь. Цо бахарехь, организацига хIинцале а Катаран планех хаам дIакхачийна. Уггар а коьртехь СаIуда-Iаьрбийчоь а йолуш, ОПЕК юкъа йогIу 15 пачхьалкх. Дахначу шарахь дуьйнна телхина йогIу Катаран а,  СаIуда-Iаьрбийчоьнан а юкъаметтигаш. Дохаца шен зIенаш дIахедийна Эр-Риядо.

Гагиев Асланан бехкхилар тIечIагIдина талламчаша

Radiomarsho.com 

Оьрсийчохь иттанашкахь зуламаш динчу гоьваьллачу криминалан авторитетна Гагиев Асланна бекх тIечIагIбина талламчаша. Австрино Оьрсийчу экстрадици йира Гагиевна пхи бутт хьалха. Иза бехкево зуламан юкъаралла кхолларна а, талорхойн кхо гIера вовшахтохарна а, бакъо йоцуш герз лелорна а. Шена дохку бехкаш тIе ца лоцу Гагиевс, яздо "Коммерсанто". Газетан хаамашца, цунна дуьхьал айдина гIуллакх 160 томах лаьтташ ду. Гуьржийчуьра схьавалар долчу Гагиевс шен криминалан карьера йолийна Къилба ХIирийчохь. Читать дальше...

Закъалтхой байина даIишхойн хьалханча вийна Шемахь

Radiomarsho.com 

Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн Коалицин куьйгаллийца кIирандийнахь кеманашца динчу тохаршкахь вийна Шемарчу "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобан цхьахволу лидер. Reuters агенталло бо и хаам, Вашингтонерчу администрацин векалан информацина тIе а тевжаш. Цо бахарехь, вийнарг ву Ал-Iумарайн Абу. Шайлахь Iамеркахо Кассиг Питер а волуш, байинчу закъалтхойх жоьпалла цунна тIехь дара. ТIаьххьарчу кхаа шерачохь даIишхойн карара яьлла цара дIалаьцна лаьттина территори. Ишта схьаяьккхина цаьргара Шеман Ракка а, Иракъан Мосул а. Читать дальше...

Псковра десантхошна Нохчийчохь тIелетта ву аьлла, ши вахархо кхеле валийна

Radiomarsho.com 

2000-чу шарахь Нохчийчохь Псковн десантхошна тIелатар дина аьлла, лаьцначу Донашев ИбрехIимна а, Дудиев Нажмуддина а бехкаш тIечIагIдина аьлла, хаамбо Талламан комитетехь. Байначу беттан 29-чохь Дудиев а, Донашев а чохь вуьтуш, кхело сацам тIеэцна. Талораш лелор а, зуламечу тобанехь дакъалацар а, эскархошна тIелатар дар а бухе а дуьллуш, жоьпалле озийна 41 шо долу Донашев ИбрехIим а, 43 шо долу Дудиев Нажмудди а, хаамбо "Кавказан узел" агенталло, Талламан комитетерчу хьостанна тIе а тевжаш. Цхьадолчу декъанна бехк тIеэцна цара аьлла талламчаша.

Кадыров: Порошенкос даймахках баьхна украинхой

Radiomarsho.com 

Украинан президенто Порошенко Петрос шайн пачхьалкхе бакха дихкина Оьрсийчуьрчу 16 шарера 60 шаре кхаччалц болчу божаршна. Цуьнан сацамах комментари йитина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. "Украинхой даймахкахь баьхна Порошенко Петрос. Оьрсийчуьрчу боьршачу нахана доза дIакъовларца оьрсашна а, пачхьалкхерчу кхечу къаьмнашна а ша тохар до моьттура цунна. Ма-дарра аьлча, исторехь буьйцучу диктаторшна коьрте ца деанарг ду цо динарг. Официалан терахьашца, ши миллион сов украинхо ву тахана Оьрсийчохь вехаш. Читать дальше...

Уггар лахара алапаш оьцу Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан мехкашкахь лакхара а, лахара а алапаш оьцучу регионийн рейтинг зорбане яьккхина "Рейтинг" агенталло. Церан зерашца, хIора Оьрсийчуьра пхоьалгIачу вахархочо 15 эзар сом алапа оьцу баттахь. 4, 5 процент гергга вахархочунна хIора баттахь 100 эзар сов алапа догIу. Ямало-Ненецк а, Чукотка а ю белхан алапаш лакхара хиларца тептаран хьалхарчу могIарехь. Къилбаседа Кавказан республикаш лахарчу тIегIанехь ю. Баттахь 100 эзар сом, уггар лахара 15 эзар сом алапа оьцу белхалой беха мехкаш ду гайтаме эцнарш. Читать дальше...

Спорт в России и мире
Москва

Баскетболист ЦСКА Хэнлан назвал Москву лучшим местом для жизни


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
WTA

Мария стала соперницей Азаренко на турнире WTA в Мадриде


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

В Кабардино-Балкарии стартует крупнейшая экологическая акция «Вода России»





Путин в России и мире
Москва

Владимир Путин поздравил ветеранов с 50-летием начала строительства Байкало-Амурской магистрали


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Лукашенко ограничил выплату дивидендов гражданам недружественных стран




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Ru24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире
Киев

Зеленскому предложили не ограничиваться Бандерой и захоронить на капище под Киевом молекулы Гитлера


Навальный в России и мире
Москва

В РПЦ отказались называть причины запрета в служении иерея Сафронова, отпевавшего Навального



Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Вячеслав Бутусов

Вячеслав Бутусов и Юлия Пересильд выступят фестивале «Дикая Мята» с 14 по 16 июня



Москва

Песков: РФ работает с Турцией по вопросу недопуска туристов на рейсы в Мексику

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net